Сочинение доттаг1 вонехь вевза

                 Дийцар.

   «Доттаг1алла»                       

        АВТОР:

 Мучураева Раиса Татаевна

Нохчийн меттан а,

литиратурин а хьехархо

Наурски к1оштан

МБОУ «Николаевски СОШ»

Картинки по запросу оформление конкурсного сочиненияТел: 8938 002
83 47                                                  

Email: muchuraevaraisa@mail.rum                          

                     
                              
   Доттаг1алла.

«Доттаг1», «Доттаг1алла тасар», «Доттаг1алла». Х1ун маь1на
чулоцу техьа х1окху дешнаша? Оцу кхетамна дуьззина, хила ма- деззара, маь1на
даста хуур дарий Шуна? Халкъан хьекъало боху: «Доттаг1 верг- ваьлла, эзар сту
берг-вайна», «Доттаг1 вонехь вевза», ткъа  кхин а масане ду уьш.

    Бакъволчу
доттаг1чуьнга г1о-накъосталла ахь деха оьшуш дац. Цунна шен хуур ду, хьуна
оьшург. Хьан г1алаташ а лоьхур дац цо, мелхо а уьш хьулдан г1ертар ву. Цкъа а
вас йийр яц, амма бакъ-харц хьоьга юьхь дуьхьал эр ду. Яц цуьнан хьоьца цхьа а
хьаг1, хьан массо а къайленийн дог1а ду и. Дика доттаг1 воцург- г1орасиз ву.

     Дахарехь,
х1ора а, доттаг1алла тасадаланза хир дац. Дика доттаг1ий хиларо адаман са ирсе
латтадо. Уллора доттаг1чуьнга хьаьжжина хуьлу, хьоьга нехан ларам. Халахеташ
делахь а, цхьадолу доттаг1алла гена ца долу, ша долалушехьа а моттарг1ана , я
кхечу кепара юкъаметтиг хиларе терра, наггахь ч1ог1а дог а долуш. Вайна
х1оранна а коьрта ду, доттаг1алла цхьана кхечу ямартачу юкъаметтигех къасто
хаар. Цунах кхетархьама, вайна хаа деза, бакъдолу доттаг1алла муха хила деза.
Т1аккха бен хоийла дац, ша муха доттаг1 хила веза а.

     Доттаг1алла
– иза адамашна юкъара к1орггера уьйр ю, шена чохь тешам, г1о-накъосталла хилла
ца 1аш, чоьхьара гергарло, дог ц1еналла, безам, ларам болу. Цкъа делахь,  доттаг1аллин
безам болу синмехалла  ю и. Шолг1а делахь, доттаг1алла хаьржина тасалуш а дац.

   Иштта
кхолладелла  гергарло ду сан дийцаран турпалхойн а.

    Дений,
Мохьмаддий дукха жима волуш дуьйна, ши доттаг1 ву, я олуш ма хиллара, аганара
ваьлчахьана а. Ткъа гергарло-м цаьршинна хилла а ца 1а, церан дайн-нанойн а ду.
Ши к1ант школе а цхьаьна оьху, цхьана классе. Урокаш цхьаьна йо, ловза а  ловзу.
Хьуьжарехь а даима цхьана ву, ламаз эца а, дан а, цига эха волавалале 1амийнера,
шинна а. Цара говза а 1амийра иза. Масала, Денис ламаз бисмиллан хьалхара мог1а
болабора, шолг1аниг Мохьмада буьйцура, иштта д1а кхин а.  Ч1ог1а духавеза и шиъ
вовшашна. Цундела, барт а хуьлу церан. Цхьаъ цомгуш хилахь, важа оцу минотана
схьакхочу: книжка йоьшу, туьйранаш дуьйцу, урокаш еш г1о до. Ц1ерачара цхьаъ
човхийна, дов динехь, вукхо къинхетамца дог хьосту. Берашна юкъахь дар-дацара даьлча
а, вовшашна т1ех1утту. Нийсархой хьоьгуш гергарло ду цу шиннан. Мел доккха ирс
ду, хила ма везза доттаг1 нисвелча!

    Цхьана дийнахь, Денина дас велспед ийцира, дукха хенара цуьнан лаам
кхочуш хилира. Денин ма-еззара сийна, къегина бос а болуш, ц1ийзаш-к1еда
охьахоийла, зевне горгали а болуш. Дуьххьара иза хиънарг, кхин мила хир вара,
Мохьмад воцург. Цунна ч1ог1а хазахийтира шен доттаг1чун велспед эцна, иштта хазаниг
кхуьнан шен цкъа а хилла а яц. Х1унда аьлча, Мохьмадг1еран доьзалехь кхин
дуккха а кегий йижарий, вежарий бу кхуьуш, ткъа Дени шен ден, ненан цхьаъ бен
вац.

 -Мохьмад,
хьуна хазахетий сан велспед?- хаьттира Денис доттаг1чуьнга.

   — Хахка
лаьий хьуна? Х1ан, д1алаца, рогг1ана хехкалур ву вайшиъ, тхан ц1ийнан гонаха.
Хьо хьалхара ву, ткъа со цкъачунна, г1анта т1е охьахуур ву.

     Мохьмад
хазахетарца хьалаиккхина, Денин велспеда  т1е кхоссавелла, охьа а хиъна горгали
бекийра, д1ахаьхкира. Ц1ийнан гонаха масийттаза хахкавелира.

   -Ва, ма дика
а ду. Цхьа тамашена, даг т1е гилдигаш дуьйлийца, дукха воккхаверна.

 -Сихха
валахьара Мохьмад, ма хохкур яра-кх ас иза. Эх1, ма хир ду-кх иза! Ма велспед ю
иза! Х1окху куьпарчу берашкахь ю моьтуш а вац со и саннарг. Тахана дика сайна шаръялийтина,
кхана дуьйна, шина а урамехула хахка мегар ду. Суна хаьа, массара а хаза ю,
бохур ду. Дени шена а ца хууш ойлане ваьллера, цунна дагатуьйсура велспед
хаьхкина воьду ша. Массо а: урамера жима а, воккха а арахь бу. Воккхастаг
Зайнди а хир ву, гуттар а санна, кет1ахь. Цо эр ду: « Х1ай, х1ай, ваши к1ант
ледар-м вац, машен новкъа ма валалахь!» Бераш мохь беттара бу:

 -Соьга
хохкуьйтур юй ахь?!  – Соьга а!  – Соьга а!…

   Амма
воккхавер дах ца делира,  Ц1еххьана, даьллачу татано дохийра дерриге а!

    И муха
нисделира, хала ду кхета, амма, цхьабакъ ду, Мохьмад йоллучу чехкаллица д1адийначу
диттах кхетта, охьакхийтира. Йохийначу голаш т1ера ц1ийш охьахьаьдира, белшаш
лозура. И дерриге а кхин ирча а дацара, д1о дитт уллора йохийна, эрчаяьккхина,
еълара а кхетта 1уьллуш Денин ц1ена, керла велспед яцахьара. Цу т1е, къегаш
хилла болу гур, х1инца чкъург т1ехула цхьа сингаттаме кхозура. Дукха халачу
х1оттарна, дог аракхоссадала санна детталора Мохьмадан.

-Х1инца х1ун
дан деза ? Денина юьхь дуьхьал муха хьожур ву?

  Ткъа важа-м,
хьаьдда вог1уш вара, Мохьмад хьеваларна цецваьлла.

     -Дени,
ца хууш нийсделир-кха и. Суна къинт1ера валахь! Волий хьо? Дени, ахь
самагатделахь, ас айса цхьаъ дийр ду цунна. Дика дуй?!

    Амма
Денин б1аьргаш хих буьзнера. Ой, хиъна делира цунна иштта хир дуйла. Шена оццул
езаш йолу велспед, хахка а ма ца ларийнера иза.

    Мичара
вели ца хууш, к1енташна ведда т1евеара лулахо Рамзан. Дукха хан яра, цуьнга кхеран
доттаг1алла ца дезаш. Я шен цхьа а доттаг1 ца хиларна, хьаг1 ярий а ца хаьа.

 -1алелай! – Цецаллица ц1истдеш, вистхилира Рамзан. – Ас бехира хьоьга,
Дени, эрна леладо ахь Мохьмадца доттаг1алла. Цо хьуна х1уьттаренна ма дина иза.
Цуьнан ян а ма яц, иштта велспед. Хьайн дега х1ун эр ду ахь?

Мохьмада
велхаран къурдаш сецош, багара даьккхи:

  — Бакъ дац,
ас х1унда дийр дара и х1уьттаренна. Ма тешалахь цунах, Дени. Мохьмадан шен бехк
ца хилар д1акхачо лаьара доттаг1чуьнга. Дени г1ийла шен кагъелла велспед
лаьттара хьала а гулйина, ц1ехьа вахара. Цунна  улло а х1оьттина, Рамзан
вахара, ч1ог1а мохь а бетташ:

   -Х1аъ,
суна сайна, корехула ма гира, чехкаваьлла, ловзаваьлла, хьажа а йина цо велспед
диттах тухуш. Иштта ву-кх, хьан доттаг1. Дагахьбаллам, дегабаам, б1аьрхиш,
ницкъ ца кхачар – оцу дерригено, хьукъвинера Мохьмад.

     К1ант
ц1а веъча, нана яра ч1епалгаш доттуш йоллуш. Меллаша цунна т1ехъиккхина, шен
жимачу ц1ачу вахара иза. Ч1епалгашна ч1ог1а т1ера волу к1ант, ца соцуш
д1авахарна, цхьаъ тосаделла, цунна т1аьххье чу а яхана, хаьттира: «Лозуш х1ума-м
яц хьан?  Схьавола, х1ума яа хьайна». – Х1ан- х1а, нана, ас Дениг1аьргахь йиъна,
аьлла тешийра цо и. Мохьмадана, х1инца ша а висина, ойланаш ян лаьара, Делера
г1о деха а. Ма ч1ог1а лаьара цунна, Дени шех теша а тешна, къинт1ера волийла,
шаьшшинна гергарло хьалха санна хуьлийла а. И санна дерг, царшинна  юккъехь
хилла дацара, цкъа а.

    Сахиллалц
вон наб йира Мохьмада. Сих-сиха кхералой самаэккхара. 1уьйре хуьлучу хенахь
ч1ог1а наб  кхийтира, амма дукха ца 1аш нанас самаваьккхира: « школе ваха веза»,
— аьлла. Селханлера хиламаш коьрте хьийзара, ирачу уьрсо санна чевнаш еш. Гор
я1, мел ира а, чолхе а чулацам болу кинофильм, мультфильм юханехьа листало,
иштта листалуш делира х1ара дахар а, хетара Мохьмадана. Т1аккха х1ун хир дара?
Х1ун хийцам хир бара? Ойла йоьхнера цуьнан.

    Мохьмад
дадин ц1а чу хьаьжира. Гуттар а санна, суьлхьа хьовзош 1ара дада. Дикка цуьнан
юьхь т1е хьаьжира к1ант, эсала а, парг1ат а хийтира цунна шен ден юьхь. Кхунах-м
теша мегар ду, — аьлла, цуьнгахьа г1улч яьккхира Мохьмада, халла б1аьрхиш
сецош.

— Дада, г1о
дехьа, бохам хилла-кх суна. Дас лерина ладуьйг1ира шен воккхах волчу к1анте,
т1аккха элира:

— Тахана со
балхахь ву. Вайшиъ туькана г1ур ву, керла велспед эца Денин, йоьхнарг хьайна
йита. Ахча духалург луш ду ас хьуна. Аьхка, хорбузаш т1ехь ахча а даьккхина ,схьалур
ду ахь, аьлла велавелира дада. Реза вуй, хьо?

     -Реза
ву, дада! Дела реза хила хьуна!

     — Кечло
сихха, школе т1аьхьавуьсур ву хьо.

    Шен классачу
Мохьмад самукъане чоьхьа велира. Дени волчу аг1ор д1ахьаьжча, шега оьг1азе
б1аьрг бетташ тидам хилира кхуьнан, х1ара эсала велакъежира.

   Урокаш
чекхьевлча, т1ома вала санна, чехка ц1а ведира Мохьмад. Хьалхалерачул а хаза,
керла, къегаш  велспед лаьттара сонехь, дадас вовшахтесна, кийчча. Мел дика
дада ву-кх Мохьмадан, даима шен к1антана г1о дан кийча ву иза. Мохьмада шен
т1оьрмиг лаьтта а х1оттина, велспедах ка а тоьхна, воккхаверца ирах кхийсалуш, Дениг1аьрга
д1атилира. Кевнехь Зулай- деца дуьхьал кхийтира, Денин нана. Цецъяьлла лаьттара
иза. К1анта сихха де дика а дина, доцца, амма кхетачу аг1ор д1адийцира дерриге
а, бакъду кхетта-м ца хийтира кхунна и.

  -Велспед
кагйинарг мила ву? Хьо ву? Дени вац? Ма тамаш бу и. Изза ала ларийра Зулай,
ц1ена велспед уьйт1а д1а а х1оттийна, ша йохийнарг схьаоьцучу юкъана. Цхьа дика
нисделира и, Дени школера ц1а кхачале. Аьтто хили сан! Ткъа х1инца, дадица цхьа
тассаме болх бу бан безаш – техника тоян. Дала мукъалахь, шиъ цхьаьна ларор ву,
цунах шеко яц. Ойла йича, мел дика доттаг1 ву Дени. Шен нене дийцина а ца
хилла. Денис йохийна моьттуш болчу цара, ма  дов дина хир ду мискана. Х1умма а
дац, Мохьмада и цкъа а дицдийр дац. Эрна къахьегна хуьлу-кх ткъа ямартчу
Ризвана, х1орш эг1о г1ерташ. Далла бу хастам! Харцо Дала цкъа а толор яц!

  И дерриге
коьрте хьаьвзина, ойлане а ваьлла, лаьттачу Мохьмадан тийналла йохийра,
чоьхьаваьллачу Денис. Вист ца хуьлуш лаьтта Дени, иштта лаьтташ Мохьмад а ву.
Вовшашка хьоьжуш лаьтта и шиъ. Я эша а оьший кхузахь цхьа а дош? Ишта а ду,
дерриге а кхеташ. Дукха х1ума ца оьшу адам зен.  Ц1ена бакъ ду иза. Деза,
Сийлахь гергарло ду – «Доттаг1алла!»

Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.








Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



28 Май, 18







ответил

28 Май, 18


от
Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.

Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.








Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



28 Май, 18


Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.








Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



28 Май, 18


Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.








Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



28 Май, 18


Доттаг1

Иса Махмудов

Олуш ду вайнаха, хьайна цхьаъ эшначохь

Г1о деха ма г1олахь хьо доттаг1чуьнга.

Бакъволчу доттаг1чун шена ма хуур ду,

Шегара г1о-накъосталла хьуна оьшуш хилахь.

Цундела лекха ву,сан дагна веза ву,

Тешаме ша волу сан дика доттаг1.

Цуьнан хьехар хуьлу маь1анах дуьзна,

Цунах а воккхавеш, сан дог ду дуьзна.

Ца лоьху г1алаташ, ца доху бехкаш,

Бакъ-харц схьаолу, вас ца еш дагна.

Яц цуьнан соьца хьаг1, ю ц1ена ойла,

Ду иза сан массо а къайленан дог1а.

Доттаг1 шен воцуриг ву г1ортор йоцуш,

Доттаг1 а воцучохь, сингаттам кхиъна.

Юкъ-меттиг ца юсту сан хьал-бахамца,

Ца хоьржу сан тайп а я тукхма цо.

Цунах ду ала дош дозаллех дуьзна,

Ас лекха уьйуш ду тхайн доттаг1алла.








Tokmagambetovr_zn

(60 баллов)



28 Май, 18


Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение доброта по тексту пантелеева
  • Сочинение доступ к егэ 2022
  • Сочинение доброта по тексту лихачева
  • Сочинение достопримечательности уфы
  • Сочинение доброта в произведении куприна чудесный доктор

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии