Сочинение дахаран некъ

     Научно
– практическая конференция
 «Шаг
в будущее-2017»

                

Айдамиров Абузаран 
кхоллараллин лехамаш а, 
кхиамаш а.

Докладчик: 
ученица 8 «В» класса  СОШ №42 г.Грозный

                                 Берсанукаева
Раяна Висамбиевна

                    Научный  руководитель:
 
Илясова Зина  Хамидовна

(преподаватель
чеченского языка и литературы, высшее, 40 лет, высшая)

Грозный
— 2017
г.

            Чулацам
  

       Д1адолор…………………………………………………аг1о
3

       Дахар а,
кхолларалла а…………………………………аг1о 5

       «Еха
буьйсанаш»…………………………………………аг1о 11

      «Лаьмнашкахь
ткъес»………………………………….аг1о 16

     
«Дарц»…………………………………………….………аг1о 17

      «Сан дахаран некъ»……………………………..….….аг1о
21

      Музейх
дош………………………………………………аг1о 22

      «Вина
мохк»……………..………………………………аг1о 26

     
«Гуьйре»………………………………………….………аг1о 28

     «Ненан
мотт»……………………………………..………аг1о 29

     
Д1адерзор………………………………………..……….аг1о 30

      Пайдаэцна
литература

      Приложенеш

             
              Д1адолор

                                              
           Лаьар-кха сайн оьмар жимма яхлойла,

                                              
           Хьомечу халкъана, махкана ваца.

                                             
            Цаьршиннан ирс кхуллуш доггах къахега,

                                            
            Т1аьххьара ц1ийн т1адам царна  д1алойла…

           Х1ора а къоман
литературехь тайп-тайпанчу бахьанашца х1ара я важа жанраш къаьсттина
билгалйовлуш заманаш  хуьлу. Д1адаханчу б1ешеран 60-70 г1ий шерашкахь нохчийн
литературехь иштта жанр хилира историн роман. Кхойтта шарахь хийрачу махкахь
мух1ажарш хилла даймахка юхабирзина нохчийн керла дахар д1адолош бара. Царна
х1инца ч1ог1а лаьара шайн истории хаа, цуьнан уггаре бохаме хилла аг1онаш йовза.
Цундела тамашийна х1ума дацара баккхийчийн чкъурах болчу яздархоша историн
романа т1е тидам берзор. Арсанов Саь1ид –Бейс  «Маца девза доттаг1алла»
романехь теллира 19-г1а б1ешеран юьххье кхаччалц хила  долу нохчийн халкъан
дахар, амма роман чекхъяккхаза йисира. Ошаев Халида шен «Алун шераш» трилогехь
гайтира     19-г1а б1ешеран 40-г1а шерашкара дуьйна -20-г1а б1ешерашкара 
граждански т1ом чекхбаларе кхаччалц д1абахна хиламаш.  Мамакаев  Мохьмада шен 
«Зеламха», «Революцин мурд» романашкахь кхоьллира 20-г1а б1ешеран юьххьехь
нохчийн халкъан дахаран сурт шина турпалхочун васташ т1ехь –цхьа лелачу обарган
Зеламхин а, нохчийн халкъан  революционни къийсаман куьйгалхочун Шерипов
Асланбекан а. Ц1ераш яьхна и ерриге  произведенеш, шеко йоццуш, исбаьхьаллин
кхиам бара оцу шерийн

       Айдамиров Абузар
нохчийн яздархойн керлачу чкъуран векал вара, цуьнан бералла дерриге халкъаца
махках ваккхарна кхоьлина дара, цунна хьалха х1ора денна х1уьттура, шен  халкъан
а бехках лаьцна   хаттар–стенна, х1ун бахьана долуш махках къастийна ша?
Нохчийн  халкъах, шаьш 1амийначу ненан маттах, шайна ца хуучу шайн историх, ца
евзачу культурах хьакхалуш мел дерг ч1ог1а дагах кхеташ т1екхиъна чкъор дара и.
Оцу дерригено а балийра вайн литературе д1адаханчу б1ешеран 50-60 шерашкахь
Айдамиров Абузар а, иштта Арсанукаев Шайхи, Хасбулатов Ямлихан, Окуев Шима,
Сатуев Хьусейн, Кибиев Мусбек, кхин  дуккха а .

     
Х1окху Дуьненахь адамийн тобанан, кхетамца, цхьана  маттаца, дуьнене 
хьежамашца  кхиъначу халкъан я къоман шена юкъахь ц1е йоккхуш къаставой, оцу
къоман дика-вон шен сица кхобуш, дагца къуьйлуш,эхь-бехкан, доьналлин, собаран
а, масал хуьлий лаьтташ стаг-къонах хуьлу. И стаг-къонах, шегахь къоман эс
лардийриг, эхь-бехкан хехо, замано ха харцарх шен юьхьан чкъор, амал, дог-ойла
ца хуьйцуш лаьтта, наж-дитт санна лаьмнашкахь, мацах-цкъа  дайша йоьг1на б1ов
санна. Цуьнан дахаран некъех а, цуьнан дашах а хан-зама яларца къилба хуьлу,
адамаллин, къинхетаман, доттаг1аллин, стогаллин, собаран гечонах тиллачунна
нисвала г1о деш… Массо  а къаьмнийн бу яздархой-хьехамчаш, къонахий, къаной,
дешан ох1ланаш, са ц1ена нах.  Церан ницкъ кхочу шен къоман лазамах кхечу
къаьмнийн дог лазийта, диканах кхин къаьмнаш  даккхийдейта.

Дахар а, кхолларалла а.

23966177_chechnya_zhilische_chechni.jpg    
   Нажин-Юьртан  к1оштара Меската юьртахь  дуьнен  чу ваьлла  Айдамиров 
Абузар  1933-г1а шарахь (т1аьххьарчу хенахь карийна йозанаш бахьанехь, 1929 шо
лоруш а ду и). Шен юьртахь юьхьанцара школа чекхъяккха бен ца ларийра иза.

       Цуьнан  бералла 
хедира 1944-чу шарахь, оцу шийлачу, бохамечу февралан      23-г1а дийнахь, дерриге 
халкъаца  цхьаьна генарчу Казахстане вуьгучу новкъа ваьлча, бехке а воцуш,
амма  Даймехкан  ямартхочун, халкъан мостаг1чун  ц1е а т1ехь. Шен Даймахках нуьцкъах
къастийначу Айдамиров Абузаран-хинволчу поэтан, прозаикан, публицистан
–кхоллараллин боккха т1е1аткъам бинарг дара  иза ша теш хилла волу 30-г1а
шерашкахь советийн 1едало халкъана ницкъаш бар  а, 1944 шарахь  нохчийн къам
махках даккхар а.

      
Цуьнан г1орасизчу белшашна т1е дуьйжира халонийн дукъ, уьш цо къонахаллица,
къар ца луш иэшайора, болх беш, деша а доьшуш . Аренаш лелархойн бригадин
учётчикан, школан библиотекаран белхаш  бира цо. Даймахка юха ц1аверзаро
новкъарло йира Пишкекера юьртбахаман техникум чекхъяккха, х1етахь цигахь доьшуш
вара, иза амма бухгалтеран корматалла цуьнан синлехамашца цхьаьна ца йог1ура.
Циггахь, Юккъерчу Азин йистйоцчу г1амаршлахь, къомо ловш йолу харцо гуш, 1едало
маттаца цхьаъ а дуьйцуш, даррехь лело къизаллаш гуш, церан бахьанийн дуьхье
кхиа г1ерташ, кхоллало хинволчу яздархочун дахаре а, дуьнене а болу хьежамаш.                

         Уьш д1агайта, бовзийта
болу лаам хилла Айдамиров Абузаран дахарехь коьрта 1алашо.

         1957-г1а шеран
1-ра сентябрехь дуьйна шен  биографехь керла аг1о схьайиллира Айдамировс
Мескатара школе хьехархочун  балха вахарца. 1958-63-г1ачу шерашкахь хьехархойн
историко-филологин  факультетан заочни  декъехь  доьшу цо. Дукха хан ялале
школан директор х1оттаво иза. Хийла шераш д1адоьлху цо хьехархочун, яздархочун
хала къинхьегам цхьаьна  д1ахьош. 1едалан  т1ег1анехь д1а  ца кхайкхинехь а,
бакъволу халкъан яздархо, халкъан хьехархо вара иза.

                                                                                                                
Айдамиров Абузаран кхоллараллин некъ  д1аболабелира 1956 шарахь, цо Алма-Атахь
зорба тухучу «Къинхьегаман байракх» газете  шен  дуьххьарлера произведенеш
д1аелча дуьйна. Х1етахь оцу газетехь цхьаьнакхеташ бара репрессийн  шерашкахь
х1аллакьхиларх Делан цхьа къинхетам хиларна дийна бисина баккхийчийн  чкъурах
яздархой. Уьш сталински лагерийн жоьжахатих чекхбевлла бара. Ошаев Халид,
Мамакаев Мохьмаддий, 1аьрбий, Арсанов Саь1иид-Бей. Цига боьлхура  керлачу
чкъуран векалш а, царах вара Айдамиров Абузар а.

     Цуьнан 
дуьххьарлера  стихотворенешший, дийцаршший шайн  чулацамца, кепаца оцу заманан 
яздархойчарех  к1езиг  къаьсташ яра.  «Кехат» ц1е йолчу дийцарехь къоначу шина 
адаман  васташ  кхоьллира Айдамировс . Солтин а, Дадашан а хиндолчу ирсана 
новкъарло йира  дуьххьара т1амо, т1аккха-махках  дахаро а. Оцу шерийн стихотворенешкахь,
Кавказера репрессеш  йинчу кхечу  халкъийн яздархойн санна, коьрта тема  Даймахке
безам бара.  «Вина  мохк» стихотворенин турпалхо автор ша ву, еххачу ханна
Даймахках къаьстина, юха ц1авирзина.  Цуьнан воккхаверан синхаамаш  мича
бахьанина кхоллабелла бу кхетара массо а ешархо .лирически турпалхочо, ша стенна,
мича бахьанина къастийнера Нохчийчоьнах нийсса схьа ца алахь а .

      

                                                  
Бераллехь со хьоьха

                                                  
Къаьстинчу хенахь

Суо жима бер  долуш

                                                 
Ас ма -биттара ,

                                                 
Карий хьо ас дагахь

                                                 
Латтийнчу суьртахь,

                                                 
Сих- сиха г1енаха

                                                 
Суна ма-гарра

                                                 
Ахь со т1еийцира,

                                                 
Нанас бер санна

                                                 
Хьаьстина хийла

Хьан лаьмнаш, аренаш,

                                               
Баьццара хьаннаш

                                               
Ас дагчохь ларйира

                                               
Массанхьа сайца…

                                               
Беза хьо, Нана-мохк-

                                               
Дай баьхна латта.

                                               
Хьоьца ду сан ирс  а,

                                               
Ас мел ен ойла …

                                               
Хьан дуьхьа къахьега,

                                               
1ожалла  т1еэца

                                               
Ца луун долу к1ант

                                               
Дена ма  войла!

             Цо х1етахь 
язйинчу лирикин  байтийн дешнаш  т1ехь иллеш а, эшарш а кхоьллира  («Хьоьга»,
«Хьоьца  ирсе хила лууш, элира»,  кхиерш  а).
  

    60-г1а  шераш  кхиаме
хилира Айдамировна. Т1аьххьий, хьалхий араюьйлу цуьнан  киншкаш : «Ненан дог»
(1961), «Винчу ломахь»(1962), «Лаьмнашкахь серло» (1963), «Генарсолтин
хьуьнарш» (1965), «Тхан юьртахь» (1966), «Маршонан ц1арах» (1968).

             
Цуьнан кхолларалла шуьйра  йовза йолало  ешархошна.

Безаман
лирикехь цо хьоьху г1иллакх –оьздангалла, дегнийн ц1еналла, махкана а, халкъана
а хьанал хилар. «К1ант веллачу дийнахь», «Жерочун дийцар»  произведенешкахь
нохчийн 1ер-дахаран, ламастийн баххаш шайн ч1аг1аллех дохадоьлла хилар гайтина
автора дика а, вон дерзоран шира, оьзда г1иллакхаш вайн дахарера гуттаренна а
д1адовларна кхеравеллачу стеган орцане мохь хеза оцу шина а дийцарехь.

 
   Амма и произведенеш яцара Айдамировн кхолларалла дийнна халкъе 
къобалъяйтинарг. Уьш историн  проза яра. Дуьххьара историн темина т1е тидам
бахийтира цо 1963-г1а шарахь «Лаьмнашкахь серло» гуларна юкъаяханчу «Маршонан
ц1арах» повестехь. Яздархочо цул т1аьхьа язйийр йолчу историн произведенийн бух
бара и. Россин империн олаллина дуьхьал халкъаша д1абаьхьна шайн парг1атонехьа
болу къийсам гойтура автора.

Повестан
турпалхо 1ела –Кавказан  т1еман, иштта 1877-1878 шерашкара 1аьлбаг-Хьаьжа
коьртехь  волуш маршонехьа ламанхоша бинчу г1аттаман а декъашхо, Сибрехахь ткъе
пхи  шо  даьккхина, винчу юьрта юхавоьрзу. Къийсаман новкъа бовла луурш 1елина
гонаха цхьаьнакхета, церан хьехамча, Кавказерчу революцин боламан  туьшашца з1е
латтошверг а хуьлу цунах.   

1905-1907
шерийн хьалхара революцин т1емашкахь кхелха 1ела. Цу кеппара, шовзткъе итт
шеран муьрехь  Нохчийчохь а, Россехь а д1абахна коьрта хиламаш гайта г1оьртина
яздархо, амма цуьнан аьтто ца белира жимачу  повестехь и  беха, боккха  мур
гайта. И цо  кхочушдан  долийра  1968 шарахь  изза  повестехь шоръярна т1ера. И
повесть ешархошна йовза  а евзира.

   
     Шен кхоллараллин юьххьехь дуьйна Абузара нохчийн халкъан д1адахначу дахаран
тидам к1орггера гуш дара, цо шен муьлххачу а произведенехь карара  я хиндолу
дахар историца дустуш хиларца. Иза беккъа цхьа хиламаш бийцина ца 1аьш, церан
бух мичахь бу, х1ун з1е ю церан халкъан дахарца бохург талла г1ертара.

            
Цул т1аьхьа т1евирзира Айдамиров Абузар шен  трилогина. Ткъе итт шарахь  сов
болх бира цо цунна. Оцу трилогина  юкъаяхна «Еха буьйсанаш» (1972),
«Лаьмнашкахь ткъес» (1989), «Дарц» (1999) романаш. Нохчийн литературин 
исторехь ешархошна юкъахь «Еха  буьйсанаш» роман санна боккха кхиам хилла бац 
цхьана а  произведенин.

        « Еха  буьйсанаш»  роман 
екъало кхаа декъе. Хьалхарчу  «Дагийна латта» ц1е йолчу декъехь  дуьйцу Къилбаседа
Кавказан  ламанхоша къоман  парг1атонехьа латтийначу, антиколониальни 
къийсамах. Яздархочо бовзуьйту  вайна  Нохчийчохь  иттанаш  шерашкахь  лаьттина
къийсам, нохчийн  халкъан  иэшамех, бохамех  дуьззина хилла  дахар. Оцу 
буьрсачу, т1ом угар марсабаьллачу хенахь  хилла  т1еман-политически,
социально-экономически  г1уллакхаш  автора  ша  дийцарца  девза  вайна, я
турпалхойн  кхетам бовзийтарца  довзуьйту. Т1еман  буьрсачу шерашкахь, 1810-г1а
шераш  дуьйладелча, нохчийн  халкъан  дахарехь  хиллачу  хийцамаша сихдира  цунна 
юкъахь  социальни а, классови а къестамаш  кхоллабалар, г1о  дира  цунна 
хуьлуш  долчу  политически  г1уллакхан  хьесап  дан  хаар  к1аргдаларна.  Халкъана
юккъехь кхиира идейни баьччанаш, амма цаьрца цхьаьна кхуьуш йог1ура халкъан
буржуази а. Т1аьххьарчара халкъан хьашташ, цуьнан карара хьовха, т1аьхьа
т1ехиндолу хьал-дахар паччахьан администрацина латтанех, детех, чинех духкура. Шен
хьадалчашна д1асадекъа иза шортта хилийтархьама, цу т1ехь дехаш долу халкъ цхьанхьа
нацкъара татта дезара.

    И тайпа некъ  х1ирин 
инарла-майоран  Кундухов  Мусина  дагабеара, шеггара (шена  хуьлучу  пайденна)
къайлах  барт  бира  цо Хункар  паччахьан  векалца  Россехара  нохчийн  пхи 
эзар  доьзал  цига д1акхалхо. И исторически  бакъдерг  ду  романан  сюжетан 
бух  х1оттийнарг .

           Дукха  ю 
яздархочо кху  т1ехь  х1иттош йолу проблемаш. Кхузахь ю эпохин  социальни 
къийсамашца  кхоьллина  халкъан  дахаран  трагедин проблема: кхузахь  ю безаман 
а, къинхьегаман  а  проблема: муьридизман, цуьнан  идейни концепцин проблема,
«дай», «бераш»  халкъо  маршонехьа  латточу  къийсамах  тайп-тайпана кхетар,
т1аьххьара а –обаргалла, цуьнан  чулацам, оьрсийн  ахархойн  кхоллам а и
д1.кх.  Уьш х1итторца гучудолу вайна халкъан декъаза кхоллам оцу халкъан юкъара,
цунна ямарт хиларца, хьоладайн сослови а хилла д1ах1иттинчу чкъоро беш хилар. Исторически 
бакъдолчунна  т1ете1арца  яздархочо  типически  васташца  гойту  вайна  оцу 
сословино  дахарехь  лехна  некъаш, церан  мораль а.

    
Романан турпалхошна  юкъахь  халкъехь  лаьттийнчу  къизаллица  г1араваьлла ву
1ийса. Цо дукхаза  дакъалаьцна, куьйгалла а дина  масийтта  экспедицина. Цо луьра 
та1зар  дора   г1аттамашна, ойла ца еш, шен  1алашонна  т1евоьдура.

     
Цуьнан к1ентий  Дакаш, Саьмби, Ловдий, изий  къийсаман  тайп-тайпанчу 
аг1онашкахь  нисвелла. 1исин  к1ентий –къинхьегаман  халкъан  хьашташ
кхочушдархьама  бала  а  кийча бу.

  
1исин, цуьнан  к1ентийн вастийн  масалшца яздархочо  говза  хоуьйту вайна оцу 
хенахь  Нохчийн лаьмнашкахь т1еман  1алашонех, цуьнан  некъех  лаьцна 
тайп-тайпана  кхетамаш   хилла  хилар а, ткъа  оцу  кхетамийн  тоьлашха  йолчу 
ойланаша халкъан  къийсамна  атта, дика  а  некъаш  лехна хилар а.  

    «Еха буьйсанаш»  романехь  Нохчийчохь  хилла 
дахар  гайтина  ца 1а  яздархо.   Салтичун Василин, эпсаран Косалаповн 
типически васташ дахкарца  оьрсийн ахархойн Россин геннарчу губернашкахь хилла
дахар а, прогрессивни кхетам болуш хиллачу эпсарийн  идейни т1етовжамаш гайтина
Абузара. Яздархочо  ца  хьахош  ца  юьту  динан  идеологин  проблема а. Шайн  парг1атонехьа 
г1евттина  адамаш, коьрта  долчунна, вовшахтохаран  ницкъ  бина 
д1ах1оьттинера  халкъан  коьртехь  лаьттинчу  цхьаццаболчу  баьччанаша  дино  нахана 
беш  болу  т1е1аткъам.

   
 Керлачу, къоначу  баьччийн  чкъор  кхуьура цу  хенахь, царна  лаьара  халкъан 
боламна   керла  идейни  бух  кхолла. Эскаршкахь
  низам 
латторхьама 
царна 
бег1ийла 
карийнарг 
шари1ат
дара.
Романан 
турпалхой 
Берсий,
Аьрзой,
Маккхал
уьш  бу 
оцу 
куьйгалхойн 
векалш
Уьш 
къинхьегаман 
халкъан 
к1оргенера 
схьабевлла 
бу.
Цара 
ч1аг1о 
йинера 
халкъан 
хьашташ 
кхочушдеш 
шайн 
синош 
д1адала.

   
Нохчийн
халкъо
шен
маршонехьа
къийсам
гайтарца
цхьаьна 
Айдамировс
довзуьйтура
вайн
г1иллакхаш,
ламасташ,
синъоьздангаллин
мехаллаш,
маьршачу
син
уггар
лекха 
лакхенаш.
Цуьнан
ницкъ
кхаьчна,
нохчийн
халкъо 
сийлахь
мел
лерина
долу
г1иллакхаш
амалш
собар,
майралла,
доьналла,
оьздангалла,
къинхетамалла

оцу 
цхьана
турпалхочуьнгахь
дуьззина
гайта.
Масала,
мацах
шена
езна,
ткъа
х1инца
кхечуьн
долахь
зуда
йолчу
Эсетца
ларамаза 
цхьаьнакхета
Аьрзу 
хьуьнах.

 
«-
Цхьанна кхузахь
вайша 
гича,
муха
хир
ду
те,
Эсет?-хаьттира
Аьрзус,
воьхна
д1аса
а
хьаьжна.
Цкъа
а
кхерам 
х1ун
ю
ца
хиъна,
майрачу
т1емалочун
дахчаделла
дог,
тахана
оцу
зудчуьнца
 
цхьа висча,
к1илло
хила
тохаделира
…», —
боху яздархочо.
Муьлхха
а
оьзда 
нохчи
санна,
Аьрзу
кхоьрург
ду
ша
санна
волчу 
къонахчунна
(
Эсетан майрачунна
)
ша бахьанехь
даг
чу
шеко,
вас
кхоллаялар.
Шен
дег1ан
лаамийн 
а,
синхаамийн
а
лай
воцуш,
эла
ша
хилар
гойту
цо
кхузахь.

  
«
Еха  буьйсанаш» 
роман 
халкъан 
д1аяханчу
 
исторехь  хилла
кхоллам
вуно 
дика 
гойтуш
ю.
Т1аьххьарчу
шерийн 
хиламаш 
т1екхачалц
цунна
т1еберзийна 
тидам 
лах
а
ца
белира.
Х1ун 
бахьана 
дара
романаш
оццул
боккха 
кхиам 
хиларан?

    
Шеко 
йоццуш,
царах
уггаре 
коьртачех
цхьа
бахьана
ду:
Айдамиров
Абузара 
шен 
романехь 
халкъан 
исторера
шуьйрра 
мур
чулацар,
х1инццалц 
шайх
лаьцна 
ца 
яздина
хиламаш 
цо 
бийцар 
а.
Кавказан
т1ом 
цо
гайтина
керлачу
 
кепара, цуьнан 
дакъалацархойн 
дагалецамашкахула.
Ламанхой
боккхачу барамехь  1865-г1а  шарахь  Турце  д1акхалхаран  тема а нохчийн
литературехь  х1етталц  хьа ца  еш лаьтташ яра,  ала мегар  ду. 

   
Айдамировл хьалха а, цул  т1аьхьа  а  мух1ажарийн  темина  т1е  тидам  бахийтинера
Кавказерчу  яздархоша, масала, Кануков  Иналан «Ламанхой-мух1ажарш»  очерк, Базоркин 
Идрисан  «Б1ешерийн  боданашкара», Шинкуба Багратан «Д1абаханчех т1аьххьарниг» романаш,
Лохвицкий Михаилан «Ткъесан г1уг1» повесть, кхиершший. Нохчийн  литературера 
алаза дерг  д1адаьккхира Айдамиров  Абузара  шен  романца, и  бахьанехь 
хилира  цуьнан  кхиам а .

      Лакхахь билгал  ма-даккхара,
«Маршонан ц1арах»  повестан буха  т1ехь  кхоллаелла  Айдамировн   кхуьй а 
роман.

       «Еха буьйсанаш» 
романера  коьрта  хиламаш д1адаханчу б1ешеран 60-г1а  шерашкахь  д1абоьлху.
Советийн пропагандой, юкъарчу культурой, «вайша  муьлххачу шарахь  дуьнен  т1е 
ваьлла  велахь а, вайшиъ  вуьрх1итталг1а  шарахь  вина ву»  боху ойла  яйта 
хьийзошшехь, ешархо кхетара  шен  халкъан истории цигара схьайолалуш  цахиларх,
цуьнан орамаш кхид1а а к1оргене  д1адахана  дуйла, шен  къеггина  аг1онаш,
къонахий болуш  хиллийла а. И  маь1на  дара  романан, т1еэцар  а  хилира, исбаьхьаллин 
произведени  санна  хилла  ца 1аш, историн  документ  санна.

       «Цхьанаметта 
латтаран» аьлла  билгалдаьхначу шерашкахь  «Еха буьйсанаш»  роман  зорбатоха 
аьтто  хилира  меттигера  идеологаш  оцу  романан  дуьззинчу  маь1нах  ца 
кхетарна. Цул  т1аьхьа г1еххьа хан яьлча,

70-80-г1а шерашкахь,
цхьаболу  1илманчаш, партин  т1едиллар  кхочушдеш, историга жигараллица 
юхахьовса, и талла  боьлча, романна  1аламат дукха  критика  ян  буьйлира,
баккъал  аьлча, иза ешар, йийцар дехкар дара и. «Иштта, масала, 1983-г1а шарахь
яздархочун 50 шо кхачар билгалдоккхочу  хенахь, даздаран вовшахтохар  д1ахьош, оцу
романан  ц1е  яккха а магош  дацара –иштта  аьлла  директива  яра т1еэцна, и
кхочушъярна т1ехь  б1аьрг  сирла  терго  а яра  латтош. Амма оцо  ешархойн 
тидам  лах-м  муххале  ца  бора  и роман  еша  лаам  кхоллар бен. «Еха
буьйсанаш»  романа  «реабилитаци»  яр  перестройкин  шерашкахь бен, 1990-г1а
шарахь, ца хилира, х1етахь Айдамиров  Абузар СССР-н  Лаккхарчу Советан 
депутат  вара. Роман  юха а арахийцира, ткъа  цул  т1аьхьа, 1992-г1а шарахь,
эххар, иза араелира оьрсийн  маттахь а.

 Кхин а бохаме  хилира 
трилогин  «Лаьмнашкахь  ткъес» ц1е  йолчу  шолг1ачу  киншкин  кхоллам а.
1аьлбаг-Хьаьжа  коьртехь  волуш  хиллачу г1аттаман  б1е  шо  кхочуш, 1977-г1а
шарахь, цу т1ехь беш  болу болх  чекхбаьккхира автора, амма  и  арахецар  ца 
хилира  цул  т1аьхьа  шийтта  шо  даьлчий бен. 

        
Зорбатоьхна а  йоццушехь, цу  романа, партийн куьйгаллин  т1едилларца,
дуккхказза  реценцеш  язйина  яра, цуьнан  герггарчу хьесапехь  гочдар  а
динера, республикера  партин баьччанашка ешийтархьама. 1983-г1а шарахь,
яздархочун юбилейна  лерина зорбане кечйина и  саца а йина, «Ненан дог»  ц1е 
йолу киншка арахийцира. Цу юкъаяхийтина стихаш, вайзаманах лаьцна  дийцаршший,
повесттий идеологина кхераме  йоцурш  яра.»-боху вевзаш волчу яздархочо
Минкаилов Эльбруса шен цхьана статьяхь.

 «Лаьмнашкахь
ткъес»  роман  «Еха  буьйсанаш»  романан  темица  йоьзна ю, трилогин 
хьалхарчу  декъехь  болу  турпалхой  а  балийна  цунна  юкъа, иштта  1аьлбаг а.
Керлачу  романехь яздархочун  коьрта  тидам  т1ебахна  1877-1878  шерийн 
хиламашна, Росси, Турцица т1ом  бахьанехь, шен  коьрта  ницкъаш  цига 
д1аоьзна  йоллуш, ламанхоша  г1аттам  бинера, и къиза  хьаша  а хьаьшира.
1аьлбиггий, уьнан  гергара  б1аьхаллин  накъостий а  ирхъоьхкира, декъашхойх 
б1еннаш  набахтешкий, сибреха  д1ахьовсийра. 1877-1878 шерийн  г1аттам
ламанхойн  т1аьххьарлера  болам  бара.

Цул
т1аьхьа дог1учу  шерашкахь Кавказехь  шуьйра  д1асабаьржира  обаргийн болам.
Нохчийн  иллийн  гочдаршна  ша  язйинчу  дешхьалхехь  Шерипов  Асланбека 
билгал  ма-даккхара, «1едало  бахархошна т1ехь та1зар латтадора, ткъа 
обаргаша  та1зар латтадора 1едална  т1ехь».

        Амма обаргех 
уггаре  вевзаш, г1араваьлла  векал  харачойн  Зеламха вара, итт шарахь  сов, 
1913-г1а  шарахь ша  валлалц, областан  куьйгаллина  кхерам латтийна волу.

           19-г1а  б1ешеран 
чаккхенехь, 20-г1ачун юьххьехь  а хилла  социальни-экономикин, политикин  хьал,
оьрсийн  хьалхара  революцин хиламаш, и эшначул т1аьхьа  х1оьттина  реакционни 
хьал  а  гойту 1999-г1а шарахь  араяьллачу «Дарц» романехь. Романан коьрта
турпалхочун  Харачойн Зеламхин васт, х1инццалц кхечу яздархоша санна, и
дуьненна г1араваьлла обарг веккъа, ц1ена майра, т1ахъаьлла, къармаза бекхамо
хилла хилар т1еч1аг1дина ца 1аьш  кхузахь а цуьнан  чоьхьара дуьне –психологи
гайта таро, ницкъ кхаьчна  авторан. Зеламха, халкъан орцанхо, г1ийлачийн, мискачийн
накъост хила ца 1а романехь. Иза а ду-кх, кхидолу адамаш сана, дала кхоьллина,
шен дика а, ледара аг1онаш  г1алаташ  долуш, адам. Дерриг а чолхе даьллачу заманан
хьийзарехь кхолламо декъаза кхаж баьккхина, шен оьмарехь синтемах, маршонах
дохийна лелош долу. Оцу романаца  чекхйолу  яздархочун  трилоги.

         

     70-90-г1ий  шерашкахь 
зорбанера  араевлла  Айдамиров  Абузаран  кхийолу  произведенеш  а билгалъяха 
еза – «Лаьмнийн некъашкахула» (1975), « Ирхеш» (1986), «Кхолламан цхьа де» 1993)
.      

          Яздархочун дийцаршкахь  коьрта  
тидам т1ебохуьйту  г1иллакх-оьздангаллин, синмехаллийн хаттаршна. Т1аьххьарчу 
шерашкахь  шен  кхоллараллехь  къоман  лехамийн  хаттаршна  жоьпаш  кароран 
1алашо  яра  оцу  дийцаршкахь  Айдамировс  гайта  йолийнарг. Ларамца  дуьйцу  
яздархочо  цунах  лаьцна, ешархошна  баккъалдерг  гайтина  ца 1аш, церан
бахьанийн дуьхе а кхио  г1ерта автор, чолхечу хьелашкара к1елхьардовла шена 
хеташ  долу  некъаш а  билгалдоху. Ерриге и ойланаш яздархочо охьаехкира
ешархочунна  «Вайн  амалш»  ц1е  йолчу  синъоьздангаллин-философин  балха 
т1ехь.

          Нохчийн  юьртан
дахар  гайтарна лерина йолу  «Ирхеш»  роман ешархоша т1еийцира яздархочо
1едалца  йолу шен  юкъаметтиг тоян  г1ортар санна. Айдамировн кхечу
произведенийн  турпалхошка  болу  безам  партин райкоман секретаре, массо  а 
аг1ор  дика гайтинчу турпалхочуьнга  Тумсоевга хиллане а  ца  хилира  церан.

      «Кхолламан  цхьа  де»  книшки  юкъа 
изза ц1е  йолу повесть а, иштта «Маршонан  к1ентий», «Калугера  йийсар» 
повесташ а  яхара. Хьалхарниг  1960-г1а  шарахь  язйина  яра, амма  и
зорбатохар ца хилира, нохчийн халкъ  махках дакхаран тема  йихкина  хиларна.
Киносценарин  кепара  х1оттийначу  шатайпанчу  композицино  аьтто  бо 
яздархочунна  дуккха  меттигаш, иттанаш  васташ кхолла, цу  кеппара, 1едало  ямартхой
леринчу  халкъан  дахар  шуьйрра  гайта. Авторо юха а дехарца кхайкхам бо халкъе,
шен иэс, культура, доьналла яхь ларъяхьара бохуш, уьш дицдинчу халкъан  хиндерг
цахилар юха а т1еч1аг1деш. Повесть  юьззина а бохаман пафосах, амма  цуьнца 
цхьаьна  дахарх, адмах  болчу  тешамах юьзна а ю. Адамийн  хила  йиш йоцчу 
хьелашкахь а  адам-адам  хилла дисарх лаьцна ю повесть.

Махках къастийна, цхьа а бакъо йоцуш, еш
терго, 1уналла деш г1о доцуш х1аллакьхилийта аьлла, Казахстанан, Сибрехан, Г1ирг1азойчоьнан
йистйоцчу, мецачу аренашка,х1у санна  д1асакхоьссина декъаза къам, дуьне я
эхарт –царах цхьа къастам бан безачу йисте кхаьчна, дукхахберш эхарте сатесна а
бу царах.Ткъа ишттачохь къонахий оьшу, халкъан  иэс, яхь, доьналла самадаккха. Айдамировн
х1окху повестехь царах ву лекха, вуткъа, хьаьрса воккха стаг. «…Ша х1етта
кхоьллинчу назманца воккха стага йийцира дайшна т1ех1иттина халонаш, ца бухуш
цара уьш эшор, Даймехкан, халкъан сий лардеш, маршонехьа къуьйсуш эгначу
б1еннаш халкъан турпалхойх дуьйцура.

           Цо ч1аг1дора нийсонал,
бакъонал харцо тола йиш ца хилар, шен махках халкъ къахко ницкъ ца хилар, кхойкхура
собаре хиларе …

Назма д1атийча, адам самаделира. Хезара
забарш, беларш…»

       Цул т1аьхьа воккхачу стага динчу
къамело кхин т1е а дегнашка тешам боссабо нехан. Нохчийн, оьздангаллах,
къонахаллах, г1иллакхах цадохар доьху цо цаьрга, т1аккха: «Цхьана эсарчу махо
д1аяьхьча санна, д1аелира нехан дегнаш т1ера г1айг1а.. Цхьак1еззиг ханна
осалдевлла церан дегнаш  юха а ч1аг1делира…»

            И  автора 
шен  дена лерина, шеко  йоццуш, автобиографин  кепехь  язйина а ю .  

    
 «Калугера йийсар» повестехь Айдамиров Абузара юха а ойбу историн тема.

Имам Шемалан дахаран т1аьххьарлера
шераш ду яздархочо цу т1ехь гойтурш.   Имам Шемалан психологически сурт
х1отторца, автора гайтина муьлхха а адаман (хуьлда иза мог1арера стаг я
халкъашлахь ц1е яьккхина турпалхо) чоьхьара дуьне мел чолхе а, 1отбаккхаме а
ду.  

       
Кхолламо уггар а лекхачу  сийлахьчу дарже вохуш, хьистина муьлхха а адам, дахаран
а кхолламан а къиза тохарш ловш тийна –тапъаьлла, шена Дала дела дукъ текхош
схьавог1ург а эххар цхьана йисте кхочуш хилар: дуьне, эхарт вовшахкъаьстачу
бухбоцчу 1инан йисте. Т1аккха волало х1ора а шен дахаран з1е листа, шен
толамийн а, иэшамийн а жам1аш дан.

      

       Шен  
дахарх, кхоллараллин  некъах  лаьцна  «Сан дахаран  некъ» ц1е  йолу 
дагалецамийн  книшка  язйира  цо, цуьнан  цхьадолу дакъош  зорбатуьйхира 
«Орга» журналан  аг1онаш  т1ехь (2003,№7). Дуккха а шерашкахь  къахьийгира 
Айдамиров Абузара « Нохч-Г1алг1айн историн  хронологи» х1оттош. Ширачу 
заманашкара  дуьйна  1917 шаре  кхаччалц  долчу  б1ешерашкахь  хилла  баккхий 
хиламаш  билгалбохуш  болчу  оцу  мехалчу  балхана  1991-ра  шарахь 
зорбатуьйхира.

      
Цу т1ехь  бина  болх, шен  талламаш кхин  т1е а  к1аргбира  авторо  оьрсийн 
маттахь  ялх  томехь  йолчу  шен  гуламехь (2004, 2005 шш.)
1илманчин-историкан  1аламат  боккха  къинхьегам, историн  1илма  кхиарна 
юкъадиллина доккха дакъа  ду и.

    
Айдамиров  Абузаран  произведенеш  гочйина оьрсийн, 1аьрбийн а, туркойн  а
меттанашка.

2005-г1а
шеран 27 майхь  кхелхира  Айдамиров  Абузар  (Дала  гечдойла  цунна). Нохчийн 
литературин  исторехь  дийнна  мур  бу  иза  ваьхнарг, чолхе а, 1отбаккхаме а
мур, дахаран  бакъдерг  идеологина  б1останехьа  долу  зама. 1едална  луъург 
ца  дина, халкъана  хьалха  шен  декхар хьанал  кхочушдинчех  цхьаъ  ву иза.

  2006-чу  шеран  ноябан 
2-чу  дийнахь  Мескитахь, нохчийн  халкъан  яздархо  Айдамиров  Абузар 
ваьхначу  ков-кертахь, схьайиллина яздархочун 

сийнна 
лерина  литературно-мемориальни музей.

      

     Тхо цу
музейхь хилира яханчу аьхка. Тхуна Абузар Айдамирах лаьцна дийцира цуьнан йо1а
яздархочо Айдамирова Машарс.

http://www.mkchr.com/LoadedImages/2008/12/15/Aid10_02.jpgЧ1ог1а
мехалла хета суна и музей схьаеллар, Абузар вайна  юкъахь  волуш  санна,
нохчийн  литературица  гергарло  мел долчун  х1ораннан  а таро  хир ю  Мескета,
Абузар  волчу вахан, цуьнан  дахаран  тоьшаллашкахула  яздархочун 
кхоллараллин  некъ  бовза, цуьнан  дахаран  масална  т1ехьа кхиа.

 

Уциев
Абус
дуьйцу
: «
Сихсиха
воьдийла
ца
нислахь
а,
х1ара
т1аьхьара 
т1ом 
балале
баттахь
цкъам
муххале
а
хуьлура
со
Абузар
волчохь..

     Маь1не
дара А. Айдамировс мел олу дош. Къонахчун яра багах йолу 1аь. Оьзда, барте дара
къамел. Жимчуьнца жима вара, воккхачуьнца — воккха. Евзара забар. Хьоьгара
девллачу г1алаташна гечдан а хаьара. Суна сайн да санна дукхавезара Абузар.
Цхьа вас, халахетар хилча, д1ахьодура Меската. Цунах дагаваьлча, байлуш хетара
муьлхха а бала. Иштта хетара сан накъосташна а…

Нийса
хир дацара Абузарах дуьйцучохь вай Мух1ажар йицйича. Махко шен тешам беллачу
къонахчун дийнна цхьа аг1о ма бара иза. Уггар хьалха и ма яра, хала-атта
киртигаш ца юьйцуш, шен чохь, шен х1усамехь веза эвлаяъ вина, шен майра
леринарг, бакъдуьнена д1а яххалц иза лийринарг. Т1аккха Абузар лерира шен
доьзало, шен лулахоша, шен юьртахоша, лерира йоллучу а Нохчийчоьно. Дера яцара
иза х1ара дуьне т1еделхарх юхур йолуш а, шен майра вухуьйтур волуш а. Иза
цуьнан собар дара, иза цуьнан йохьан г1ортор яра, иза цуьнан дахаран ирс а
дара.

    
Мух1ажар д1аяьлча, д1аелира Абузаран дуьненца йолу марзо а…

Д1авахча
бен ца кхийти Абузар сайна мел ч1ог1а хьашт хиллера. Мел ч1ог1а оьшура тахана а
цуьнан собарх, йохьах, юьхьах, доьналлех, хьекъалх болу кхетам.

   
Ша везначарна, ша вевзинчарна, шеца хьаьг1наш лелийначарна а вицлур вац нохчийн
къоман сийлахь к1ант Айдамиров Абузар.»

Беза хьо, Нана-мохк!
Дай баьхна латта.
Хьоьца ду сан ирс а, 
Ас мел ен ойла...
Хьан дуьхьа къахьега,
1ожал т1еэца
Ца луун долу к1ант 
 Дена ма войла!

                                                           

Бекалахь,  ненан мотт, тахна,
Дуьнене машаре кхойкхуш,
Лаьтта т1ехь къинхьегам, нийсо,
Вошалла, ирс, машар кхайкхош.

Бераллехь со хьоьха
Къаьстинчу хенахь,
Суо жима бер долуш
Ас ма-битарра,
Карий хьо ас дагахь
Латтийнчу суьртахь,
Сих-сиха г1енаха
Суна ма-гарра.

      Даймохк-нана… Мел 
дагна  хьоме  дешнаш ду уьш..  Генарчу  Г1ум-Азийн арахь ша даьккхинчу кхойтта
шарахь дайн лаьтте, хьомечу юьрте бераллин г1енашкахь а бен  ца бисначу
Даймахке  сатуьйсура к1анта. Вайна ма-хаара, цу хенахь даккхий зуламаш дира
къаьмнашна йоцу ц1ераш а тохкуш Пачхьалкхо. Ойла йича, кхин масалш ца далийча а
Пачхьалкхера йоккха ямартло ю, аьлла хета итт-цхьайтта  шо бен доцу к1ант
«Халкъан мостаг1», аьлла, ц1е а тиллина, махках  ваккхар. Цигахь даьккхинчу 13
шарахь  ша Даймахке сатийсарх лаьцна яздо автора «Вина мохк» ц1е йолчу
стихотворени
т1ехь.

Бераллехь со хьоьха

Къаьстинчу хенахь,

Суо жима бер долуш

Ас ма-битарра,

Карий хьо ас дагахь

Латтийнчу суьртеахь,

Сих-сиха г1енаха

Суна ма-гарра.

Ахь со т1еийцира,

Нанас берс санна,

Хьаьстина  хийла са

Тийсинарг хьайга.

Хьан лаьмнаш, аренаш,

Баьццара хьанннаш

Ас дагчохь ларйира

Массанхьа сайца.

    
Говза яздо Айдамировс вайн хазачу 1аламех  лаьцна, иштта цо гуьйренах лаьцна  
язйина йолу стихотворенин мог1анаш дагчохь  лаьтта  суна. Мел  исбаьхьчу
басаршца  дерриге а 1аламан сурт дуьхьалх1утту и мог1анаш дешча. Дог1анна
язъелла мархаш, къилбехьа йоьлху г1арг1улеш, и дерриге а х1инца гуш санна,
хета.

             
                               Аьхкено кхелина дитташ ,

                                           
Сийначу духарца дохуш,

     Мох хьоькху юткъа шок етташ:

-1аьнна аш кечам бе,-бохуш.

Дог1анна язъелла марханаш

Кхоьлинчу стигланца соьцу.

Дерзинчу дитта т1ехь хьарг1а

Сингаттам тийсарца ека.

Г1арг1улеш, вовшашка кхойкхуш,

Генарчу къилбехьа йоьлху.

Юкъ-юкъа лайн чимаш кхуьйсуш,

Х1аваэхь шийла дерз доьлху.

Амма яц кхераме шело,-

Юьратахой самукъне  хьийза:

Амбараш рицкъанах юьзна,

Х1усмашкахь даим ю б1аьсте.

      
   Абузар вийца а ца оьшуш, массарна вевзаш а,  везаш, яздархо а, поэт а ву.
Массо а классехь йоьшуш, 1амош, езаш а ю цуьнан произведенеш, байташ. Ч1ог1а
беркате 1аткъам бой, к1орггера ойла йойту цуьнан хазачу къамело, цо говза
вовшех дуьйцинчу дешнаша. Кхечу поэташна санна, цунна а говза дешнаш карийна
ненан маттах ала.

Ненан мотт.

Со вина Каваказан ломахь,

Къоьжачу баххьашна юххехь.

Аьрзонийн баннашна лулахь

Нанас со кхиийна берахь.

Цигахь со набарна товжош

Цо олу аганан илли

Декара, дог хьоьстуш, довха,

Сан ненан маттара илли.

Цу иллин дешнашца гора

Даймехкан исбаьхьа суьрташ,

Маршоне, Даймахке безам

Вайн дайша къийсамехь гайтар.

Бекалахь, ненан мотт, тахна

Дуьнене машаре кхойкхуш.

Лаьтта т1ехь къинхетам, нийсо,

 Вошалла,Ирс, Машар кхайкхош.

Со вина Каваказан ломахь, 
Къоьжачу баххьашна юххехь.
Аьрзонийн баннашна лулахь
Нанас со кхиийна берахь.

Цу иллин дешнашца гора
Даймехкан исбаьхьа суьрташ,
Маршоне, Даймахке безам
Вайн дайша къийсамехь гайтар.

Д1адерзор

 «Вайн амалш» ц1е йолчу шен публицистикин
книшкехь нохчийн халкъан яздархочо Айдамиров Абузара   иштта боху: «Стаг цомгуш
хилча, цкъа хьалха цуьнан цамгар а къастайой, оцу цамгаран бахьанаш а карадой, т1аккха
цунна дарбанаш леладо лоьраша.

   Х1окху т1аьххьарчу шерашкахь нохчийн
къомана т1ех1иттинчу бохамаша дуккха а ойланаш йойту нахе. Оцу бохамийн
хьостанаш, бахьанаш, бехкенаш а лоьху. Бехке до оьрсийн паччахьийн, коммунистийн
1едалш. Х1аъ, х1окху т1аьххьарчу кхаа б1е шарахь нохчийн къомана хиллачу
бохамашна бехке ду иза, важа а. Амма цаьрга и бохамаш шайна байта шегара дуккха
а бахьанаш, г1алаташ дийлийтина  нохчийн къомо, оцу бохамех лардала хьекъал  а,
кхетам а цахиларна. Керлачу бохамех, шен г1алатех нохчийн къам  лардалийта
1алашо йолуш язйина ас сайн исторически произведенеш.»

    
Оцу дешнаша буьззина гойту нохчийн тоьлла волчу къонахех, яздархойх цхьаъ
хиллачу Абузар Айдамировн  дахаран некъ а маь1на а. К1еззиг МУР бу заманна 75
шо бохург, амма оццул хан бен х1окху лаьтта яккха оьмар ца хиллачу Айдамировн
дахаран а, къинхъегаман а масал, нохчийн къам мел деха, цунна беркате, хьехаме
хила дуьсур ду. Хан-зама яларца т1е1аткам совболуш, цуьнан исбаьхьаллин дашо
вешан халкъан хиндолче д1абоьдучу новкъахь галморзахаллех, очакхех лардала
1амор ду цо вай.

А.
Айдамировн   произведенийн  мехалла  шерашца  лахлуш  яц, лахлур  йолуш  а яц,
вайна т1ехь  ду  т1екхуьу  чкъор  цуьнан  произведенийн  турпалохойн а, цуьнан 
шен  дахаран  а масална  т1ехь  кхетош-кхиор. Оцу  1алашоне  кхачарехь 
доккхачу  маь1на  дара  х1ара  музей  схьаеллар.

     
Музей схьаелларо  а, цигахь  динчу  къамелаша  а тешавора, шен   къоман 
лазамашца, цуьнан  дуьхьа  ваьхнарг  вовш  вац, иза  гуттаренна   а ваха 
вуьсу  къоман  иэсехь  бохург. Ишттачех  ву  Абузар.  Шен заманахь дерриг а нохчийн
халкъана ,иэсана боккха, беркате т1е1аткъам бина йолу йолу цуьнан произведенеш
х1окхул т1аьхьа а шен мехалла ца йовш ехар ю .

                  
Нохчийн  къам  мел  ду  ехар ю  цуьнан  ц1е а. 

Пайдаэцна литература

1)    «Халкъан
дош» №3-4;

2)    «Теркйист» 
№89-90;

3)    А.Алиев
«Къоман дозалла»;

4)    Туркоев
Х. «Абузарх дош»;

5)    Аргун
№4-5;

6)    Билтоев
А.  «Абузар дагалоцуш»;

7)    «Вайн
амалш» А.Айдамиров;

8)     Нохчийн
литература 5-11 класс;

9)    ЖЗЛ-н 
архив.

Приложенеш  

,

       

           

        

1алашонаш: Арсанукаев Шайхин дахаран, кхоллараллин некъ бовзийтар, лирически произведенина анализ ян хаар кхиор.

Хьехаран кепаш: хьехархочун дош, къастош ешар, поэтически текстан анализ яран кепаш.

Урок д1аяхьар


  1. Ц1ахь бина болх таллар.

  • Мила лара мегар ду литературин турпалхо?

  • Произведенехь муха вевза вайна турпалхо, муьлхачу билгалонашца?

  • Мил-милла а лара мегар дуй литературин турпалхо?

  • Символо х1ун г1уллакх кхочушдо произведенехь?

  • 1аламан сурт а, турпалхо а. Х1ун меттиг д1алоцу 1аламо турпалхочун амал йовзийтарехь?

  1. 1амат т1ера Арсанукаев Шайхих лаьцна йолу статья ешар.

Дешархоша шаьш Арсанукаев Шайхин дахарх, кхоллараллех лаьц­на кечбина хаамаш бовзуьйту.


  1. Хьехархочун дош.

Арсанукаев Шайхи нохчийн литературин истори юкъа вахна «Ненан мотт» стихотворении автор санна а, ткъа иштта стихашкахь роман язйина яздархо санна а. Арсанукаев Шайхис нохчийн литературин коьрта кхо «турпалхо» билгалво: адам (шен амалца, ойланашца, сатийсамашца, г1уллакхашца, гиллакхашца), адам шена т1ехь дехаш долу Латта (Даймохк), адам шена чохь ехаш йолу Зама. Шен кхолларалла кху мехаллаш т1ехь — Даймохк, нана, адамалла, къинхетам, къинхьегам, оьздангалла, къонахалла, тешам, доттагалла, безам кхиош схьавеана Арсанукаев Шайхи.

Жимчохь дуьйна а вара Шайхи литературе безам болуш. Стихаш язъян волавелла школехь доьшуш волуш, амма шен кхолларалла кхиъна яллалц уып зорбане елла цо. Поэтан дуьххьарлера книга «Лаьмнашкахь 1уьйре» араяьлла 1965-чу шарахь.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллин некъ кхаа муьре бекъа мегар ду. Хьалхара- 1970-чу шерийн юьхь а, чаккхе а. Шолг1а — 1971—1981 -rla шераш. Кхоалг1а — 1982-2000-г1а шераш. Шен тоьлла произведенеш цо эпически произведенеш: «Хан-г1ала», «Тимуран тур»», «Ушурмин Ших», «Захар», «Кхолламан сизаш» и. д. кх. а.

Арсанукаев Шайхин кхолларалла вайн махкахь евзина ца 1аш, кхечу мехкашкахь а евза. Цуьнан произведенеш зорба тоьхна гуьржийн, оьрсийн, туркойн, немцойн меттанашкахь. Цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадийна: цунна 1980-чу шарахь «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культурин хьакъволу белхало» ц1е елла, 1989-чу шарахь — Нохч-Г1алг1айн АССР-н Халкъан поэт, 2005-чу шарахь Нохчийн Республикин Сийлахь Гражданин ц1ерш а елла, иштта мидалшца совг1аташ а дина цунна.


  1. Хаттар-тезис кепехь гайта xlapaматериал (дешархошна т1едиллар).

  2. «Ийманах дузийта дегнаш» стихотворени т1ехь болх бар.

  1. Стихотворени къастош ешар (1-ра дакъа).

  2. Хьехархочун комментари.

Нохчийчохь 1994-чу шарахь кхолладелла хьал ду стихотворении хьалхарчу декъа т1ехь дуьйцург. Поэт Деле дехарш деш ву, адамашца сакхте мел дерг д1адаккха бохуш. Нохчий вовшашца барг а боьхна, дайн оьзда г1иллакхаш дицдина, хьарам, хьанал дерг ца къастош, караеанарг ядош, лачкъош, йохош карзахе хьийза. Динан дай даржашка кхийда, хьекъалх тилла, берзалойн амалшка а бирзина, вовшашна герз тоха кийчча бу селхана вежарий хилла лелла нохчий. Бераш дешарх хаьдда, йижарийн, нанойн баьрхиш дац лекъаш. Ирча хьал ду Нох­чийчохь кхолладелларг.


  • Х1ун доьхуш ву Деле автор шен стихотворенехь?

  • Авторо и дехарш Деле х1унда до, адамашка а ца деш?

  • Х1ун ду боху поэто адамашна юкъара г1иллакх, вовшийн ларар д1адаьккхинарг?

  • Х1ун ду поэтан сагатдийриг, цуьнан дог 1ийжош, лазош дерг?

  • Дийца, муха кхета шу кху мог1анех: «Гуш ву-кх, Хьо — имамаш мел сиха деба!»

Тидам бе кху мог1анийн: «Динан дай 1едалан даржашка кхийда; оьг1азе, ч1иркъе бу тхан кьоьжа къаной». Муха кхета шу царах? (Оцу халчу хенахь динан дай шайн декхарш дицдина, 1едалан даржашка кхийдаш бара: ши муфтият кхоьллира цара, шиъ Мехкан кхел а кхоьллира. Оцу масалша гойту и нах шайна пайде дерг лоьхуш хилар. Нохчийчохь хуьлуш долчуьнца церан бала цахилар.


  • Х1ун лаам бу поэтан, Нохчийчохь х1ун хила лаьа цунна?

  • Х1ун ду лирически стихотворенехь коьртаниг? (Лирически турпалхочун синхаамаш, ойланаш, дегалазамаш бу.)

  • «До1а» ц1е тиллина шен стихотворении хьалхарчу декъана авторо. Х1ун ду иза до1анах тарйийриг?

Белхан тетрадь, 3, 4, 5-г1ий т1едахкарш.


  1. Рефлекси.

  2. Ц1ахь кхочушдан дезарг.

  1. Стихотворении 1 -ра дакъа къастош деша хаар.

  2. 1 -чу декъан чулацамца дог1учу хаттаршна жоьпаш кечдар.

  3. Белхан тетрадь, 1,2-г1ий т1едахкарш.

40-г1а урок. Арсанукаев Шайхи. «Инманах дузийта дегнаш»

Поделитесь с Вашими друзьями:


Подборка по базе: Валютный курс, типы и динамика в современной экономике реферат., эканомика реферат (копия).docx, ПИТАНИЕ И МАССА ТЕЛА.БИОХИМИЯ РЕФЕРАТ.rtf, материаловедение реферат.docx, Мошенничество РЕФЕРАТ.pdf, технология машиностроения реферат.docx, Магжан ЭТМ реферат.docx, Магжан ЭТМ реферат 4.docx, История РЕФЕРАТ.doc, Маломобильным группам населения РЕФЕРАТ.docx


МБОУ «ГИМНАЗИЯ №3» Г. ГРОЗНОГО

РЕФЕРАТ

«Ахматова Раиса»

Болх кечбина

Денаева Имана

Грозный — 2021

Чулацам

ДIадолор 3

1. Ахматова Раисин дахар а, кхолларалла а 4

2. Ахматова Раисин произведенеш 9

ДIадерзор 11

Пайдаэцна литература 12

ДIадолор

Нохчийн халкъан поэтесса Ахматова Раиса йина 1928-чу, шарахь 30 декабрехь Соьлжа – ГIалахь къинхьегамхочун боккхачу доьзалехь. Р. Ахматова дика евзара вайн махкахь а, дозанал арахьа а.

Стихаш язъян йолаелла Соьлжа – ГIаларчу хьехархойн у училищехь доьшуш йолуш. Цуьнан байтийн хьалхара «Хьоме республика» гулар араелира 1958-чу шарахь. ХIетахь дуьйна нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь 30 сов стихийн гулар зорбане яьлла поэтессин («Дикалла», «Сан седа», «Цхьанакхетар», «Откровение», « Лунной тропою», » «Поющая чинара», «Шовданан йистехь». Ахматова Раиса кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш ю вайнехан зударийн дахаррий, ойланашший, сатийсамашший гайтаран тема. Иза нохчийн зударех дуьххьара яра зударшна ламанхошна орцахъяьлларг. Къаьсттина дагах хьакхалуш бу цо шен дукхах йолчу произведенешкахула чекхбоккачу Даймахке, нене болу безам.

Р. Ахматовас жигара дакъалоцура республикан а, юкъараллин а дахарехь. Иза дуккха а шерашкахь Нохч – ГIалгIайн яздархойн Союзан правленин председатель а, Нохч – ГIалIайн АССР – н Лакхарчу Советан председатель а лаьттира. 1992-чу шарахь дуьйна вайца йоцуш ю Раиса, амма вайца ю цуьнан сирла поэзи.

1. Ахматова Раисин дахар а, кхолларалла а

Ахматова Раисин поэтически кхолларалла Нохч-ГIалгIайчохь евзина ца Iаш, ерриг Советски пачхьалкхехь а, дозанал арахьа а евзаш яра. Цуьнан стихаш нохчийн, оьрсийн, азербайджанийн, гIебартойн, гIезлойн, казахийн, узбекийн, хIирийн, эрмалойн меттанашкахь зорбатохарал совнаха арайийлина ингалсан, французийн, немцойн, Iаьрбийн, болгарийн, венгрийн, хиндин, урдун меттанашкахь. Нохчийн къоман литература шуьйра йовзийтарехь мехала хилла, кхиболчу баккхийчу нохчийн яздархойн кхолларалла санна, Ахматова Раисин поэзи а.

Ахматова Раиса йина 1928 шеран 30 декабрехь Соьлжа-ГIалахь белхалочун Солтмурдан доьзалехь. Солтмурда деникинцашна дуьхьал латтийнчу къисамехь дакъалаьцна. Соьлжа-ГIалахь лаьттинчу бIединан тIамехь а хилла иза. Раисин дай ШаIмин-Юьртара схьабевлла. Кхелхина бахна, цхьана муьрехь Закан-Юьртахь а Iийна АхматовагIеран доьзал. Цигахь яхна Ахматова Раиса хьалхарчу классе деша. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин 2-чу школехь дешна цо. Жимчохь дуьйна исбаьхьаллин даше ойла лаьтташ, книгаш еша лууш хилла иза. Школехь дуьйна а дукха езаш хилла цунна исбаьхьаллин литература. Къаьсттина дукха ешна А.С.Пушкинан, М.Ю. Лермонтовн произведенеш. Нохчийн а, оьрсийн а яздархойн произведенеш йошуш Iемина Раиса дешан исбаьхьалла йовза, кIаргъелла цуьнан литературе йолу марзо. Доьшуш йолчу хенахь йолаелла иза стихаш язъян. Ахматован Раисин дуьххьара араяьлла стихотворени «ЦIеэскархочуьнга» хилла. Цунна зорбатоьхна Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу деношкахь. Оцу стихотворени тIехь хIинцца поэзехь яздан йолалуш йолчу нохчийн йоьIан Даймахкана ямартлонца тIелеттачу мостагIашка болу кIорггера цабезам хаалора. Шен дуьххьарлерчу стихотворенина зорбатоьхчхьана хаддаза литературехь къахьега йолаелла иза. ХIетахь Ахматова Раисин стихотворенеш арайийлина республикерчу газетин агIонаш тIехь, цхьайолчарна зорбатоьхна «Пионерская правда» газета тIехь а.

Ахматова Раисас дешна хьехархойн училищехь. 1944 шарахь дерриг нохчийн халкъаца цхьаьна махках яьккхинчу хенахь хьехархочун болх бина цо. Казахстанехь цIерпоштнекъан Кушмурун станцехь юккъерчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо хилла иза. Алма-Атахь 1955 шарахь нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газета археца долийча, цига дIа а яхна, газетан редакци балха хIоьттина Ахматова Раиса. Оцу газетан агIонаш тIехь Р. Ибраеван цIарца арайийлина цуьнан дуьххьарлера стихаш. Даймахка цIадирзинчу хенахь а юьхьанца болх бина цо республикин газетийн редакцешкахь. Чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан педагогически институт.

Ахматова Раисин дуьххьарлера поэтически сборник араяьлла 1958-чу шарахь Нохч- ГIалгIайн книжни издательствехь. «Хьоме республика» яра сборникан цIе. Автора хIетталц язийнчу стихотворенех тоьлла ерш яра книги тIехь зорбатоьхна. Хьоме Даймохк, цуьнан адамаш, цуьнан Iалам дезарх дуьзна ду поэтессин лирически турпалхочун дог. Авторан шен махке, халкъе болу бовха безам гучуболу оцу произведенешкхь. Дуьххьарлерчу «Хьоме республика» книги тIехь дIайолийна даймехкан тема Ахматован Раисин поэзехь коьртачарах хилла дIаяхара.

1958-чу шарахь иза деша яхна Москвахь СССР-н яздархойн Союзехула йолчу Лаккхарчу литературни курсашка. Уьш чекх а яьхна цIаеанчул тIаьхьа, Ахматова Раиса Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министран заместитель хIоттийна.

Москвахь 1959 шарахь араяьллачу «Поэзия Чечено-Ингушетии» антологи тIехь зорбатоьхнера Ахматова Раисин бархI стихотврени. Оьрсийн маттахь араелира шолгIа книга. Иза яра Соьлжа-ГIалахь зорбатоьхна «Бей мне, ветер, в лицо» цIе йолу поэзин сборник. Иза а, цул тIаьхьа цхьа шо даьлча Москвахь «Молодая гвардия» издательствехь араяьлла «Иду к тебе» цIе йолу стихийн сборник а Iаламат дика тIейийцира критико а, книгашъешархоша а.

Ахматова Раиса 1961 шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин яздархойн Союзан правлени председатель хаьржина. Оцу даржехь 24 шарахь болх бина цо. Республикин а, ерриг пачхьалкхан а юкъараллин дахарехь доккха дакъалоцуш яра Ахматова Раиса. Машар ларбаран Советски комитетан декъашхо яра иза; Машар ларбаран а, герзаш дIадахаран Дуьненаюкъарчу конгрессехь дакъалоцуш хилла иза. НГIАССР-н Лакхарчу Советан депутат а, НГIАССР-н Лакхарчу Советан председатель а лаьттина Ахматова Раиса. «Нохч-ГIалгIайчоьнан халкъан поэт» сийлахь цIе яра цуьнан, «Знак почета», «Дружба народов» орденаш еллера цунна.

Ахматова Раисин кхоллараллин хазна йоккха ю. Журналаш тIехь, юкъарчу сборникаш тIехь арайийлина произведенеш ца лерича а, цуьнан шен 24-25 поэзин книга зорбанехь араяьлла. Царах цхьаерш: «Нийсархошка» (1963), «Сан седа» (1967), «Шовданан йистехь» (1969), «Стихаш» (1972), «Дикалла» (1973), «Цхьаьнакхетар» (1978), «Суьйренан зIаьнарш» (1983); оьрсийн маттахь: «Бей мне, ветер в лицо!» (1959), «Иду к тебе» (1960), «Трудная любовь» (1963), «Откровение» (1964), «Лунной тропою» (1968), «Избранная лирика» (1970), «Будьте счатливы» (1972), «Доброта» (1973). «Медный листопад» (1974), «Поющая чинара» (1976), «Перевал» (1977), «Ожидание» (1988), «Вдохновение» (1989), «Край любви» (2009).

Цуьнан книгех цхьанна цIе «Дикалла» ю. Дикалла — и дош яздан мегар дара Ахматова Раисин ерриг кхоллараллина хьалха, эпиграф санна. Адамашка дикалла, аьхналла, комаьршалла кховдош ю цуьнан поэзи. «ХIора стаг гойла-кха шен ирсе кхаьчна, Комаьрша доькъийла ирс шайлахь наха!» иштта бу цуьнан «безамна, диканна» даим кийча йолчу лирически турпалхочун даггара лаамаш. Ахматован лирикин коьрта турпалхо вайзаманахьлера къона нохчийн зуда ю. Арсанукаев Шайхис яздина: «Раисин поэзехь бIаьсте яра, зударийн «погода». Зударийн дуьне деара цуьнца цхьаьна нохчийн поэзехь».

Шен дегайовхонца язйинчу исбаьхьчу стихашкахь даймохк, халкъийн доттагIалла, къинхьегам, оьзда безам, машаре дахар чIагIдо автора. Дог доккхадедеш, самукъне, дегайовхо гIаттош ю цуьнан поэзи. Шуьйра тематика ю цуьнан кхоллараллин. Коьрта долчу декъана лирикех лаьтташ ю Ахматован поэзи, амма кIорггера чулацам болу лиро-эпически произведенеш а язйина цо, царах ю поэмаш «Олхазар», «Дагалецамийн новкъа». Хьаналчу къинхьегамца мехкан сий лакха доккхуш болу вайзаманхой бу «Олхазар» цIе йолчу поэмин турпалхой. Даймехкан лаьттаца бозуш, дай баьхна латта хаздеш, тодеш, цунах Iилманца пайдаоьцуш бу поэмин турпалхой. Кхоллараллица къахьегаро, керланиг юкъадалоро, беркате Iалашонаш йолуш хиларо гIо до царна балха тIехь баккхий толамаш баха.

«Дагалецамийн новкъахь» цIе йолчу поэмин лирически турпалхочо шен дахарехь хьалха хилла дIадахнарг даймехкан хиллачуьнца дустуш ойланехь юха луьста, тIаккха цунна къеггина гучуйолу йинчу махкаца шен йолу зIе:
ДIадахнарг луьсту ас, сагатдар доцуш,

Дагалоьцу терахьаш, диц ца лун долу.

Тахана сихачу дийно чулаьцна

Дерриг а хIинццалц схьа девзинарг суна.
Сол хьалха дуьненчохь мел хилла дерг а,

Дагахь а доцуш, кхин тIе мел хиндерг а…

ХIай, хьоме Даймохк, сан деза латта,

Хьан ю со, хьан йоI ю, ахь яха Iамош.
Халачу дахаран новкъахь Iиттаеллачу халонаша цуьрриг а лах ца йина оцу сирлачу дагалецамаша луш йолу йовхо, безам. Ша кхиийнчу даймахках дозалла до поэтессас, цуьнан исбаьхьчу Iаламах цецъюьйлу иза, цуьнан хьуьнаречу адамашца ша цхьаьна хиларх йоккхае. Цо дозалла до шен махкахь оьрсийн сийлахь-баккхий поэташ Пушкин, Лермонтов лелла хиларх, мерзачу иллешца цара и хестабарх.

Исбаьхьа сурт хIоттош гойту цо шена хьоме болу Даймохк. «Тхо долчу дуьйла, москвичаш» стихотворени тIехь хьомсарчу москвичашка хьошалгIа кхойкхуш авторан яздо:
Ган меттиг хиллий техь хьуна цкъа бIаьрга,

Суьйренца дашо малх чубуза сихлуш,

Гергарчу шовдан тIе йоI хи дан йоьдуш,

Чилхьесан бухкарца, цу цIеста кIудалца?
Хиллий шу тхо долчохь, Кавказан лаьттахь,

Пушкина, Лермонтовс дийцинчу лаьттахь,

Iаламан хазалло кхелинчу махкахь,

Хьешан сий лардечу беркате хьаьттахь?
Поэтессин лирически турпалхочун дахаран Iалашо диканехь а, вонехь а Даймахкаца, халкъаца цхьаьна хилар ю, шен хьуьнарш, шен хаарш Даймахкана дIадала кийча ю иза, халкъан лехамашца цхьаьна детталуш ду цуьнан кийрара дог. «Хьомечу махкана сайн ницкъаш дIабала со кийча ца хилахь, дIаэца лаьттара!». Халкъана, даймахкана пайдехьа вацахь, стеган вахар эрна лору поэтессин лирически турпалхочо.

Цхьа ша-тайпана аьхна ю Ахматова Раисин лирика, цуьнан дукхахйолчу стихашкахь эшаран интонаци, исбаьхьа кIеда-мерза интонаци хуьлу, кест-кестта хабаран мукъаме а йоьрзуш.
Хуур дац кхолламо хIун кечдо вайна:

Забарна санна цкъа совгIат до цо.

Ткъа, юха, ахь хIинццалц гулдинарг дерриг

Лаххьадой дIадоккхий, дог дохадо.

Сан мел дерг дIаэца – эшац и суна:

Беха некъ бу хьалха – и ду сан хьал!

Амма хьоь, хIай кхоллам, ду сан цхьа дехар:

Адамийн харцонах ларъелахь со!
Лирически турпалхочун дахарца йолу юкъаметтигаш дика билгалйовлу оцу интонацехь.

Ахматова Раисин поэзи шуьйра ю теманашца, жанрашца, мукъамашца, поэтически басаршца. Цо йоккхачу исбаьхьаллица керла дош аьлла нохчийн зудчух, цуьнан поэзии бахьана долуш шорделла нохчийн зудчун дуьне.

Ахматова Раиса кхелхина 1992 шеран 29 январехь. Оьрсийн воккхачу поэта Сергей Михалков яздина: «Никогда не будут забыты прекрасные книги стихов Раисы Ахматовой. На мой взгляд, они – значительное явление в литературе всего Кавказа. Она занимает достойное место в ряду талантливых писателей нашего времени, как яркая звезда в поэтическом созвездии талантов. И ясно одно: она поэт, достигший высшей творческой зрелости и мастерства. У нее есть, что сказать людям. И она говорит об этом в своих книгах, каждая из которых – гордость всех народов Кавказа».

2. Ахматова Раисин произведенеш

Нохчийн маттахь:

Хьоме республика. Стихаш. Грозный, 1958.

Нийсархошка. Стихаш. Грозный, 1963

Сан седа. Стихаш. Грозный,1967.

Шовданан йистехь. Стихаш. Грозный,1969.

Стихаш. Грозный, 1972.

Дикалла. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1973.

Цхьаьнакхетар. Стихаш, поэмаш. 1978.

Суьйренан зIаьнарш. Стихаш, поэмаш. Грозный, 1983.

Хаьржинарш. Стихаш, поэмш.Грозный, 1987.

Оьрсийн маттахь:

Бей мне, ветер в лицо! Стихи. Грозный,1959.

Иду к тебе. Стихи. М.,1960.

Трудная любовь. Стихи. М., 1963.

Откровение. Стихи. Грозный,1964.

Откровение. Стихи (2-е издание). Грозный,1966.

Лунной тропою. Стихи. Грозный, 1968.

Избранная лирика. Грозный, 1970.

Будьте счатливы. Стихи. М., 1972.

Доброта. Стихи и поэмы. Грозный, 1973.

Медный листопад. Стихи и поэмы. М., 1974.

Поющая чинара. Стихи и по эмы. М. 1976

Перевал. Стихи и поэмы. 1977.

Ожидание. Стихи и поэмы. М., 1988.

Вдохновение. Стихи. Грозный, 1989.

Избранное. Край любви. Стихи и поэмы. М., 2009.

ДIадерзор

Раиса Солтамурадовна Ахматова гоьяьлла нохчийн поэтесса яра. Иза дика евзара вайн махкахь а, дозанал арахьа а. Раиса йина Соьлжа-ГIалахь къинхьегамхочун боккхачу доьзалехь. Атта ца хилла цуьнан дахаран некъ. Цуьнан диъ шо кхаьчначу хенахь иза детдоме нисйина. ХIетахь кхета йолаелира Раиса дахар мел хаза ду, нагахь санна ахь иза дикаллех, къинхьегамах дузуш делахь. Иза цуьнан кхоллараллехь коьрта Iалашо хилла дIахIоьттира. Ишколехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна схьа езаелира Раисина литература. Цундела берашна сов дика хьоьхуш хилла цо литература, ша хьехархойн училище чекх а яьккхина, школехь болх беш йолчу хенахь.

Дуккха а шераш дIаихна хIетахь дуьйна. Дуккха а исбаьхьаллин кIоргаллех юьзна поэтически произведенеш язйина цо. Цуьнан поэтически кхоллараллехь тайп-тайпана тематика ю. Йоккха меттиг дIалоцу поэтессин кхоллараллехь Даймахках а, зуда-ламанхочух а лаьцна йолчу теманаша. Поэтессин стихотворенеш дукха а еза, хазахетарца еша а йоьшу.

Пайдаэцна литература

1. Арсаханов И.А. «Х1инцалера нохчийн мотт» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 2013 ш.

2. Ахмадов М.М. «Нохчийн мотт» (тексташ, хаттарш, т1едахкарш). Нальчик-г1ала ГУП «Полиграфкомбинат» 2013 ш.

3. Гайсултанов 1.Э., Аушева Ф.М. «Ненан мотт а, литература а хьехарехь зеделларг» Грозный Нохч-Г1алг1айн книжни издательство 2013 ш.

Ненан мотт-нохчийн мотт! Х1ун хир ду дуьненахь хьол мерза, деза?! Мотт адамийн дахаран хазна ю. Иза адамаш массо а аг1ор вовшех кхетош болу Дала вайна белла тамашийна г1ирс бу. Дуккха а ду дуьненахь меттанаш, ткъа царна юкъахь шен меттиг д1алоцуш, къаьсташ вайн нохчийн мотт бу. Вайн мотт г1иллакхе, оьзда, мерза а бу. Иза къоман са ду. Ненан мотт… Доккха маь1на д1алоцу оцу шина дашо. Вайн дайшкара дуьйна схьадаьхкина хаза г1иллакхаш, оьздангалла, ийман. Ткъа и шадерриг д1акхехьа оьшург мотт бу. Иза ларбеш ца хилча, цуьнан сий деш ца хилча, къам д1адан кхерам бу. Тахана вай ойла ца йо вай дечу къамелан, олучу дешан. Ларамза вайн багара дуьйлу шога дешнаш, дашца чов йо вай ваьшна уллерчунна. Даймохк-Нана, Нана санна, хьоме бу вайна вешан Даймохк, цунах хаьдча, тоха са а доцуш, сатуьйсу вай цуьнга. Иштта, шен нене, Даймахке а санна, хила беза шен матте болу безам а. Оьрсийн яздархочо Паустовскийс 1аламат хьекъале а, нийса а аьлла ненан маттах дешнаш: «…Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маь1на долуш бац!» Вай мотт лар ца бахь, цуьнан сий а ца дахь, вайн къоман сий дужур ду. Мотт д1абаьлча, халкъан тезет, дика-вон, ловзар-синкъерам д1адолу. Уьш д1адевллачу халкъах халкъ ала йиш яц. Вайн халкъах, вайна кхане а йолуш халкъ хила лаахь, уггар хьалха баьрчче баккха беза вай и. Шен мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Муха хир ву дуьненахь, уггаре сийлахь болу ненан мотт цабезарг, бийца цалуург, и къен хетарг?! Мел хала хеташ делахь а, ишттанаш а нисло вайна юкъахь. Цхьаволчо дозаллица къамел до: «Суна ненан маттахь еша а, яздан а ца хаьа бохуш». Ткъа воккхачу оьрсийн яздархочо Л.Н.Толстойс аьлла хилла: «Нохчийн мотт уггаре хазачу а, хьалдолчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь». Оцу маттахь яздан а, еша а ца хаьа муха эр ду?! Вай нохчий ду, ду-нохчийн мотт вай мел буьйцу,цундела вайх х1ораннан а
сийлахь декхар ду вешан ненан мотт ларбар. Тахана вайн мотт 1амон а, бийца а цхьа а новкъарло яц вайна. 2007-чу шеран 25-чу апрелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен Буьйраца ч1аг1дина «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу Нохчийн Республикин Закон. Ч1ог1а мехала Закон ду иза. Россин а, Нохчийн Республикин а Конституцешца дог1уш х1оттийначу оцу Законо, оьрсийн маттаца цхьатерра бакъо йолуш, пачхьалкхан мотт аьлла, д1акхайкхош бу нохчийн мотт. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана нохчийн мотт кхиорна, ларбарна, баржорна т1ехьажийна бечу белхашна шуьйра некъ белла. « Воккхаве со хьуна хуъчу Кхечу къаьмнийн меттанех, Хьайниг бицбеш, 1амо дезна Уьш хьуна ца моьттинехь» — яздо Сулейманов Ахьмада. Цу дешнийн маь1нах кхета хала дац. Муьлхха а мотт хаар дика ду. Цхьадолу меттанаш-м ца хиъча ца довлуш ду. Масала, Делан дин довза а, 1амон а оьшуш бу 1арбийн мотт. Оьрсийн мотт – юьззина бакъонаш йолу Россин гражданаш хила а, лулахошца гергарло, уьйраш лело, дуьненан 1илманах кхиа а ца хиъча ца болу. Хиъча дика ду ингалсан, немцойн, французийн а меттанаш. Амма, поэтана т1аьххье ч1аг1дан дог1у, уггар хьалха шен ненан мотт хаа безар. Сайн сочинени ерзош лаьа суна вайн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дешнашца: «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац». Со йоккхае тахана, х1ара маьрша мог1анаш сайн яздан аьтто хиларна. Нохчийн къоман баьччанан, Россин Турпалхочун Ахьмад-Хьаьжин во1а Россин Турпалхочо Рамзан Ахматовича шен ден некъ кхиамца д1акхоьхьуш йоккхае со. Везачу Дала ницкъ, хьекъал а лойла вайна нийсачу новкъа, нохчийн меттан сий-ларам беш, д1адаха! Дала лардойла вай, ненан мотт бицбина, дакъазадовларх!

Сан дахаран некъ

1959-чу шарахь Иорданерчу Заркъе юьртахь вина со. Сан нана Жоьби-некъийн бено ю, сан ден цIе Мохьмад ю, деден цIе Бети ю. Бети Къеди-юьртахь вина ву, иза тайпана сесано ву. Шен кхойтта шо долуш, 1903-чу шарахь даймахкара арабевллачу мухIажаршца Иордане веана иза. Сан доьзалехь кхо кIант а, цхьа йоI а ду.

Иорданехь ишкол чекхъяьккхинчул тIаьхьа, I980-чу шарахь, Югославе деша вахара со. Цигахь физиотерапин декъехь дийшира ас. Дешна а ваьлла цIа веача, эскаран лазартнехь (больницехь) сайн лоьраллин болх болийра ас. Эскарехь 28 шарахь физиотерапевт болх бинчул тIаьхьа, подполковникан даржехь пенсе велира со. Бакъду, эскарехь яьккхина хан хаза а, пайде а хилира суна.

Сан лоьраллин белхан говзалла чIогIа шаръелира. Белхан говзалла лакхаяккха эскаран куьйгалло дуккха а мехкашка хьажавора со. Иорданин эскаран цIарах I996-чу шарахь Индехь Дуьненаюкъара лоьраллин конференцехь дакъалецира ас. Израил пачхьалкхаца машар бинчул тIаьхьа, эскаран куьйгалло йолчу больницехь цхьана баттахь болх бан вахийтира со. 2000-чу шарахь Германе вахийтира со. Цигахь цхьана шарахь больницехь лоьраллин болх дIабаьхьира ас. 2005-чу шарахь цхьана шарна Африкерчу Либери махка вахийтира. 2010-чу шарахь Америкехь а лоьраллин цхьана курсехь дакъалецира ас.

1985-чу шарахь, цхьа а хьехархо сайн воццушехь, цIахь айса-сайна нохчийн элпаш Iамо волавелира со. Нохчийн маттахь йоза-дешар дикка Iеминчул тIаьхьа, нохчийн маттахь «Ламаздар» тептар арахийцира ас. Цул т1аьхьа «Даккхий къинош» книга Iаьрбийн маттера нохчийн матте гочйира. Пхи б1е езткъе ворх1 аг1о йолу «Нохчийн-оьрсийн-Iаьрбийн» дошам арахийцира ас, ткъе итт шарахь къахьегна. Вайн ненан меттан дерриге а бохург санна дешнаш чулоцу оцу дошамо.
2015-чу шарахь, ас бинчу белхан лаккхара мах хадош, НР-н Яздархойн Союзо Мамакаевн «Дашо Аьрзу» Орден елира суна
.

Иордани – Сувайле
22-01-20I9

Цхьана сахьтан алапа…

КIадвелла, суьйранна балхара цIа веара да. Жимма садаIа дехьа чу воьдуш, неIарехь тIевеанчу итт шо долчу цуьнан кIанта, саца а вина, хаьттира:
– Дада, балхахь хьуна цхьана сахьтана мел ахча ло?
– Итт туьма ло, – аьлла, жоп делла, кIантаца къамел кхин дах а ца деш, дехьа чу велира да.
Цхьа кIира хан яьллачул тIаьхьа, гуттар санна, шен балхара цIа вогIу да ларвеш, коре а хиъна Iаш вара кIант. Да чоьхьа валарца, цунна тIе а хьаьдда, кIанта элира:
– Дада, цхьа хIума дара сан хьоьга ала лууш. Цхьана минотехь ладугIур дарий-те ахь? – велакъажарца ден бIаьра а хьоьжуш.

– ХIаъ, ладугIур ду кIант. ХIун ду хьан соьга ала лууш? – элира дас, цхьа а гIайгIа йоцуш санна, дIа-схьа бIаьргаш а кхарстийна.
– Дада, дагадогIий хьуна, ас хьоьга хаьттина, хьуна цхьана сахьтана балхахь мел ахча ло аьлла. Ахь суна хIора дийнахь деллачу ахчанах ас, дерриге а дохка а ца духкуш, цхьа дакъа гулдора. Итт туьма ахча гулдина ас.

ХIан, дада, хIара итт туьма ахча ду хьуна, балхахь санна, соьца а цхьана сахьтана охьахуур варий-те хьо? Ма чIогIа лууш ву со хьоьца, цхьана сахьтана бен дацахь а, къамел дан, – сихвелла, шен киснара ахча схьа а эцна, шен дега дIакховдийра кIанта, догдахарца шен ден бIаьра а хьоьжуш.
Оцу дехаро цецваьккхина да, голаш тIе охьа а лахвелла, нийсса шен кIентан бIаьра а хьоьжуш, кIентан белшаш тIе шен ши куьг диллинчохь, сацавелира.

– КIант, хаьа суна, кху дахарехь а, балхахь а хьаьдда-ведда лелаш, хьо ас вицвиний. Амма, ца хаьара суна, хьо иштта чIогIа хьаьгна вуй соьца охьахаа а, къамел дан а, – аьлла, велакъажарца шен кIентан хьаьж тIера месаш нис а йина, къевллина маравоьллира цо.
Хьомсара дай-наной! Ма мотталаш, оцу шайн берийн дегIан а, синан а хьашташ еккъа юург-мерг а, царна йо харж а бен яц. Цара шайн дагахь дерг ма-дарра схьа ца алахь а, уьш хьаьгна хуьлу шуна, вайца охьа а хевшина, даггара къамелаш дан. Царна ма лаьа шайн гIайгIанаш а, хазахетарш а дена-нанна довзийта, сих-сиха вайх дагабовла. Берийн дахарехь уггар а доккха масал ма ду да-нана. Цундела, хIора дийнахь дацахь а, вай, дай-наноша, жимма мукъане а хан яккха езара вешан берашца, цаьрга леррина ладугIуш!

Оьздачу нехан г1иллакхаш

Иордани шех паччахьалла (пачхьалкх) хилале Эмират хилла ю. I92I-чу шарахь Иордански эмират кхуллуш, эмиратан коьртехь Эмир (принц) Iабдулла хIоттийна. Ткъа Эмир Iабдуллас, ша эмир хIоттош, оцу дийнан хьурматана, Иорданехь массо а Iаьрбийн тайпанийн баккхий нах чу а кхайкхина, царна доккха шун хIоттаде аьлла, омра дина хилла. Оцу шуьне нохчийн баккхийнаш а хилла кхайкхина.

ГIамаран аренгахь доккха четар тоьхна хилла, яахIума хьалха йиллина, амма оццу хенахь Эмир Iабдулла, цхьа гIуллакх Iоттадела, тIаьхьависна хилла. Шун хьалхадиллича, массо а хьалагIевттина яахIума яа, нохчийн баккхийнаш боцурш: «Шу кхачанах хIунда ца кхета?» – аьлла, кхаьрга хаьттича, цара аьлла: – «Вай чукхайкхинарг хIинца а схьаванза ву, шуьнан да кийча воцуш тхан гIиллакхехь товш дац шуьне охьахаар».

Дукха хан ялале, схьакхаьчна Эмир Iабдулла. Хьеший хIума юуш хилла. Кхачанах а ца кхеташ, охьахевшина Iачу нохчашна тIе а вахна, цо хаттар дича, хьалха шаьш делла жоп делла цара. Эмир Iабдуллана хиъна, нохчий мел оьзда, хаза, дика гIиллакхаш долуш а нах хилар. «Схьадуьйла, суна юххе бен ховшур дац ш!», – аьлла, Эмир Iабдуллас, нохчийн баккхийнаш шеца цхьаьна шуьне ховшийна.
Даим оьздачу, хазачу гIиллакхашца бевзина Iарбошна Иорданера нохчий, цундела массо а Iаьрбийн тайпанашна нохчий дукха а беза, цара уьш чIогIа лара а лору.

Помидор

Сан ненан ненан нана Саба хилла. Саба Нохчийчохь йина а ю, тайпана гендарганой а ю. Иза мухIажаршца Иордане еанчарах ю. Сабас дуьйцуш хезна сан нанна, ша жима йолуш, Даймахкахь шеца хилларг:
«Пхи-ялх шо долуш яра со. Цхьана дийнахь сайн ненаца базара яханера со. Базарахула тхойшиъ лелаш, сан нана цхьа хIума эца дIахIоьттинчохь со дIахьаьжча, цхьа гIазкхи зуда яра помидораш юхкуш. Помидораш дуьххьара гуш йолу со, цецъяьлла, леррина цаьрга хьоьжуш, оцу гIазкхи зудчунна хааделира, суна и помидораш хазаялар. Цхьа помидор схьа а эцна, елакъажарца соьга кховдийра цо. Цуьнгара и помидор схьа а эцна, кхалла дагахь йолу со гиначу нанас элира соьга:
– Варийлахь, цунах бат ма тохалахь! Кхано хьовсур ду вай цо хьуна елларг хIун ю – аьлла, човхийра нанас со.

Базарара тхо цIа доьлхуш, нанас элира: схьагайтал, оцу гIазкхи зудчо хьуна елларг хIун ю хьовса вай!
Ас сайн тIоьрмиг чуьра помидор схьа а эцна, дIакховдийра сайн нене. Нанас и помидор шина куьйга юккъехула ах а яьккхина, леррина помидоре хьаьжна, хьожа а яьккхина,
«эхI, хIара ю и!» – аьлла, ца ешаш, оцу некъа йисте дIакхоьссира». Тхан нанас дуьйцура, шен ненан нана Саба даима а хуьлура оцу гIазкхи зудчо шена елла помидор хьехош, ма чIогIа хазъеллера шена и помидор бохуш, ма чIогIа лууш яра ша, шен дахарехь цкъа а ца гинчу оцу стоьман чам баккха, амма шен нанас ца магийтира шена.

Орга №1. 2019

Обновлено: 11.03.2023

Чеченский роман, историческая правда, национальная культура, устно-поэтическое наследие

The basic tendencies of development of the Chechen prose 80-90-х of years ХХ of century

In on the article are investigated the basic tendencies of the art analysis of products Shaihi Arsanukaeva, Musi Ahmadova and Magomeda Sulaeva of development of the Chechen prose 80-90-х of years, from which it is possible to conclude, that in this period the Chechen writers deeply comprehended and developed on a material of modernity (present) a theme of the historical truth, recreating and carefully keeping national culture, traditions, customs and rituals, reflected in national songs, legends and folklore.

Key words: chechen prose, historical truth, national culture, oral-poetic heritage.

Зарган очень ждала Ризвана и переживала за него, но сын председателя колхоза Дурды, Мовсар, которому Зарган отказала в женитьбе, насильно умыкнув девушку, продержал её одну в холодном доме две ночи, и она заболела, но нашла в себе силы, чтобы сбежать. В этом случае, по чеченскому обычаю, девушка считается опозоренной, потому что провела два дня в доме у постороннего мужчины. В это время раненый Ризван был в госпитале на излечении в Астрахани. Девушка написала ему письмо и всё рассказала. Встреча героев убеждает в глубине и искренности их чувств.

Г1аьттира Доватор, Плиев Встали Доватор, Плиев,

Тарраш т1ехь лепадеш ткъес, Сабли сверкают молнией,

Б1аьхой Панфиловн, Встали солдаты Панфилова,

Политрук Клычков Василий Политрук Клычков Василий

Г1аьттира: юхадовла Встал: некуда отступать,

Меттиг бац, йоккха Росси мел Хоть и велика Россия,

В чеченских героико-исторических песнях илли воспевались героизм, мужество, преданность родной земле — все это мы находим в романе Ш. Арсанукаева, поэтому вполне оправданным является использование патетики и некоторой пафосности при создании картин героических будней Великой Отечественной войны.

Третий мотив героико-исторических песен, реализуемый в романе Ш. Арсанукаева, -мотив братства, преданности, взаимовыручки. Герои илли всегда приходят на помощь, защищают друг друга, жертвуют собой ради других. Ризван воюет вместе с Виктором и Володей, с которыми учился и жил в общежитии. Писатель так об этом говорит в романе: Делахь а, кхолламна шен и Но нет, не сетует он

Вац леткъаш — муьлххачу вонехь На судьбу свою — в любой беде Володий, Викторий — ший а Володя и Виктор —

Цуьнца ву. Всегда с ним.

Однако не суждено им было дойти до победы всем вместе: Виктор погибает, заслонив собой Ризвана, под Сталинградом не станет Володи. Идея братства, единства, интернационализма является основополагающей в решении основных вопросов современности в романе.

Можно сказать, что мотив любви в романе Ш. Арсанукаева лишь пунктирно намечен автором, как в чеченском фольклоре. Писатель так определяет любовные линии, не разворачивая их сюжетно: Эльдар и Яха, Мовсар и Зарган, Ризван и Клара, Ризван и Зарган.

Рассказанный фольклорный сюжет придаёт всему произведению глубокий философский смысл, передаёт национальный колорит, позволяет автору глубже раскрыть характеры героев, соотнести их действия и поступки с высокими идеями.

Можно заключить, что в конце 80-90-х годов ХХ века чеченские писатели глубоко осмысливали и разрабатывали на материале современности тему исторической правды, воссоздавая и бережно сохраняя национальную культуру, традиции, обычаи и обряды, отраженные в народных песнях, преданиях, легендах, составляющих важнейшую и неотъемлемую часть идейно-художественного пространства произведений и определяющих их национальную специфику.

1. Арсанукаев Ш.А. Кхолламан сизаш. Грозный, 1987. 391 с.

2. Исмаилова М.В. Проблемы традиций и жанровые разновидности в чеченском романе 80-90-х годов: дис. . канд. филол. наук. Майкоп, 2007.

3. Туркаев Х.В. Исторические судьбы литератур чеченцев и ингушей. Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1978. 348 с.

4. Чеснов Я.В. Генетические представления в менталитете чеченцев (на материале полевых этнографических материалов, собранных в Чечне и Грузии 1980-1990 годов) // Культура Чечни. История и современные проблемы. М., 2002. С. 154-163.

5. Илли. Героико-эпические песни чеченцев и ингушей. Грозный, 1979. 238 с.

1. Arsanukaev Sh. KxonnaMaH CH3am =Kollaman sizash. Grozny, 1987. 391 with.

2. Ismailova M.V. Problems of traditions and genre versions in the Chechen novel 80-90-O of years. Sciences. Maicop, 2007.

3. Turkaev H. Of historical destiny of the literatures chechenia and ingushea. Grozny, 1978. 348 with.

4. Chesnov B.V. Genetic representations in mentality chechen (on a material of field ethnographic materials assembled in Chechen and Georgia 1980 — of 1990) // Culture Chechen. A history and modern problems. I., 2002. 381 with.

5. Illy. Heroism-epos songs of chechens and ingush’s. Grozny, 1979. With 238.

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Нохчийн литература 11 класс

Тема: Арсанукаев Шайхин кхоллараллех лаьцна сочинени язъяйтар.

1алашо: 1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллин мах хадо 1амор.

2)Шаьш ешначу а, 1амийначу а поэтически произведенийн анализ еш, шайн

ойланаш йозанца гайта 1амор.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Сочиненина кечам бар:

1) Арсанукаев Шайхин произведенеш карлаяхар.

2) Поэтан коьртачу теманашна т1е тидам бахийтар.

3.Сочиненина теманаш билгалъяхар:

1)Арсанукаев Шайхин 1аламан лирика.

3)Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь Даймехкан а, къинхетаман а тема.

4.Сочиненина хила тарлуш йолу план х1оттор:

1.Арсанукаев Шайхин кхоллараллин некъ.

2. Арсанукаевн кхоллараллехь Даймехкан, къинхетаман тема.

3.Суна хазахеттачу произведенин анализ.

4.Произведенин маь1на а, мехалла а.

5. Дешархошка сочиненеш д1аязъяйтар.

6. Урокан жам1 дар.

7.Ц1ахь бан болх: 1амийнарг карладаккха.

1.Муьлхачу жанрехь болх бо Арсанукаев Шайхис?

А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь

2.Муьлхачу шарахь араяьлла Шайхин дуьххьарлера стихотворени?

А)1955 б)1957 в)1959 г)1961

3.Арсанукаев Шайхис ца язйина стихотворени билгалъяккха:

6.Сочинени-миниатюра язъе Арсанукаев Шайхин цхьана стихотворенех лаьцна (дешархоша шаьш къастайо стих-ни).

Нохчийн литература 11 класс.

Тема: Окуев Шимин кхолларалла.

1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллин некъ бовзийтар;

2)Окуевн произведенешкахь забаре дерг, дахаран к1оргенех лаьцна а

дуьйцург довзийтар.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар:

1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Муьлхачу яздархойн произведенеш йийцаре йина вай хьалхарчу эхашарахь?

— Билгалъяккха шайна хазахеттарг.

— Х1ун бахьана ду шуна и хазахетаран?

— Школьни программина юкъахь воцуш цхьа а поэт а, яздархо а вевзий шуна?

— Муьлхачу авторан произведенеш еша луур дара шуна?

2)Х1ара мог1анаш муьлхачу произведенина юкъара ду?

1.«Эх1, маржа-я1, Латта,

Х1ун хили техьа?

Со орцах вер ву-кх,

3. «Тоьпан дашший, говза дошший

Дайша нийса лерина.

Шаьлтане цахададелларг,

4.«Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,

3.Керла тема йовзийтар:

1) Хьехархочун дош: Окуев Шимин кхоллараллин некъ бовзийтар.

2)Хаттаршна жоьпащ далийтар:

— Муьлхачу шарахь, муьлхачу меттехь вина Окуев Шима?

— Муьлхачу жанрашкахь болх бина цо?

— Х1ун теманаш билгаляха мегар дара цуьнан кхоллараллин?

— Х1ун ц1е яра Окуевн дуьххьарлерачу романан?

— Цуьнан трилогин х1н ц1ераш яра?

4) Романан дакъош дешар, словарни болх д1а а хьош.

4. Т1еч1аг1дар.

5.Урокан жам1 дар.

6.Ц1ахь бан болх: яздархочун кхоллараллин некъах лаьцна 1амо.

Нохчийн литература 11 класс.

1алашо: 1)Окуев Шимин кхоллараллех болу хаамаш к1аргбар;

2) Ц1е яьккхинчу романан чулацам бовзуьйтуш, яздархочун хат1

довзийтар, ешначун анализ яйтар.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.1амийнарг карладаккхар:

1)Окуев Шимин кхоллараллех лаьцна дешархошка дийцийтар.

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Муьлхачу жанрашкахь болх бина Окуев Шимас?

— Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.

— Х1ун забаре дийцарш ду Шимас гулдина д1аяздинарш?

-Х1ун 1алашо йолуш гулдина хилла уьш?

— Трилоги бохучу дешан х1ун маь1на ду?

3. Х1ара турпалхой муьлхачу произведенешна юкъара бу?

2) Аьрзу, Маккхал.

4) Сийлаха, Ибрах1им.

4.Керла тема йовзийтар:

1) Хьехархочо терминийн маь1на довзийтар, уьш д1аяздайтар:

Сюжет – исбаьхьаллин произведенин чулацам бовзуьйтуш йолу коьрта форма.

Кульминаци – произведенехь дахаран бакъдолчуьнца конфликт къастор.

Завязка – турпалхойн хинйолу юкъаметтиг йолалун хан.

Дерзор – произведенехь х1оттийна йолу дахаран конфликт чекхйолуш хилла жам1.

2) Словарни болх д1а а хьош, романан дакъош дешар.

3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Хьенан доьзал бу романан турпалхой?

— Мелимата муха латтабо доьзална юкъахь барт?

— Несарша лерам муха бо марненан?

— Х1ун конфликт ю автаро романехь гойтург?

— Хьоладайшна дуьхьало ца йинехь д1адерза тарлорий латта къовсуш даьлла дов?

5.Т1еч1аг1дар.

-Ц1ераш яха Мелиматан к1ентийн.

— Х1ун г1иллакхаш ду доьзалехь?

— Ткъолг1а б1ешо долалучу хенахь х1ун хьал х1оьттина г1ийлачу нахехь?

6.Урокан жам1 дар.

7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, турпалхойн васташ х1итто.

Нохчийн литература 11 класс.

Тема: Романан турпалхой 1аба, 1умар, Мелимат, 1абдулла, Николай. Церан

г1иллакх-амалш гайтаран башхаллаш.

1алашо: 1)Романан турпалхойн амалш йовзуьйтуш, церан васташ х1итто

2)Шаьш ешначун анализ ян 1амор.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Хьалха урокехь 1амийнарг карладаккхар:

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Х1ун ала мегар ду Мелиматан доьзалх лаьцна?

— Муха хета шуна Мелиматан к1енташа 1едалан нахана еш йолу дуьхьало?

— Х1ун ала мегар дара 1абин амалх лаьцна?

— Романан турпалхойн г1иллакхаш муха гайтина автора?

3)Хьалха урокехь 1амийна йолу терминаш схьайийцийтар: сюжет, кульминации, завязка, дерзор.

3.Дуьхь-дуьхьал д1анисде дог1ург:

4.Керла тема йовзийтар.

2)Коьртачу турпалхойн: 1абин, 1умаран, 1абдуллин, Николайн, Мелиматан

г1иллакх-амалш гайтаран башхаллашна т1е тидам бохуьйтуш, цара деш долу г1уллакхаш дийцар.

3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Хьенан дахарца дуста мегар дара 1абин дахар?

— Муха бо 1абас бекхам шен доьзална зен динчарна?

— Мелиматан хьекъалх тилар х1унда хилира техьа?

— Мелимат доьналла долуш хиларан х1ун масалш дало мегар дара?

4) 1абин, Николайн васташ х1оттор

5) Керла терминаш йовзийтар

Композицис чулоцу произведенин васташ а, уьш кхуллуш долу исбаьхьаллин басарш а.

Эпитет – исбаьхьаллин маттахь х1уманах къаьсттина хаза кхетам луш долу дешнаш.

5.Т1еч1аг1дар.

6.Урокан жам1 дар.

7.Ц1ахь бан болх: романан чулацам хаа, коьртач утурпалхойн васташ х1итто.

Нохчийн литература 11 класс

Тема: Рашидов Шах1идан поэтически кхолларалла. Лирически турпалхочун

ойланаш, синхаамаш. Цуьнан халкъах махках доглазар. «Баланах дуьзна

1алашо: Ц1е яьккхинчу поэтан стиашязъяран хат1 довзуьйтуш, цуьнан

кхоллараллех болу хаамаш к1аргбар.

Лирчески турпалхочун амалш муха гайтина а, авторан халкъах мел дог

лозу а гайтар, цуьнан стихаш масала а эцна.

Урок д1аяхьар.

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.1амийнарг карладаккхар.

3.Керла тема йовзийтар:

1)Поэтан биографех болу хаамаш бовзийтар (дешархоша йина доклад).

2)Хьехархочо доклад шегара т1етухучуьнца кхочушъяр: 60-чу шерашкахь вайн махкахь шуьйра йовза йолаелла поэтан Рашидов Шах1идан ц1е. Иза вина 15-чу ноябрехь 1940-чу шарахь Энгель-юртахь. Сталинан къиза политика бахьанехь, бералла генарчу Г1ирг1азойн махкахь д1аяхна цуьнан. Нохчийн халкъ ц1а дирзинчул т1аьхьа дуьйна вехаш а, 1аш ву иза ша винчу юьртахь. Школехь дешначул т1аьхьа чекхъяьккхина цо Нохч-Г1алг1айн хьехархойн институт. Х1етахь дуьйна болх бина Къона т1аьхье кхетош-кхиош хьехархочун, школан директоран даржехь.

1.Со муха хьожур ву хьоь велавелла, 2. Со муха г1оттур ву сакъераделла,

Баланах хилча дог дуьзна? Ца соцуш боьлхуш гуш наной?

Схьагуш бу кегийраш харцонехь белла, Суьйренца ц1а веъча аренца лелла,

Нохчийчоь тезетех юьзна. Биц ца ло тишбелла къаной.

3.Со муха вуьжур ву парг1ата ваьлла,

Г1овг1анехь дуьйлучу герзийн?

Йо1 йигна г1аьттича ненан мохь баьлла,

Ж1аьло а лехча шен к1езий.

4.Ас х1ун де? Мила ву тешна т1етовжа?

Мила ву г1о лаца вайна?

Адам а кхеташ дац, дисна дог 1овжа,

Массо ву баланаш лайна.

5Цхьаццанна бахам бен х1уммаъ ца оьшу,

Вукхунна нуьцкъала герз а.

Нохчочун сий цара когаш к1ел хьоьшу,

Ца оьшу пондаран мерз а.

4)Словарни болх д1абахьар: къаной, мерз.

4.Т1еч1аг1дар.

5.Урокан жам1 дар.

6.Ц1ахь бан болх: стих-ни дагахь 1амо, Рашидовн биографи хаа.

Нохчийн литература.

Тема: Хамидов 1абдул-Хьамидан кхолларалла. (Хьехархочо хаьржинчу произ-

веденина т1ехь болх бар.)

1алашо: 1)Ц1е яькххинчу яздархочун произведенех болу хаамаш к1аргбар.

2)Цуьнан произведенин ша-тайпана хат1 билгалдаккхар.

3)Дахаран новкъахь диканиг, вониг къасто 1амор.

Г1ирс: яздархочун портрет, цуьнан произведенийн гулам.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Карладаккхар:

1)Хамидов 1абдул-Хьамидан кхоллараллех лаьцна шайна хуург дийцийтар дешархошка.

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Х1ун ду Хамидовн произведенеш кхечу яздархойн произведенех къастош дерг?

— Муьлха произведенеш ешна аш Хамидовн?

— Шуна хазахеттарг муьлха ю?

— Х1унда хийтира шуна и хаза?

3)Шаьш ешначу произведенийн боцца чулацам схьабийцийтар.

3.Нийсаниг къастор:

а)А.Шарипов б)Х.Нурадилов в)Абубешар г)Ахьмад

а)Сутарби б)Недалг в)Зулай г)Хьамид

а)ненан мотт хаа безар б)Даймохк беза безар

в)г1иллакх лело хаар г)тешаме хилар

4.Керла тема йовзийтар:

3)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Тидам биний аш авторо шен турпалхочунна тиллинчу ц1еран?

— Х1унда тиллина и ц1е иштта?

— Муха кхаьчнера Мохсолта кху пьеси т1ехь юьйцучу метте?

— Х1ун бекхам хуьлу харц новкъа ваьллачунна?

5.Т1еч1аг1дар.

6.Урокан жам1 дар.

7. Ц1ахь бан болх: Хамидовн шаьш къастийна произведенеш еша.

Нохчийн литература 11 класс

Тема: Ахмадов Мусан кхоллараллина т1ехь язъечу сочиненина кечам бар,

язъяйтар.

1алашо: 1)Ахмадов Мусан кхоллараллех болу хаамаш таллар.

2)Дозуш долу къамел кхиор.

3)Шаьш ешначу произведенех лаьцна кхоллаелла ойланаш йозанехь

гайта 1амор.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Сочиненина кечам бар:

1)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

— Муьлхачу жанрашкахь болх беш вара Ахмадов Муса?

— Ц1ераш яха шайна евзачу произведенийн.

— Муха гайтина шен произведенийн турпалхой Мусас, х1ун нах бу уьш?

— Муьлхачу яздархоша г1о дина лору шена Мусас?

— Сатирически произведенеш муьлхарниш лара мегар яря цо язйинчарех?

2) Сочиненина теманаш билгалъяхар:

1. Ахмадов Мусан кхоллараллин коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

2.Оьздангаллех ца бухуш, муьлххачу а халонех чекхбуьйлу турпалхой.

3. Ахмадов Мусан сатирически произведенеш.

3) Сочиненина хила тарлун план х1оттор:

1. Ахмадовн кхоллараллех лаьцна хаамаш.

2.Шаьш билгаляьккхинчу произведенин анализ.

3.Цу произведенин турпалхойн г1иллакхаш, церан леларш.

4.Произведенин мах хадор.

3. Тетрадашна т1ехь болх байтар.

4. Сочиненеш схьалахьор.

5.Ц1ахь бан болх: Эдилов Хасмохьмадан шаьш къастийна стихотворени я дийцар кечдар.

Нохчийн 11 класс литература 05.12.12 шо

Тема:Арсанукаев Ш. Дуьненан,1аламан,ненан меттан беркат.

1алашо:1 )Ц1е яьккхинчу яздархочун произведенех болу хаамаш к1аргбар.

2)Цуьнан произведенийн шатайпана хат1 билгалдаккхар.

Урок д1аяхьар :

1.Урокан болх д1ах1оттор.

2.Карладаккхар :

1)Арсанукаев Шайхин кхоллараллех шайна хуург дийцийтар дешархошка.

2)Хаттаршна жоьпаш далийтар:

-Х1ун ду Арсанукаевн произведенеш кхечу яздархойн произведенех къастош дерг?

-Муьлха произведенеш ешна аш цуьнан?

-Шуна хазахеттарг муьлха ю?

_Х1унда хийтира шуна и хаза?

3.Нийсаниг къастор :

а)Борзаб1аьрг б)Абубешар в)Аьрзу г) Эсира

а)Даймохк безар в)г1иллакх лело хаар

б)тешаме хилар г)ненан мотт хаа безар

3.Муьлхачу жанрехь болх бина Арсанукаевс?

А)прозехь б)поэзехь в)драматургехь г)хореографехь

7.Урокан жам1 дар:

-Стихотворенеш ешча х1ун дог-ойла кхоллало шун?

-Дуьненца а,шена гонахарчу дахарца поэтан йолу юкъаметтигаш гой вайна цуьнан лирикехь?

8.Ц1/болх:Арсанукаев Шайхин шаьш къастийна стихотворени 1амор.

11 класс Нохчийн литература 12.12.12 шо

1алашо: 1)Даймехкан т1амехь б1аьхоша турпаллица Даймохк мостаг1чух 1алашбар романехь гайтар.

2)Ешначун анализ ян 1амор.

Урок д1аяхьар:

1.Урокан болх д1ах1оттор .

2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар :

Муьлхачу жанрийн кепехь язйина цо иза?(Стихашца язйина роман.Иза нохчийн литературехь хилла кхиам бу,х1унда аьлча цо и роман язъяллалц нохчийн литературехь оцу кепехь роман яцара.)

(Нохчийн литературехь цхьанна а яздархочо кхоьллина дацара 30-г1а шераш чекхдовлуш кхиъначу нохчийн кегийчу нехан васташ.И кегий нах шен халкъана тешаме а,хьекъале а ,сий деш шайн синош кхоор доцуш кхиънера.Царех бу романан коьрта турпалхой Ризван а,Зарган а .

-Х1ун коьрта теманаш ю романан?(Сийлахь-боккхачу Даймехкан т1еман а ,доттаг1аллин а,безаман а.Ризван бакъволу нохчийн оьзда жима стаг ву,цуьнан ц1ийца ду доттаг1аллин хама бан хаар.Иза школехь доьшуш волчу хенаххь тасаделира цуьнан Эльдарца доттаг1алла.Къаьсттина к1орггера чулацам болуш а ,шуьйра а диллина Арсанукаев Шайхис Ризванан а,цуьнан оьрсийн шина доттаг1чун васташ.Уьш ,т1ом болабелча,д1аязбелира ополченин декъашхой хила.Уьш майра лета мостаг1чух.Цхьана т1амехь воь цу шиннан доттаг1 Виктор.Цуьнан ч1ир оьцуш,дарвелла лета ши доттаг1.

3.Романан дакъош доьшуш,коьртачу турпалхойн васташ хиттор:

4.Урокан жам1 дар :

-Фашистки Германица хиллачу т1амах лаьцнадуьйцуш,Арсанукаевс йо к1орггера философех йолу ойланаш:хьан,х1унда,х1ун бахьана долуш буьйлало т1емаш,х1ун лоьху т1ом бечу наха,х1унда х1аллакбо цара вовшийн,хьалха цкъа а гина а боццушехь?

Реферат по теме Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

Курсовая по теме Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

ВКР/Диплом по теме Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

Диссертация по теме Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

Заработать на знаниях по теме Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

Помогите сайту стать лучше, ответьте на несколько вопросов про книгу:
Кхолламан сизаш : стихашкахь роман = Линии судьбы

  • Объявление о покупке
  • Книги этих же авторов
  • Наличие в библиотеках
  • Рецензии и отзывы
  • Похожие книги
  • Наличие в магазинах
  • Информация от пользователей
  • Книга находится в категориях

санитарный день: последний рабочий день месяца
Вт: 12:00-21:00
Ср: 12:00-21:00
Чт: 12:00-21:00
Пт: 12:00-21:00
Сб: 12:00-21:00
Вс: 12:00-20:00

санитарный день: вторая ср месяца
Вт: 12:00-22:00
Ср: 12:00-22:00
Чт: 12:00-22:00
Пт: 12:00-22:00
Сб: 12:00-22:00
Вс: 12:00-20:00

—> —> Московская область, Раменский район, Раменское, Центральный м-н
Советская, 19
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-20:00
Вт: 10:00-20:00
Ср: 10:00-20:00
Чт: 10:00-20:00
Пт: 10:00-20:00
Вс: 10:00-18:00

санитарный день: последний чт месяца
Вт: 10:30-13:30 14:30-18:30
Ср: 11:00-13:30 14:30-18:30
Чт: 11:00-13:30 14:30-18:30
Пт: 11:00-13:30 14:30-18:30
Сб: 10:30-13:30 14:30-18:30

—> —> Свердловская область, Первоуральск городской округ, с. Битимка
Заречная, 8
Расположение на карте

санитарный день: последний рабочий день месяца
Вт: 11:00-18:00
Ср: 11:00-18:00
Чт: 11:00-18:00
Пт: 11:00-18:00
Сб: 11:00-18:00

—> —> Тюменская область, Ялуторовск городской округ, Ялуторовск
Революции, 181
Расположение на карте

Пн: 10:00-14:00 15:00-19:00
Вт: 10:00-14:00 15:00-19:00
Ср: 10:00-14:00 15:00-19:00
Чт: 10:00-14:00 15:00-19:00
Сб: 10:00-14:00 15:00-18:00
Вс: 10:00-14:00 15:00-18:00

—> —> Саратовская область, Саратов городской округ, Саратов, Кировский район, Мирный посёлок
Танкистов, 209
Расположение на карте

технический день: последняя пт месяца; июнь-август: вт-сб 10:00-20:00; вс выходной
Вт: 11:00-19:00
Ср: 11:00-19:00
Чт: 11:00-19:00
Пт: 11:00-19:00
Сб: 11:00-19:00
Вс: 11:00-19:00

—> —> Курская область, Курск городской округ, Курск, Сеймский округ, Микрорайон Волокно
Менделеева, 36
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-18:00
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Вс: 10:00-17:00

—> —> Забайкальский край, Чита городской округ, Чита, Центральный район
Балябина, 14
Расположение на карте

санитарный день: последняя пт месяца; июнь-август: пн-пт 9:00-17:00
Пн: 09:00-19:00
Вт: 09:00-19:00
Ср: 09:00-19:00
Чт: 09:00-19:00
Пт: 09:00-19:00
Сб: 10:00-15:00

—> —> Калининградская область, Калининград городской округ, Калининград, Центральный район, Чкаловск
Беланова, 31-37
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 11:00-20:00
Вт: 11:00-20:00
Ср: 11:00-20:00
Чт: 11:00-20:00
Пт: 11:00-20:00
Вс: 11:00-19:00















санитарный день: последний рабочий день месяца
Вт: 12:00-21:00
Ср: 12:00-21:00
Чт: 12:00-21:00
Пт: 12:00-21:00
Сб: 12:00-21:00
Вс: 12:00-20:00

санитарный день: вторая ср месяца
Вт: 12:00-22:00
Ср: 12:00-22:00
Чт: 12:00-22:00
Пт: 12:00-22:00
Сб: 12:00-22:00
Вс: 12:00-20:00

—> —> Московская область, Раменский район, Раменское, Центральный м-н
Советская, 19
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-20:00
Вт: 10:00-20:00
Ср: 10:00-20:00
Чт: 10:00-20:00
Пт: 10:00-20:00
Вс: 10:00-18:00

санитарный день: последний чт месяца
Вт: 10:30-13:30 14:30-18:30
Ср: 11:00-13:30 14:30-18:30
Чт: 11:00-13:30 14:30-18:30
Пт: 11:00-13:30 14:30-18:30
Сб: 10:30-13:30 14:30-18:30

—> —> Свердловская область, Первоуральск городской округ, с. Битимка
Заречная, 8
Расположение на карте

санитарный день: последний рабочий день месяца
Вт: 11:00-18:00
Ср: 11:00-18:00
Чт: 11:00-18:00
Пт: 11:00-18:00
Сб: 11:00-18:00

—> —> Тюменская область, Ялуторовск городской округ, Ялуторовск
Революции, 181
Расположение на карте

Пн: 10:00-14:00 15:00-19:00
Вт: 10:00-14:00 15:00-19:00
Ср: 10:00-14:00 15:00-19:00
Чт: 10:00-14:00 15:00-19:00
Сб: 10:00-14:00 15:00-18:00
Вс: 10:00-14:00 15:00-18:00

—> —> Саратовская область, Саратов городской округ, Саратов, Кировский район, Мирный посёлок
Танкистов, 209
Расположение на карте

технический день: последняя пт месяца; июнь-август: вт-сб 10:00-20:00; вс выходной
Вт: 11:00-19:00
Ср: 11:00-19:00
Чт: 11:00-19:00
Пт: 11:00-19:00
Сб: 11:00-19:00
Вс: 11:00-19:00

—> —> Курская область, Курск городской округ, Курск, Сеймский округ, Микрорайон Волокно
Менделеева, 36
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 10:00-18:00
Вт: 10:00-18:00
Ср: 10:00-18:00
Чт: 10:00-18:00
Пт: 10:00-18:00
Вс: 10:00-17:00

—> —> Забайкальский край, Чита городской округ, Чита, Центральный район
Балябина, 14
Расположение на карте

санитарный день: последняя пт месяца; июнь-август: пн-пт 9:00-17:00
Пн: 09:00-19:00
Вт: 09:00-19:00
Ср: 09:00-19:00
Чт: 09:00-19:00
Пт: 09:00-19:00
Сб: 10:00-15:00

—> —> Калининградская область, Калининград городской округ, Калининград, Центральный район, Чкаловск
Беланова, 31-37
Расположение на карте

санитарный день: последний день месяца
Пн: 11:00-20:00
Вт: 11:00-20:00
Ср: 11:00-20:00
Чт: 11:00-20:00
Пт: 11:00-20:00
Вс: 11:00-19:00

Ьвьуь

Нохчийн литературин программа хIоттийна шолгIачу тIаьхьенан Федеральни пачхьалкхан юкъардешаран стандартийн лехамашна тIе тевжаш.

Программо билгалдо инвариантни (ца Iамийча цадолу) дешаран курсан дакъа, таро ло белхан программаш хIиттош дешаран коьчал дIасаекъа, курсан дакъош шайн лаамехь хьалха-тIаьхьа нисдеш, хьеха. Программо аьтто бо дешаран цхьаалла ларъярехь а, хьехархойн кхоллараллин лаам ца боьхкуш, таронаш ло дешаран курс тайп-тайпанчу кепара дIахIотторехь а.

Программо Iамо билгалйина нохчийн литературин тоьлла произведенеш, уьш массо юкъардешаран ишколашна лерина а, жамIдаран талламан системица йозаелла а ю. Программо иштта шена чулоцу юкъарчу хьесапера обзораш, тематически а, жанрови а башхаллашца хIиттийна йолу.

Яккхий произведенеш, Iамо атта хилийта, яцйина ялийна.

Коьртачу юкъардешаран ишколашкахь литературин курс тIехьажийна ю дукхакъаьмнийн Россин ца хилча цаторуш долчу культурин декъах санна, литературех болу кхетам дешархошкахь кхиорна, цо аьтто бо массо кепара къиъна ваьлла, граждански кхетам болу, къаьмнашца йолу юкъаметтигаш цхьаьнайогIуш долу адам (личность) кхиорна.

Нохчийн литература ишколашкахь Iамор шен башхаллаш йолуш ду. Нохчий кхиаран социально-исторически башхаллаш а, къоман культурин исторически хьелаш а, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ а тидаме оьцуш, дIахьо литература Iамор. Къоман башхалло шатайпа тIеIаткъам бо дешархошна литература Iаморехь, цундела культурно-исторически хьелаш тидаме а оьцуш, Iамо еза литература.

Исбаьхьаллин произведенийн мотт Iаморо аьтто бо дешархошна дешан исбаьхьаллин (эстетически) декхарш довзарехь, исбаьхьаллин дешнашца кхелина мотт караберзорехь. Цо билгалйоккхуш ю цуьнан мехалла нохчийн литература а, нохчийн мотт а герггара уьйраш тосуш Iаморехь.

Нохчийн литература, цуьнан цхьа дакъа а долуш, къоман культурица юххера йозаелла ю. Юкъаракультурица йоьзна литература Iаморо таро лур ю дешархошна нохчийн литература билггалдолу культурин цхьа дакъа санна иза тIеэца, ткъа иштта нохчийн литературин этнокультурни башхалла а, культура а тидаме эца. Цу кепара билгалйинчу школашкахь кочушъялур ю этнокультурни принцип.

Нохчийн литература герггарчу уьйрашца нохчийн историца а, географица а, исламан баххашца а Iаморо дешархойн дегнашкахь патриотически дог-ойла а, синъоьздангаллин мехаллаш а кхуллур ю, шен дукхакъаьмнийн махках дозалла а дийр ду цо.

– синъоьздангаллин мехаллаш шеца йолу, гуманистически кепара дуьненехьежар а, къоман а, юкъарароссийски а, граждански а кхетам а, патриотически синхаамаш а, ша къоман культурин векал хиларх кхеташ, ларам барца кхийолчу культурашца юкъаметтигаш дIакхехьа хьуьнар долуш долу адам кхиор;

– дукхакъаьмнийн российски культурин дуьненна юкъавахар, цуьнан бух тIехь интеграци яр цхьана дукхакъаьмнийн российски социуме;

– нохчийн литературех а, цуьнан синъоьздангаллин а, исбаьхьаллин мехаллех а, нохчийн яздархойн гIараевллачу произведенех, церан дахарх, кхоллараллех лаьцна долу хаарш карадерзор; нохчийн литературин произведенеш ша еша болу лаам кхиор, произведенийн юкъараадамаллин а, билггала-исторически чулацам билгалбоккхуш, оьшуш болу теоретико-литературни хаамаш балош, исбаьхьаллин произведенешна талламбан хаар кхиор;

– искусствон кхечу тайпанашна юккъехь литературин башхаллийн юкъара хаамаш а, произведенеш шайн исбаьхьаллица тIеэца а, исбаьхьаллин чам бовза а, оьрсийн литературин тексташца юста а, церан вастийн-эстетически системийн башхаллашца доьзна юкъара дерг а, къаьстарг а билгалдан хаар кхиор;

– Iамочу литературни произведених лаьцна шена хетарг ала, мах хадо хаар кхиор;

– Iамочу нохчийн произведенийн бух тIехь массо а тайпа къамелдаран кеп кхиор а, шаръяр а, исбаьхьаллин дашах, цо кхочушдечу исбаьхьаллин гIуллакхах кхеташ хилар, исбаьхьаллин дашца кхелина мотт шена караберзор.

Предметах лаьцна болу юкъара хаамаш

Оьшучу барамехь теоретико-литературни хаарш далар кхочушдо.

Программехь билгалдина хIара дакъош:

1. Литература дешан исбаьхьалла (искусство) санна.

2. Халкъан барта кхолларалла.

3. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

4. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

5. Кхечу къаьмнийн литература.

6. Обзорни теманаш.

7. Литературин теорех болу хаамаш.

8. Дешархошна билгалдина йозанан белхийн тайпанаш.

– шен къоман векал а, дукхакъаьмнийн Российски пачхьалкхан гражданин а ша хиларх кхеташ хилар;

– личностан синъоьздангаллин мехаллаш кхачаме ялор, дукхакъаьмнийн махке безам кхиор, нохчийн литературе (культуре), кхечу къаьмнийн культуре болу ларам кхиор;

– хIума довзаран а, коммуникативни а декхарш кхочушдарехь хаамийн тайп-тайпанчу хьастех пайда эцар (словараш, энциклопедеш, интернет-гIирсаш).

– проблемех кхета а, гипотеза хьалха яккха а, коьчал структуре ерзо а, шена хетарг тIечIагIдеш делил дало а, барта а, йозанан а аларшкахь бахьанин — тIаьхьалонан уьйраш билгалъяха а, жамIаш кепе дерзо а хаарехь;

– ша гIуллакхдар вовшахтоха а, цуьнан мах хадо а, шена самукъане хета болу гуо къасто а хаар карадерзорехь;

– ша гIуллакхдеш юстаран, дуьхь-дуьхьал хIитторан кепех пайдаэцарехь;

– тайп-тайпанчу хаамийн хьасташца болх бан, уьш лаха, талла, ша гIуллакхдарехь царах пайдаэца хаарехь.

Коьртачу юкъардешаран школа чекхйоккхучеран предметни жамIаш лаьтта:

1) хIума довзаран декъехь :

– барта кхоллараллин а, тайп-тайпанчу муьрийн нохчийн литературин произведенийн коьртачу проблемех кхетам хилар; и проблемаш нийса цхьана кепе ерзо хьуьнар хилар;

– произведени а, иза язъяран муьран уьйрах кхетар, цу произведенийн бухехь йолу хенан йохаллехь йовр йоцу синъоьздангаллин мехаллаш а, церан тахана а маьIне хилар билгалдаккхар;

– литературни произведенина таллам бан хаар: хIокху я оцу литературни родан а, жанран а произведени иза хилар билгалдан хаар; темех, идейх кхета а, кепе ерзо а, цуьнан синъоьздангаллин мехаллаш, турпалхойн амалш билгалъяхар, цхьана я масех произведенийн турпалхой буста, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а литературин произведенеш вовшашца юста;

– произведенехь сюжетан дакъош, дIахIоттам, меттан суртхIотторан гIирсаш къастор, чулацаман идейно-исбаьхьаллин агIонаш билгалъяхарехь цара дIалоцучу меттигах кхетар (филологически талламан кепаш);

– литературни произведени толлуш юьхьанцара (элементарни) литературоведчески терминологи евзаш хила езар;

2) мехаллин-некъ бовзаран (ориентацин) декъехь :

–нохчийн литературин синъоьздангаллин мехаллашка кхачор, шен къоман синъоьздангаллин мехаллашца уьш юстар;

– нохчийн литературин произведенех лаьцна шена хетарг цхьана кепе дерзо хаар, церан мах хадор;

– Iамийначу произведенех лаьцна шен кхетам хилар;

– авторна хетачух кхетар, цунах лаьцна шена хетарг ала хаар;

3) коммуникативни декъехь:

– тайп-тайпанчу жанрийн литературни произведенеш нохчийн маттахь лерсица а, цхьанатайпанара а тIеэцар, кхеташ ешар;

– текст тIера цитаташ а ялош, меттан исбаьхьаллин гIирсех пайдаэцарца прозаически произведенеш я церан дакъош юхасхьадийца хаар; ладоьгIначу я ешначу текстан хьокъехъ хаттаршна жоьпаш далар; барта монологически къамелан тайп-тайпана аларш кхоллар; шеца къамел деш волчуьнца оьздангаллин барамаш ларбеш, гIиллакхехь диалог дIаяхьар;

– Iамийначу произведенийн тематикица а, проблематикица а йоьзна изложенеш, сочиненеш язъяр, цIахь а, классехь а йозанан белхаш кхочушбар, юкъара культурин а, литературни а теманашна рефераташ язъяр;

4) эстетически декъехь:

– дешан исбаьхьаллех (искусствох) санна литературах кхетар, эстетически кепара нохчийн литературин произведенеш тIеэцар; нохчийн исбаьхьаллин тексташ тIехь исбаьхьаллин (эстетически) чам кхиор;

– эстетически гIуллакхдарехь нохчийн дашах, литературни произведенийн васташ кхуллуш меттан суртхIотторан исбаьхьаллин гIирсаша дIалоцучу меттигах кхетар;

– меттан дIахIоттаман а, нохчийн, оьрсийн литературин вастийн системийн башхаллашца а доьзна нохчийн а, оьрсийн литературин произведенеш вовшашца юста хаар.

Юккъера юкъарадешаран школехь нохчийн литература Iамош ю 5 – 11 классашкахь. Дешаран планехь нохчийн литература хьеха билгалдина ду 476 сахьт. Царах 5 – 9 класашкахь – 340 сахьт, 10 – 11 классашкахь – 136 сахьт, хIор классехь кIирнах шишша сахьт. Инвариантни декъана билгалдинарг 5, 6, 7, 8 классашкахь 222 сахьт ду, вариативни декъана – 50 ду; 9, 10,11 классашкахь инвариантни 186 сахьт ду, вариативни 18 сахьт ду.

ПРОГРАММИН КОЬРТА ЧУЛАЦАМ

1-ра дакъа. ХХ бIешеран хьалхарчу эхан литература.

Мамакаев Мохьмадан дахаран, кхоллараллин некъ.

Мамакаев Мохьмадан поэзехь Даймехкан тема. Стеган паргIато, сий цуьнан Дймахкаца йолчу юкъаметтигех доьзна хилар. Поэтан лирически турпалхочо дахарх, заманах йо ойланаш. Мамакаев Мохьмадан лирикехь поэтан, поэзин тема.

Нохчийн литературехь Мамакаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гадаев Мохьмадан кхолларалла. Цуьнан поэзехь дуьненах, дахарх, Iаламах йолу ойланаш. Лирически турпалхочун оьздангалла.

Поэтан лирикехь безаман тема.

Гадаев Мохьмадан поэзин исбаьхьаллин басарш, ша-тайпанан аьхналла.

Нохчийн литературехь Гадаев Мохьмадан кхоллараллин мехалла.

Гайсултанов Iумаран дахар а, кхолларалла а. Цуьнан повестийн, дийцарийн проблематика. Вайн заманан кегийрхой гIиллакх-оьздангаллица кхиоран проблемаш хIитторан башхаллаш.

Повестан композици, исбаьхьаллин гIирсаш.

Нохчийн проза кхиарехь, берашна, кхиазхошна йолу литература кхолларехь Гайсултанов Iумаран произведенийн маьIна.

Эдилов Хасмохьмадан дахар а, кхолларалла а. Поэтан кхоллараллин шуьйра проблематика. Даймехкан, маршонан теманаш. Къинхьегаман стаг ларар. Лирически турпалхочун адамашка йолу къинхетаме дог-ойла.

Поэми тIехь суртхIотторан, васт кхолларан поэтически гIирсаш.

Эдилов Хасмохьмадан кхоллараллин башхаллаш.

Сулейманов Ахьмадан дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь къонахаллин, оьздангаллин тема. Къоман гIиллакх-оьздангаллица вехаш, эхь-бехк лардеш волу цуьнан лирически турпалхо. Безаман а, доттагIаллин а лирика.

Сулейманов Ахьмадан произведенешкахь поэтически сурт хIотторан башхаллаш. Цуьнан кхоллараллин мехалла.

2-гIа дакъа. ХХ бIешеран шолгIачу эхан литература.

М. А. Сулаев . Дахар а, кхолларалла а.

Поэтан лирикехь гIиллакх-оьздангаллех, стеган вахаран Iалашонах лаьцна йолу ойланаш. Дайн оьзда гIиллакхаш лардан дезар, шегахь дика амалш: яхь, собар, тешам кхио езар чIагIдар. Iаламан лирика. Даймехкан исбаьхьа, беркате Iалам Iалашдан дезар, цуьнца къинхетаме хила везар.

Романехь кегийрхойн васташ.

Романан маьIна а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

Романан турпалхойн Аьрзу, Маккхал, Iела.

Романан исбаьхьаллин башхаллаш.

Ахматова Раисин дахар а, поэтически кхолларалла а. Даймохк, халкъийн доттагIалла, машаре дахар, къинхьегам, безам, кегийрхойн дог-ойла гайтар. Поэтессин кхолларалла шен хенаца йогIуш хилар.

Ахматова Раисин поэзехь нохчийн йоьIан васт.

Поэтессин лирически турпалхо даима къона, шен Даймохк дукхабезаш, дахарехь хIайт-аьлла хилар.

Ахматован поэзехь безаман тема. Цуьнан лирикин башхаллаш.

Цуьнан турпалхочун кхоллам Даймехкан, халкъан кхолламах къасталур боцуш бозабелла хилар. Поэмин тIехь къинхьегаман, безаман, поэзин, поэтан декхарийн теманаш цхьаьнайогIуш къастор.

Поэмин идейни а, исбаьхьаллин а башхаллаш

Арсанукаев Шайхин кхолларалла.

Поэтан произведенешкахь Даймехкан исбаьхьа суьрташ, Iаламан аьрха хазалла. КIорггера кхетам, оьзда лаамаш болу поэтан лирически турпалхо. Цо дуьненах, дахарх йо йоланаш, адаман ирсехьа къийсам латто иза кийча хилар.

Арсанукаев Шайхи лирикан башхаллаш: чулацам, поэтически гIирсаш, исбаьхьаллин хатI.

Арсанукаев Шайхин поэзин мехалла.

Шайхиев Iалвадин кхолларалла. Цуьнан поэзин шуьйра чулацам а, маьIна а. Шайхиев Iалвади стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш. Цуьнан поэзин ша-тайпана долу хатI.

Шайхиев Iалвадин кхоллараллин мехалла.

Рашидов Шаидан поэзин проблематика, коьрта башхаллаш. Лирически турпалхочун ойланаш, синхаамаш.

Стихотворенеш мукъаме хилар, дуккха а стихаш эшаршка ерзор. Цуьнан стихашкахь поэтически сурт кхолларан башхаллаш.

Лирически турпалхочун халкъах, махках йолу ойланаш.

Ахмадов Мусан произведенийн коьрта проблемаш, теманаш, турпалхой.

Ахмадов Мусан кхоллараллин обзор: бIешерашкара схьадогIу къоман оьздангаллин ламасташ хIинцалерчу заманан лехамашца къовсаме довлар, чолхечу дахаран галморзахаллаш адам эхь-бехках юхадалар, гIиллакх лахдалар, халкъан ламасташка лерам бацар къомана бохаме хилар; оьздангаллех ца вухуш, гIиллакх лардеш дахаран халонех чекхвалар

Ахмадов Мусан прозин исбаьхьаллин башхаллаш.

Дикаев Мохьмадан лирика. Поэтан шен Даймахках, ша схьаваьллачу халкъах дозалла даран ойла, патриотически синхаамаш, къоман хиндерг ирсе хила лаар — цуьнан кхоллараллин коьрта чулацам.

Дикаев Мохьмадан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш. Цуьнан поэтически хатI.

Абдулаев Лечин лирика. Поэтан стихийн коьрта проблематика а. филофски чулацам а. Лирически турпалхочун амалшкахь нохчийн къоман гIиллакх-оьздангалла. Поэтан стихан шатайпаналла.

Бексултанов Мусан кхолларалла.

Цуьнан прозехь дахар шатайпанчу исбаьхьаллин хотIехь гайтар. Яздархочо кега-мерса долчу хIумнашкахула, царех чекххьежарца дахаран чолхе, шайн кIорггера маьIна долу гIуллакхаш, хьелаш къастор.

Къоман хиндерг халкъан ламасташ, гIиллакх-оьздангалла ларъярца дозаделла хилар произведенешкахь чIагIдар. Турпалхойн амалш гайтаран, церан васташ кхолларан башхаллаш.

Яздархочун кхоллараллин маьIна, исбаьхьаллин башхаллаш. Халкъан барта кхоллараллица уьйр хилар.

Бисултанов Аптин поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун шен Даймахке, халкъе, болу безам. Яхь йолу кIант кхиийначу ненан сийдар. Граждански лирикин исбаьхьалла.

Бисултанов Аптин поэзин исбаьхьаллин хатI.

Эльсанов Исламан произведенешкахь хIинцалерчу дахаран сурташ, адамийн кхолламаш. Турпалхойн амалш гайтаран башхаллаш.

БойсагIар а, ТIелхаг а.

3-гIа дакъа. ХХI бIешо долалучу муьран литература.

4-гIа дакъа. Кхечу къаьмнийн литература

ГIалгIайн литературах юкъара хаамаш.

ГIалгIайн литературех хаамаш.

Яндиев Джамалдинан поэтичнски кхолларалла. Поэтан лирика. Цуьнан лирически турпалхочун ойланаш а, синхаамаш а. Шен махке, халкъе болу аьхна безам. Поэтан дог халкъан лехамашца детталуш хилар. Цуьнан лирикехь Iаламан хазалла, аьхналла.

Яндиев Джамалдинан поэзин башхаллаш.

Элисин, Чербижан Анзоран, Важиян васташ.

Казбегин турпалхой – нохчий, гуьржий – шайн сий, маршо, паргIато ларъечу къийсамехь, вежарий санна, бертахь хилар.

Кулиев Кайсын – балкхаройн поэт. Цуьнан поэзин башхаллаш. Поэтан лирически турпалхочун ша винчу лаьтте, хьомечу Даймахке, халкъе болу безам. Шен дахар адам ирсе кхачорна дIадала иза кийча хилар.

5-гIа дакъа. Обзорни теманаш

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран хьелаш (Обзор).

Сийлахь-Боккхачу Нохчийн литературехь Даймехкан тIеман (1941–1945) тема (Обзор).

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран хьелаш а, хIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш (Обзор).

6-гIа дакъа. Литературин теори а, истори а.

Нохчийн исбаьхьаллин литература кхоллаяларан хьелаш, къоман йозанан литературин хьостанаш. Нохчийн литературехь поэзин, прозин, драматургин жанраш кхоллаяларан а, кхиаран а башхаллаш. Йозанан литературин нохчийн барта кхоллараллица уьйр хилар.

Литературин тайпанаш: эпос, лирика, драма.

Литератрин жанраш. Эпически жанраш: дийцар, повесть, роман. Лирически жанраш: стихотворени. Драматургически жанраш: комеди, драма, трагеди. Лиро-эпически произведенеш: поэма, баллада, басня, стихашкахь повесть, стихашкахь роман.

Исбаьхьаллин произведенин формех а, чулацамах а болу кхетам кIаргбар. Исбаьхьаллин прпоизведенин чулацам а, маьIна а. Тема, проблематика, сюжет, дIахIоттам (пролог, юьхьйолор, долор, кульминаци, къастор, тIаьхьара дош, монолог, диалог, лирически юьстахдийларш). Исбаьхьаллин произведенин васт, персонаж, турпалхо. Лирически турпалхо. Авторан васт. Авторан къамел.

Исбаьхьаллин произведени тIехь къовсам (конфликт). Драматургически къовсам.

Проза а, поэзи а. Церан башхаллаш.

Стих кхолларан кепаш. Стих кхолларан силлабо-тонически кеп. Стихан барамаш. Стихан гIулч. Хорей, ямб, дактиль, амфибрахи, анапест. Строфа, ритм, рифма.

Исбаьхьаллин произведенин меттан гIирсаш: дустар, эпитет, метафора, юьхьедерзор, гипербола, метоними.

Нохчийн литература ХХ бIешеран хьалхарчу эхехь кхиаран башхаллаш.

Нохчийн литература ХХ бIешеран шолгIачу эхехь кхиаран башхаллаш.

ХIинцалерчу поэзин, прозин башхаллаш.

Теоретико-литературна хаарш далар исбаьхьаллин произведенеш Iамош а кхочушдо, цул совнаха литературин теори Iамо хан а билгалъяьккхина Программи тIехь.

7-гIа дакъа. Литература Iамош кхочушбечу барта а, йозанан а белхийн коьрта тайпанаш.

Исбаьхьаллин произведенин чулацам тайп-тайпанчу форманашкахь схьабийцар: чулацам текстана юххера бийцар; произведенин сюжетан сиз а лардеш, коьрта хиламаш схьабийцар; шайн къеггина маьIна долу цхьа-ши эпизод йийцар; билгалволчу турпалхочух йозаелла йолу меттигаш йийцар.

Исбаьхьаллин произведенин текст маьIна деш схьайийцар.

Литературах, юкъараллин дахарх лаьцна йолчу статьян чулацам схьабийцар.

Стихотворенеш, прозаически произведенийн дакъош дагахь дешар.

Произведени тIера исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаш билгал а бохуш, эпитетийн, дустарийн, метафорийн, геперболийн олицетворенийн, иштта дIа кхиболчу а суртхIотторан гIирсийн башхаллаш къастор.

Кхочушбечу барта а, йозанан а белхан план х1оттор.

Литературно-критически белхийн тезисаш, конспекташ.

Барта а, йозанан а тайп-тайпана сочиненеш. Царна юккъехь хир ю литературин материала тIехь язъеш ерш а, дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух лаьцна язъеш ерш а.

Литературин материал тIехь язъечу сочиненийн герггарчу хьесапехь долу тайпанаш:

– исбаьхьаллин произведенийн васташ къастош йолу сочиненеш;

– произведенийн тематика къастош йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенин идейни чулацам билгалбоккхуш йолу сочиненеш;

– обзорни теми хьокъехь йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенийн хорманех лаьцна йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин литературан произведени искусствон кхечу форманехь йолчу произведенех юстуш йолу сочиненеш;

– исбаьхьаллин произведенех кхоллараллица пайдаоьцуш язъеш йолу сочиненеш.

Дешархоша шайн тидамех, шайна зеделлачух, девзинчух лаьцна язъеш йолчу сочиненеш хила тарло шайн гIаланах, юьртах, юьртахойх лаьцна. Юкъараллин дахарх, даймахках, халкъийн доттагIаллех лаьцна сочиненеш.

Шаьш цIахь ешначу книгашна рецензеш.

Шайна гинчу кинофильмашна, спектаклашна отзываш.

Литературин материал т1ехь доклад, къамел кечдар (цхьаннах я масех книгех пайдаоьцуш).

Интернет ресурсашкахь йолчу материалан барта мах хадор а, рецензи язъяр а.

Шаьш ешначу книгина, хьаьвсинчу кинофильмана, телепередачина, шайна гинчу спектаклана рецензи язъяр.

Шайн школин а, г1алин (юьртан) а дахарх лаьцна къамел кечдар, доклад язъяр.

Слайд:

(I930 – 20I2)

АрсанукаевгIеран Iабдулмуслиман Шайхи

«Ма ала кура ву, айбича корта –

Башлаьмнийн баххьашка

Хьежна ву со.

Цундела лууш ву

Лакхене гIорта —

Лакхенехь дахаран

в кадре:

— Халкъан поэт Арсанукаев Шайхи дика вевзаш ву вайн махкахь. 60-чу шерашкахь хаза доладелира нохчийн поэзехь къоначу поэтан аз. -ХIетахь дуьйна шен чулацамца шорлуш, поэтически говзаллица хазлуш, вайн деношка схьа догIуш ду и аз.

слайд:

в кадре:

Арсанукаев Шайхи нохчийн поэзе шен корматалла а, говза дош долуш а веара. Цуьнан корматалла кхиъна нохчийн классикийн С. Бадуевн, М. Мамакаевн, I. Мамакаевн поэзи тIехь.
-Даймехкан сий дар, цуьнан дуьхьа шен вахар, са дIадала кийча хилар – иза ду цуьнан поэзехь къеггина гуш дерг. Цуьнан кхоллараллехь уггар хьалха хаалуш дерг – иза цуьнан къинхетаме а, адамашка а, Iаламе а болчу безамах дуьзна долу дог ду.

— Арсанукаев Шайхи поэт-интернационалист, гуманист ву. ТIамна а, къизаллина а дуьхьал гIотту поэт шен стихашкахь. Шен кхиарехь лаккхарчу тIегIан тIе хьалайаьлла цуьнан поэзи .

слайд:

—ХIинцалерчу нохчийн литературехь бакъйолчу поэзин цхьа агIо йу Арсанукаев Шайхин кхолларалла. Шатайпа атта адамийн дегнашка кхочуш, шайца лаккхара исбаьхьаллин аьхналла йолуш, йоьшучуьнан кIорггера синхаамаш меттахбохуш, дахаран ойла йойтуш йу цуьнан произведенеш.

в кадре:

Слайд:

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк.
Iуьллу и новкъахь,
Iуьллу дIасалелачу адамийн
когаш кIел!

в кадре: Кхузахь поэтан бIаьрг тIехIоьттина лаьттахь, адамаш дIасалелачохь, когаш кIел Iуьллучу баьпкан йуьхкана. Лаьттахь Iуьллу баьпкан йуьхк а, и тергал ца йеш, ца гуш санна, цунна тIехдуьйлу адамаш а. И сурт поэтана Iаьткъина. Цуьнан синтем байна, дог карзахдаьлла:

Слайд

ТIехбуьйлу…
ТIехбуьйлу –
ца гуш санна,
ТIехбуьйлу –
бен доцуш.
ТIехбуьйлу –
ойла ца йеш.
ТIехбуьйлу –
шайн модни мачашца
кхоамза,
дахаран цуьрг а хьоьшуш!
ТIехбуьйлу….

в кадре: Оцу суьрто инзарваьккхинчу поэтана карладолу хьалха хилларг, адамо хьалха лайнарг. ХIинца шена гуш дерг оцу хьалхалерчуьнца ойланехь дуьстича, кхин а чIогIа тохало поэтан дог, карзахбовлу синхаамаш, дулало аз. Иза гучудолу йухааларш далорца а, айдаран хьаьркаш хIитторца а, дукхатIадамаш дахкарца а.

Слайд

ТIехбуьйлу –
Ленинградан блокада
Цкъа а ца хилча санна.
ТIехбуьйлу –
къизачу тIеман
бIаьстенан йуьххьехь,
мокхачу арахь,
шийлачу мохо лоькхучу
эгIазчу бераша
ах дешначу лайн кIелхьара
берцан кан
цкъа а ца лехьийча санна!

в кадре: Кхузахь поэтан дог-ойла, синхьегам шаьш кхиарехь лакхарчу тIегIане кхаьчна. Цул тIаьхьа цецвийлар, тамаш бар лах а лой, шена гинчун хьокъехь паргIат ойлайаре волу иза. Стихотворени йерзош и шайца дIайолайелла дешнаш делахь а, хIинца церан маьIна кхин ду, иза хаало интонацехь. Хьалха айдаран хьаьрк хIоттийначохь хIинца дукхатIадамаш дехкина поэта:

Слайд

Баьпкан йуьхк Iуьллу.
Дийнна баьпкан йуьхк!
Iуьллу и новкахь.
Iуьллу дIасалелачу адамийн
Когаш кIел…

в кадре: -Поэтан доггах кхоьллинчу исбаьхьаллин васто вайн синхаамаш а карзахбоху, дог Iавжадо, ойланашка доху.

Слайд

Петербургах хьалха Ленинград олура. Оцу гIалина йина блокада йу стихотворенехь хьахийнарг. Фашистийн Германис , I942-I943-чуй шерашкахь Ленинградана го а лаьцна. Цу чохь беха маьрша нах мацалла балийта, и ГIала шайн карайерзо хIоттийна мацалла йу йуьйцург. Ткъа иштта вайн къам махкахдаьккхинчу хенахь, мацалла ца дала, бераша лайн кIелара лехьош хилла берцан кенаш а хьахийна поэта шен стихотворенехь.

Слайд

I. Цуьрг-крошка,

2. Баьпкан йуьхк- кусок хлеба,

3. ЭгIаза бераш- хилые, худые дети.

-Хьоме бераш, тахана вайна девзи башхачу поэтан Арсанукаев Шайхин дахар а , кхолларалла а. Йийцаре йи цуьнан поэзин башхаллаш а.

Слайд

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг, – хьо цхьалха ву!

в кадре: -Къоман са ду мотт, цуьнах доьзна ду вайн дахар. Шен мотт а, халкъ а дезаш кхане кхуьийла вайн махкахь!

Iодика йойла шун, марша Iойла!

2-гIа дакъа.

Хаарш –зер (тренажер)

(нийсаниг харжа)

а) Мацалла. б) Ирсе дахар.

в) Къизалла г) Бахаман шорто.

2.Шуна хетарехь стенна сагатдо поэто?

б) дIасалелачу адамашна

в)баьпкан йуьхк хьешарна

3.Цуьнан произведенийн, сборникийн цIераш билгалйаха.

Читайте также:

      

  • Беднарская учимся писать сочинение скачать бесплатно
  •   

  • Сочинение на тему правила поведения
  •   

  • С чем связано ощущение родины у русского человека сочинение
  •   

  • Как избежать одиночества сочинение
  •   

  • После бала итоговое сочинение 2022

Нохчийн мотт (оьрс. Чеченский язык) — вайнехан меттанашна юкъа богIу мотт а, нохчийн къоман мотт а бу.Нохчийн мотт баьржина Нохчийн Республикехь, ГIалгIайчохь, ДегIастанан Хаси-Эвлан кIоштахь, Iовхойн кIоштахь, Бабаюртан кIоштахь, Кизилюртан кIоштахь, Гуьржийчоьнан Ахметан муниципалитетехь а. Россехь нохчийн мотт шен барамца пхоьалгIа меттехь бу (оьрсийн, ингалсан, гIезалойн а, немцойн а меттанел тIаьхьа). Нохчийчоьнан (оьрсийн маттаца нийсса) официалан мотт а, кхин ДегIастанан литературан меттанех цхьа мотт а бу иза. Iилманчашна хетарехь, нохчийн йозанан истори шен орамашкахь дукха генара схьайогIуш ю. Кхо-диъ эзар шо хьалха баьхначу хуррой, урарташ олучу къаьмнийн йоза туьдуш, Iилманчаша пайдаоьцу хIинцалерчу вайнехан меттанех а. Ширачу урартийн, хIинцалерчу нохчийн меттанашкахь цхьаьнайогIуш алссам меттигаш карайо. Уьш ю лексикехь, морфологехь, синтаксисехь, дошкхолларан кепашкахь. Оцу а, кхин болчу а историн хаамашна тIе а тевжаш, дуьненахь а шайн цIерш евзаш болчу Iилманчаша билгалдаьккхина: нохчий, гIалгIай, бацой шех схьабевлла долу шира къам Урарту пачхьалкхерчу къаьмнийн маттаца шен мотт цхьаьнабогIуш хилар. Цу тIе а доьгIна урартийн зайла туху йоза нохчийн а шира йоза ларало, боху Iилманчаша.
Нохчийн йоза заманан йохаллехь хийцалуш схьадеана. Историн а, идеологин а хьелашка хьаьжжина йоза гIеллуш а, довш а хенаш яьхкина. Амма кхечу графикин бух тIехь юха кхоллалуш хилла нохчийн йоза. Иштта Iилманчаша билгалдаьккхина цхьаьна хенахь ширачу нохчаша грекийн а, цул тIаьхьа эрмалойн а графикица долу йоза лелийна хилар. Ткъа хIинцачул XI-XII бIешо хьалха Нохчийчохь гуьржийчуьнца догIуш долу йоза лелла хилар а чIагIдо Iилманчаша. XV-XVI бIешерашкахь Нохчийчу бусалбан динца цхьаьна Iаьрбийн йоза деъна. Нохчийчохь хьуьжарш яхка йолийна. Хьуьжаршкахь Iамош хилла Iаьрбийн йоза а, бусалбан дин а. ТIаьхьо Iаьрбийн йозанах пайдаоьцуш нохчийн абат кхоьллина, нохчийн маттахь жайнаш а, кхин болу дешаран гIирсаш а арахецна.
Буьйцучу маттаций бен цхьа а хIума дийца йиш яц вайн. Историх, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках — доцца аьлча, цхьана а хIуманах лаьцна хIумма а ала а, дийца а адамийн таро хир яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.
Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре ца хилча йиш йоцу гIирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. ХIора халкъан ненан мотт — цуьнан дахаран хазна ю. Ненан мотт хIора къоман а, хIора халкъан а оьздангаллин бух бу. Иза кIорггера дика Iамор вайн декхар ду.
Яздархочо К. Паустовскийс нийса яздина ненан маттах лаьцна дешнаш: «ХIора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан оьздангаллин барам къастийна ца Iаш, цуьнан гражданийн мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду. Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь, маьIна долуш бац.
Мотт вай Iама а бо, дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц, саццаза Iамо декхар а ду…»
Мотт адамийн дахарехь ца хилча ца торуш юкъараллин нуьцкъала а, хьекъалан а гIирс бу. Юкъараллин дахар а, къахьегар а бахьанехь кхоллабелла а, кхуьуш схьабеана а бу мотт. Адамийн дахар а, говзалла а, Iилма а, оьздангалла а — адамашна а, юкъараллина а оьшуш дерг дерриг а кхио гIодинарг мотт бу. Мотт а, ойла а, кхетам а, хьекъал а чIогIа вовшех дозуш ду. Вешан ойла а, дагахь дерг а вай дIадуьйцу маттаца. Мотт ойланан дегI ду, ткъа ойла меттан сурт ду.
ХIума хааран а, хIуманах кхетаран а ойланах кхетам олу, ткъа адамийн дахарх а, къинхьегамах а, Iаламах болчу кхетамах хьекъал олу. Доцца аьлча, хьекъал хIуманах вайн болу кхетам бу. Дуьненахь къаьмнийн меттанаш дукха ду.
Iилманхоша дерриг а дуьненахь 3000 сов къоман мотт лерина, кегий, даккхий къаьмнийн меттанаш лерича. И меттанаш, вовшашна герга а, вовшех тера а хиларе хьаьжжина, меттанийн тобанашка декъало. ХIора меттанийн а тIехь, тайп-тайпана башхаллаш ю. Уьш вовшех къаьста меттан дешнашца а (лексикаца), цуьнан грамматикица а. Вовшийн гергара хиларе терра, славянин меттанийн тобана юкъадогIуш ду ду оьрсийн, украинийн, белорусийн, болгарийн, полякийн меттанаш, ткъа вайнехан меттанийн тобана юкъадогIуш нохчийн, гIалгIайн, кIистойн меттанаш.

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение дастархан 3 класс по картине галимбаевой
  • Сочинение гъэмахуэ на кабардинском гъэмахуэ
  • Сочинение дареному коню в зубы не смотрят
  • Сочинение гъатхэр къэсыгъ на адыгейском языке
  • Сочинение данэм сыхэсми сыхэхэсщ

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии