Обновлено: 11.03.2023
Здесь Вы можете скачать Чеченский Изложение Г1Алара Хьаша. Также рекомендуем скачать бесплатно mp3 песню Учим чеченский язык размером 10.09 MB. Слушайте онлайн и скачивайте mp3 в высоком качестве.
Слушают
Чеченский Изложение Г1Алара Хьаша
This Is Amazing Grace Lyrics
Евгений Онегин Соч 24 Действие Iii Картина 2 No 22 Заключительная
Taylor Swift Cardigans
Delerium Feat Jes Stay Original Mix
Kingsman The Golden Circle Fight Over Briefcase
The Gohst I Used To Be
Billie Jean And I Dab
Zara Larsson Morning
Captain Bacardi Eric Marienthal Dave Grusin Antonio Carlos Jobim
Youtube Dan Klip Yuklash
Ecuador King White Remix Sash
Fireball By Pitbull Feat John Ryan Choreo By Kelsi For Dance Fitness
The Song Taki Taki Rumba
Japan Roller Coaster Bridge Link
Скачивают
Holiday Card Series 2016 12
В Бийске Боксер До Смерти Избил Росгвардейца В Баре
Смешарики Ролик Пин Код
Nanti Nangis Cewek Berantem
Cuando Te Vere Otra Vez Cuando
10 Wwe Royal Rumble Records That Will Never Be Broken
Эксперт Культурными Санкциями Запад Пытается Расшатать Общество Вечер С Соловьевым От 02 03 22
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Зарегистрироваться 15–17 марта 2022 г.
Урокан тайпа : 1амийнарг т1еч1агдаран урок .
Урокан кеп :дешнашца болх , тобанашкахь т1едилларш ,г1уллакхан къовсадалар
Урокан 1алашо : 1)Къамел кхиор,дагахь дерг йозане дерзо 1амор.
2)1алам деза 1амор.
Урок д1аяхьар.
I. Дешархойн ойла т1еерзор .
Мачаш харцхьа юьйхина ,
Серах , кечбеш, дин бина,
Ченашлахь ас хихкина.
— Дешнийн маь1на къастор , байташна ц1е тиллар.
2. Изложени ешар, къастаяр ,хаттаршна жоьпаш далийтар ,хьесап х1оттор.
2.Хьешан тамашийна амал.
3.Хьешо лаьхьанан мотт схьабаккхар.
Г1алара хьаша веара тхо долчу.Эльберд яра цуьнан ц1е. Мел жима велахь а,хьаша хьаша ма ву,нохчийн г1иллакхехь ма-хиллара,иза лорура,тхешан хуьлу там бора оха цунна .Тхо цецдохуш,тамашийна амал яра цуьнан: ловза вог1уш а ц1ена бедарш юхура.Тхоьгат1ехула хьоьжура,ша массарел воккха ,хьекъале хеташ.
Шена юькъачу хьаннашкахь гинарг,т1аккха яккхийчу г1аланашкахула лелар дуьйций,багош г1иттийначохь дуьтура цо бераш.Иштта дийцира цо цхьана дийнахь ша хьуьнхахь текхарг муха лецира.
Х1орш,цхьа тоба бераш ,лам т1е хьаладевлла хиллера .Ловзуш, г1овг1анца д1адоьлхуш,кхарна хьалхха, шок тоьхна ,т1еболабелла цхьа къарза лаьхьа.Эльберда х1умма воха а ца вухуш,ког т1е а биллина ,багара мотт шина ч1ешалгаца оззийна схьабаьккхина…
-Ой,Эльберд,юькъачу хьуьнхахь боккхачу д1аьвшечу текхарган багара мотт баьккхина волу хьо, х1окху жимчу х1уманах х1унда кхеравелла?-бехк баьккхира оха.
3.Дагахь сецнарг д1аяздойту дешархошка. Тетрадаш схьагулдо.
4. Даккхий къамелаш а, аьшпаш биттар а, цкъа мацца а даьлла, гучудолуш хиларх дешархой кхетор.
6 Ц1ахь бан болх: Бакъонаш карлаяха,Даймохк,мостаг1- дешнашна фонетически къастам бан.
А правда, что Рустам умер? Я слышала эти ужасные слухи(((у него новых концертов, песен нет что-то.
Кто любит этого певца и кому нравятся его песни ставьте класс
Вы отметили максимальное количество друзей (64) на этой фотографии.
В данный момент вы не можете отметить человека на фотографии. Пожалуйста, попробуйте позже.
Чтобы отметить человека, наведите на него курсор и нажмите левую кнопку мыши. Чтобы отметиться на фото, наведите на себя курсор и нажмите левую кнопку мыши.
Нохчийн г1иллакх-оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь-ийманний, яхь-оьздангаллий, г1иллакхе-лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дуккха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьамма а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къематдийнахь дуьхал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш. Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а угар хьалха, шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жима т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.
Иштта деца-ненаца к1оршаме цахилар, уьш кхайкхича – к1еда-мерза жоп далар, царна халахетар ца дар, цаьрца къинхетаме хилар, г1о дар, чохь-т1ехь оьшург латтор, цаьрга терра кхин а дуккха х1уманах т1ехь ду доьзалхочунна, х1унда аьлча, цунна дахар делларг цуьнан да-нана ду.
Дай-наношца леладо г1иллакхаш лардан деза йиша-вешица а, шеен дехошца а, ненахошца а, лулахошца а, хьехархошца а, шайн дай-нанойн дикачу, догц1енчу доттаг1ашца, хьешашца а, баккхийчу нахаца.
Цаьргара масал а оьцуш, царна дан долу г1о-накъосталла деш хила веза х1ора г1иллакхе стаг, шена товш доцург, царна а товр доций а хууш.
Г1иллакхе а, товш а ду, заманан лехамашка хьажжина, шеен духарца оьзда хилар.
Дерзош, сайна ч1ог1а хазахеташ йолу байт яло луур дара суна. Цуьнан автор ву Гелогаев Сайд-Мохьмад.
Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Карладаккхар
1. Гуьйренан юьхь
Хаза лаьттина и йовха аьхке чекхйолуш яра. Аьхке чекхъяларх-м 1алам а, адам а, массо а садолу х1ума а саготта дацара. Т1екхочуш берг токхе мур бара – гуьйре! Уггар хьалха гуьйре т1екхочийла, цунна кечам бан безийла хаийтира мангалхоша.
Аьхкенан юккъерчу а, т1аьххьарчу а деношкахь, 1уьйранна сай-бодий къаьстачу хенахь, мерзачу набарх а ваьлла, ахь ладоьг1ча, хезаш хуьлура шатайпа тата. Иза нуьйжанна т1ехь ж1аьвнаца мангалхоша тусуш долчу мангалийн татанаш дара. 1уьйранна баца т1ера тхи дожале д1ах1уьттий мангалхой де дохдалале мангал хьокхий а бовлий, де дохделча, кхорийн 1индаг1ехь садо1уш хуьлура. Цул дика садо1ийла хир яц.
Суьйренгахьа лестина де шелделча, цара д1адолор ду шайн ирачу мангалшца кесарш охьадахка. Дикка бода боллалц мангал а хьаькхна, уьш ц1ехьа боьрзур бу, кхана юха а х1окху метте бухабахка.
Аьхка Органо ша схьадог1у чоь кест-кеста хуьйцу, ткъа гуьйренгахьа лестича, гуттаренна цхьана меттехула охьадог1у юха аьхке т1екхаччалц.
Билггал гуьйре т1екхочуш хилар гойтуш аьхкенан т1аьххьарчу деношкахь стиглара схьа хаам бира. Уьш г1арг1улеш яра шайн некъан узам а беш, низам ца дохош, кхо са болчу мог1анца жут нисйина, къилбехьа довхачу мехкашка 1а даккха йоьлхуш.
1одика еш санна, юьрта т1ехула ши-кхо го баьккхина, гlapг1улеш къайлаевлира. Шеко яцара, уьш шайн маьхьаршца б1аьста юхайог1ург хиларх. (188 дош)
Лексикологи
Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший.
Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега:
– И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада?
Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера.
Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх.
Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш…
Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а.
– Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш.
– Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила.
Нана йолчу боьлху к1ентий.
– Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш.
– Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала,– меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла.
Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий.
– Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина.
– Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус.
– Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас.
– Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош)
1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш.
3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла.
5. Дена дуьхьал х1оттар. 6. Доьзалехь йолу юкъаметтиг.
Лексикологи
Фонетикан хаамаш
Талламан диктант
Тхешан куьпарчу берашца ишколе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриге дуьне оцу сайн жимчу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашийначу ирсе кхачор ю.
Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ца ло и де а, сайн дуьххьарлерчу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз.
Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала
г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара.
Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа?
Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1а. (180 дош)
– Немцойн маттахь яздина, – элира Султана, – немцойн меттан хьехархочуьнга кхайкха г1ой со?
Ненананас ца оьшу боххушехь ариккхира.
Уми ца кхетара. Цунна цкъа а дага да деанера к1антана шен ненан мотт бицлур бу бохург.
Вочу ойланаша некхе лазар туьйхира кьеначу Умина. Г1ийла делха доладелира дог.
Чуволлушехь кехат схьаийцира хьехархочо.
«Де дика хуьлда хьан, сан хьоме Уми, – гочдан вуьйлира хьехархо. – Муха 1аш ю хьо? Дагавог1ий хьуна со? Ас яздо хьоьга xlapa мог1анаш, г1ийла велха а воьлхуш. Хьуна ма мотталахь, шелехь, г1елехь массарна а вицвелла, хийрачу нехан не1аршка х1уьттуш, со лелаш ву. Х1ан-х1а. Сан ц1а а, доьзал а, машен а ю. Сингаттамо та1ийнчу дагна еззарг эца йиш ю сан. Амма бац сан Даймохк, мел дукха ахча даларх, и эца таро а яц.
Со хедира цунах фронте д1а ма-вахханехь: шовзткъе кхоалг1ачу шеран декабрь баттахь со йийсаре вигира мостаг1аша. Т1аккха – концлагерь. Французашца цу чуьра ведда, къилбен Франце вахара со. Зуда ялийра. Ткъа цул т1аьхьа ц1а ван дага ца деара.
Сан къизачу кхолламо со ца кхачош х1ун меттиг йисира: ах дуьне теллира ас, айса лоьху синтем ца карош.
Масийтта шо хьалха эвлах елира адамийн тоба. Царна деза дара шаьш д1авуллург дийна ву, вац цахаар. Уми дуьхьал яра, цо дехарш дора моллига. Амма г1иллакхо лоьхура дийна верг а д1аволлар, нагахь цо Даймохк д1атеснехь, нагахь иза т1епаза вайнехь.
Иштта д1авоьллира к1ант.
Умина хетара шен к1анте болу безам лахьте берзийча санна. Амма и тешара, цо сатуьйсура, туьйранахь санна, цхьа тамашена х1ума хиларе.
Ткъа х1инца xlapa кехат.
Х1аъ, х1инца ц1еххьана кхийтира Уми шегара даьллачу гlaлатах: ц1а воьрзур вац цуьнан к1ант цкъа а, вистхир вац цуьнга шен дайн маттахь, велла цуьнан к1ант, велла тоххурехь.
Оцу ойланах Уми г1ийла къурдаш дан юьйлира. Б1аьрхиша цуьнан садукъдора. Дерриг дуьне б1аьрхиш хилла даьржинера.
Ткъа и дахаре юхаерзийра геннара, стиглан бухара, схьахезачу маьхьарша. Иза хьалахьаьжира, дехха мог1анаш дина цхьа 1аьржа т1адамаш дара цигахь гуш. Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш. Иза дара дуьненахь а уггаре г1ийла илли – Даймахках къаьсташ г1араг1улийн илли. (483 дош)
1. К1ант epa кехат. 2. Хьехархочуьнга кхайкха вахар.
3. Кехатан 1ийжаме м o г la н a ш. 4. Ненан ойланна к1аргъялар.
5. Умийн г1ийла къурдаш. 6. Г1арг1улийн илли.
Шеран талламан диктант
Б1аьстенан 1уьйре. Лаьмнаш т1ехьара схьакъедира сирла малх. Цуьнан з1аьнарш хьуьнан диттийн баххьашкахула кхерстира. Коьллашна а, бацана а т1едиллинчу тхин т1адамаш лепара бес-бесарчу басаршца. Ехачу буса тийнна дижина 1иллича санна, набарх долуш лаьттара 1алам. Б1аьстенан маьлхана доьлура 1алам: хьун, акхарой, сагалматаш. Хьаннийн татолийн бердашца девллачу таьллаша уггар хьалха хаийтира б1аьсте йолуш юйла. Цуьнан дуткъачу нийсачу гаьннаш т1ехь гуш заза дара. Толлан заза, дешица кхелича санна, можа-ц1ен бос болуш хуьлу.
Оцу хазачу зазанна т1ехь шайн болх д1аболийра накхармозаша.
Халкъо дукха хьалха дуьйна пайдаоьцуш билгалъяьккхина дечиг ю талл. Хин хьерашна т1едог1учу татолийн бердаш т1ехь кхуьу таьллаш. Царна оьшуш дац хьена латта. Дагарца хадийна баьккхина сара а, хьокха а д1абоьг1ча денлой, сихха доккха дитт хуьлий д1ах1утту, шен даккхийчу к1оргачу орамашца бердан йистош ч1аг1ъеш.
Таьллийн генашлахь б1аьстенан муьрехь шайн хаза эшарш лоькхуш деха зарзарш.
Б1аьсте! Ирзуш, тог1еш, некъан йистош, бошмаш, баьццара къорза куз тесча санна зезагаша хазйой хуьлу. Оцу баьццарчу дуьненахь инзаре дукха зезагаш ду шайн беснаш тайп-тайпана долуш. (154 дош)
Нохчийн литература
Мах хадоран г1ирсийн ФОНД
Тхан берзина когаш шелбала буьйлира, ч1ог1а хьоькхуш болу мох тхуна т1ерачу т1елхигех чекхбуьйлура. Т1аккха сан ши йиша хьалхачул а ч1ог1а елха йолаелира.
Тхо хевшина 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.
Хаза мехкарий бара уьш, т1еюьйхина башха куьцехь йина йовха бедарш а, коьрта техкина куц долу шляпаш а йолуш, т1ехула доьхкарш дихкина книгаш а карахъ. Ч1ог1а самукъадаьлла, вовшашка хабарш а дуьйцуш, схьадог1уш долу и зудабераш, ц1еххьана тхох б1аьрг а кхетта, девдда тхуна т1едаьхкира. Чехка хетта долийра.
– Шу х1унда доьлху?
– Дехаш-1аш мичхьа ду шу?
– Шун мама стенга яхана?
Воьхначу ас хала а, атта а царна дийцира, тхан мама нахана йолах бедарш йитта яхана ю аьлла.
– Шун ц1енош мичхьа ду?
Со д1асахьаьжира – тхан ц1енош гуш дацара.
– Цхьаъ яла еза кхарна, – элира зудаберех цхьамма. – Оля, хьоьгахь юй х1умма а?
Цхьана йо1а, шен кисна а кхевдина, схьаяьккхина ши кампет д1акховдийра Фатиме. Амма Фатимас д1а ца ийцира уьш.
– Х1ан ахь д1аэца, – йо1а кампеташ сан буйна йоьхкира. Кампеташ схьа а эцна, шина йишина д1аелира ас.
– Хьовсийша, уьш-м шелонна сенбелла! – элира Оля ц1е йолчу йо1а.
– Муха ца шелло хьуна – цхьалхха кучамашца, коьртахь х1ума а йоцуш, т1ехь пальтош а йоцуш.
Ой-й! – элира вукху йо1а. – Иштта муха мегар ду! Со цуьнга хьаьжира. Йо1а доккха садаьккхира. Т1аккха важа зудабераш а дуьйладелира даккхий синош даха, тхох шайн дог лозучха. Т1аккха, кхин бист а ца хуьлуш, вовшашка хьаьвсира. Схьахетарехь, тхох самукъа ца долура церан.
– Д1аг1о вай, – элира цхьамма вукху зудаберашка.
Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. Ц1еххьана сан б1аьрг кхийтира, бульваран дехьа йистера тхо долчу аг1орхьа схьаедда йог1учу, беркъа духар дуьйхина йолчу, шина зудчух:
– Сан бераш, сан бераш! – мохь беттара цу шиннах цхьамма. – Кхуза муха кхаьчна шу?
– Ма-ма! – мохь белира сан, цуьнан озах сайн нана йовза а евзина. Со г1анта т1ера охьашершина валале, тхан мамас 1ай ша кара а эцна, цунна т1е шен корталин т1ам тесира, Мамица яра цуьнан гергарло тасаделла йолу цхьа оьрсийн зуда. Иза а яра мехах нехан бедарш юьттуш а, ч1ог1а къен йоллуш а. Дукха оза, юьхь хебаршка а яхана яра иза. Амма ч1ог1а дог дика, къйнхетаме стаг яра. Цо Фатима караийцира, ткъа со, шело а, оцу дийнахь айса лайна бала а бицбелла, самукъадаьлла, сайн нанна улло а х1оьттина, д1авахара. (363 дош)
1. Тхан берзина когаш шелбала буьйлира. 2. Тхо хевшнна 1ачу г1анта т1едог1уш дара кхиъна зудабераш.
3. Чехка хетта долийра. 4. Кампеташ схьа а эдна, шина йишина д1аелира ас.
5. Тхо г1ийла т1аьхьа хьоьжуш Iapa кечбелла болчу мехкаршна. 6. Балхара ц1а йог1у нана гучуялар.
7. Оццу минотехь ч1ог1а ирс долуш дара тхо массо а.
Арсанов С-Бей кхолларалла
Сих-сиха метта-мотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа 1ен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц, адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догц1ена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, 1едало хьаьстича я кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима д1а сема, 1ожаллин дуьхьал х1отта кийча. Делахь а, дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIopa юьртахь а, г1алахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.
Цхьа доккха г1уллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь 1уьллучу х1окху жимачу к1отара. Готта цхьа некъ бу кхуза т1ебог1уш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа a г lop атталла г1аш кхуза вог1ийла а дац. К1отарна т1е а кхозаделла, нийсса ирахьлаьтташ мокхазан бердаш ду. Х1усамден ши к1ант ву и некъ сема ларбеш. Х1етте а, Зеламхин цхьа лерг ара ладоьг1на ду…
Товханахь йоккха летта ц1е йогу. Ц1арах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика яло. Делкъан ламаз а дина, чучча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас т1едиллина вирд доккхуш, хиъна 1а иза. Ша Далла 1амал еш, ерриг ойла Далла т1еерзайо цо. Амма х1инца, иза мел д1акъехко г1ертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха до1а а дина, суьлхьанаш маьнги т1е охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.
Зеламхаг1еран доьзал машаре бехара. Б1е цхьаъ шо хан йолу деда Б1аьхо а, да Гушмузукъ а, цуьнан виъ к1ант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бисолта а. Бисолтан итт шо бен дац. Зеламхаг1еран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьег1аш, эг1аза, 1аламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара. Деваша Хьамза а, цуьнан ши к1ант а вара. И шиъ шичой бу, аьлла, дага а ца дог1ура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.
Зеламха обарг волучу хенахь, цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмузукъан а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уъстаг1ий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош т1ехь хьаьжк1аш, кхоьаш, г1абакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна т1ера даьлла ялта 1аьнах бовла а ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. Х1окхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу т1ег1анахь бехара. (380 дош)
1. Зеламхас метта-мотт хуьйцура. 2. Адамаш тайп-тайпана ду.
3. Зеламха Ведана к1отара веъна. 4 Иза дика 1алашво х1усамдайша.
5. Зеламхаг1еран доьзал. 6. Обарган ойланаш.
7. Доьзало хьанал къахьоьгу.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллех лаьцна
Чурт санна лаьттинарг
Поэт, суртдиллархо, яздархо – церан кхолламан оьмар еха ю. Церан кхоллараллин мехалле хьаьжжина, масийтта б1ешерашка яхло иза. Заманаш, б1ешераш хийцадаларх, кхолларалла яха юьсу, адамийн синкхетамна т1е1аткъам а беш.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта тема Даймахкаца йоьзна ю. Дуьнен чохь йоккхучу ханна марзо эца ша ца ларийна болу Даймохк кхуллу Гадаевс шен поэзехь. Поэтан кхоллам язбелла хилла махках хаьдда ваха, гуттар Даймахке сатуьйсуш хила – уггар боккха лазам – ша дан леринарг кхочушхиланза дуьсуш.
Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилла ца 1а иза – шозза махках ваккхар нисделла цуьнан, дуьххьара шен халкъаца, юха халкъах, гергарчарах къаьстина. Кхоллараллин стагана миччахь карабо шен синна Даймохк – хийрачу махкахь а, набахтехь а, шен дагалецамех а кхуллу цо шена иза.
Даймахках къастар, махках валар – иза географица доьзна дац, я меттиг хийцарца. Даймохк адамца шеца бу, цуьнан ц1ийца, орамашца, цуьнан г1иллакха, ойланашца, 1ер-вахарца.
Гадаев Мохьмад-Селахьан кхоллараллехь коьрта 1аткъам бу Даймахках къастар.
Дуьнен чу муьлхха стаг шен дахаран бакъо йолуш вог1у: цхьана х1уманан да хилла (шен доьзалан, шен ц1ийнан, шен мехкан). Шен дахарехь да хилла вахар дезна волчу Гадаев Мохьмад-Селахьна уггар хала адаман сий лахдар хилла. Шен къоман да х1оьттичий бен ца кхуьу оцу къоман культура – да воцчохь, даймохк хуьлуш а бац, хьайн махкахь хьо велахь а.
Поэт шен синк1оргалле мел кхевди а, цунна шен дешархочунна т1ебоьдуш болу некъ карабо, цуьнан ойла йийсаре а еш. Оцу стихотворенехь автора айеш йолу тема – Даймахке сатийсар, Даймахках болу лазамаш, цунах болу дагалецамаш тахханалц вайн къоман дог 1овжош ю.
Къонахчун Даймахкал деза дуьнен чохь х1умма а дац, къонах ша – Даймохк бу, мехкан да. Цуьнан г1иллакхаш, мотт, 1адаташ, 1ер-дахаран сурт-сибат, амал – иза дерриг цхьаьна – Даймохк. (383 дош)
1. Поэтан кхоллараллехь коьрта тема . 2. Шен халкъаца декъаза кхоллам бекъна хилар .
3. Шен дахарехь да хилла вахар дезнарг . 4. Гадаев Мохьмад — Салихьан кхоллараллин символ .
5. Чурт – иза теш ду хиллачун . 6. Поэтан кхоллам шен къоман кхолламах боьзна хилар .
Читайте также:
- Презентация подготовка детей к школе в детском саду для собрания родителей
- Ваза из природного материала своими руками на тему осень в детский сад
- Ассортимент блюд школьного питания составление меню при организации питания школьников
- Найдите древние образы и символы в литературе изучаемой по школьной программе
- Для начальной школы наиболее приемлемо использование компьютера в качестве
Урокан ц1е:
Изложенина «Хьаша ларар» кечам бар.
Урокан тайпа:
Дозуш долу къамел кхиор.
Х1оттош долчу
хьесап (гайтамаш) 1алашонаш.
Кхеторан:адаман куц-кеп,бедар,цуьнан лелар гойтуш йолу
дийцаран текстийн юьззина изложенеш язъян 1амор;
Кхиоран::хьалха 1амийнарг т1еч1аг1дар.предложенеш
грамматический нийса язъян 1амор.Текст шайн дешнашца схьайийца 1амор.Берийн
ойла дешарна т1еерзор.
Кхетош-кхиоран:шен мате болу бакъ безам кхиор.
Урок
д1аяхьар
Маршала
хаттар.белхан меттигаш кийча хилар таллар.
«Хьаша ларар»
Вайнехан 1адатехь
хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду.
Нохчийн кицанаша а
хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан
х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а
тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза
бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1
велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна,
новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана.
Хьалха заманахь
хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо
дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а
ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме
елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла.
Хьешана тешнабехк
бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш,
т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар
эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн
г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь
доза а хилла.
(М. Ахмадов
«Гулдина йозанаш-5»)
Хьесап:
1. Вайнехан
1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха
заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.
5 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | «Бекъа. » Дешаран шо чекхделира. Т1екхечира аьхкенан каникулаш. Хьуьсен Идрис волчу бригаде балха вахара. Сатоссуш хьала а г1оттий, бекъа 1амо волалора иза. «Казбек, схьало ког! Казбек, гора х1отта! »-бохуш 1амайора Хьуьсена иза. Инзаре дара Хьуьсен дуьххьара цунна т1ехууш. Бекъо охьатоьхна лазорна кхоьруш, наха т1ехаа ца вуьтура иза. Амма к1ант кхоьруш вацара. Бекъан амал дика евзара цунна. Дуьрстанан гаьллаш бага а йоьхкина, бекъа керта юххе а оьзна, т1ехиира Хьуьсен. Казбек т1ехьарчу когаш т1е ира а х1уьттуш, готийсаелира. Вехха идийра цо иза, амма Хьуьсен ч1ог1а 1ара говрахь. Дика хаьара цунна говраца шен дег1 лело…. (90 дош. Х. -А. Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. ) Грамматически т1едахкарш. 1. ) 3-чу абзацера схьаязде: 1-ра вариант-ц1ердешнаш. 2-г1а вариант- билгалдешнаш. 2. ) К1ел сиз хьаькхначу дешнийн дожарш билгалде. |
Предложенин коьрта а, коьртаза а межаш | Талламан диктант | «Зайнди» Аьхкенан юккъера бутт т1екхечира. Цу баттахь къаьсттина денош довха дог1ура. Еарин дийнахь сахуьлуш г1аьттина Бисолта мангал хьакха вахара. Цу дийнахь луларчу юьртахь базар яра. Кхо герга даьтта а эцна, Аруха цу базара яха елира. Цо ша базар яхале дуккха а г1уллакхаш дехкира Зайндина т1е…. Бода къовлалуш, еана ц1а кхечира Аруха. Цунна шайн кертахь хилла къаьхьа де гира. Д1асахьежарх, мохь тохарх, Зайнди-м ца каравора… Бисолтий, Арухий дукха хан ялале, шаьшшинна суьйренан х1ума а йиъна, охьадижира. И шиъ башха Зайнди лаха сингаттам болуш а дацара. (83 дош. Бадуев С. ) Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе. 1-ра вариант-1-ра предл. 2-г1а вариант-2-г1а предл |
Предложенин цхьанатайпанера меженаш | Сочинени | «Суна х1унда беза нохчийн мотт» |
Синтаксиспунктуаци | Талламан диктант | «1а» 1а 1аламехь уггар шийла хан ю. Муха хуур ду, 1а доьлча? Халкъо олуш ду: «Малх ц1а кхаьчча, 1а дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул т1аьхьа дог1у масех де кхин хийца ца луш лаьтта. И денош д1адевлча, де дахдала долало. 1аьнан уггар шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу 1а доьлла ткъа де д1адаьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта. Чиллахь, г1айба санна, т1е ло а диллина, массо генаш лаьтта х1уьттуш букардахна хуьлу дитташ, коьллаш. 1аьнан хьун, хьежа ца к1ордош, исбаьхьа хаза хуьлу. Х1аваъ ц1ена саде1а атта долуш. (94 дош. Хь. Хасаев. «1аьнан чиллахь. ») Грамматически т1едахкарш. 1. ) Билгалдаха деха мукъа аьзнаш. (Кеп. Шийла) 2. ) Схьаязде: 1-ра вариант-мукъаза шалха ши элп ул-уллохь лаьтташ долу дешнаш. 2-г1а вариант —шала мукъаза элпаш шайца долу дешнаш. |
Фонетика, графика, орфогра-фи |
Изложе-ни | «Майра хьаша» Г1алара хьаша веара тхо долчу. Казбек яра цуьнан ц1е. тхан хенара вара иза. Жима хиларх, хьаша-хьаша ма ву. Цундела, вайн г1иллакхо ма-хьоьхура, лорура оха иза, тхешан ма-хуьллу там бора. Тамашийна амал яра хьешан: ловза вог1уш а ц1ена бедарш юхура цо. Тхоьга т1еххула хьоьжура иза, ша массарел воккха, хьекъале хетара. Хабар дийца ч1ог1а лууш вара. Шена экскурсехь гинарг, т1аккха яккхийчу г1аланашкахула лелар дуьйций, багош г1овтийначохь дуьтура цо бераш. Иштта дийцира тхо тхуна, цхьана дийнахь хьуьнхахь ша текхарг муха лецира. Х1орш, цхьа тоба бераш, лам т1е девлла хиллира. Ловзуш, х1орш д1адоьлхуш, кхарна хьалхха, шок а тоьхна, т1еболабелла цхьа къорза лаьхьа. Х1окхо х1ума а кхера ца луш, лога т1е ког а билийнаа, багара мотт ч1ешалгаца оззийна схьабаьккхина. Цо и дийцинчу шолг1ачу дийнахь эвлайистехь ловзуш дара тхо. Цхьана хенахь тхан хьешан-«Вай, мама-а! »-аьлла мохь белира. Д1аиккхира иза. Оццул майра к1ант кхейрийнарг х1ун ю техьа аьлла, цецбевлла, т1едахара тхо. 1абдулла вара цхьа юткъа-1аьржа боьхьа х1ума когашца юьйш воллуш. -Вуй, Казбек, юькъачу хьуьнхахь боккхачу текхарган багара мотт баьккхина волу хьо х1окху жимачу х1уманан х1унда кхеравелла? -бехк баьккхира оха. -Суна гинарг-м яцара жима, -бехказа вуьйлира хьаша. План 1. Г1алара хьаша. 2. Хьешан тамашийна амал. 3. Хьешо лаьхьанан мотт схьабаккхар. 4. Казбекан кхеравалар. 5. Бехказло. |
Фонетика, графика, орфогра-фи |
Сочинени | «Сан хьоме нана» |
Фразеоло-гизмаш | Изложе-ни | «Хьоза Талла вахана, беша юккъехула схьавог1уш вара со. Суна хьалха дедда доьдуш ж1аьла дара. Ц1еххьана шен болар лаг1дина, теба дуьйлира иза, шена хьалха цхьа олхазар долуш санна. Бешан йохалла д1асахьаьжча, з1акаран уллеш можа а йолуш, коьрта т1ехь месала пелагаш а долуш, жима хьоза гира суна. Бена чуьра охьадоьжнера иза (мохо ч1ог1а лестадора бешара дитташ), меттах ца хьовш хиина 1ара иза, х1етта девлла дог1у т1емаш, г1ор доцуш, даржа а дина. Сан ж1аьла жим –жимма доьдуш гергадахара цунна, ц1еххьана уллорчу дитташ т1ера цунна хьалха охьадуьйжира, некха т1ера пелагаш 1аьржа а долуш долухьоза-бага г1аттийна цергаш гуш 1ечу ж1аьлина, хьалха дусаделла буьрса хьерадаьлча санна, цкъа, шозза д1ай-схьай иккхира иза. Шен к1орнина хьалха иккхина иза к1елхьараяккхаг1ертара иза. Амма цуьнан жима дег1 кхерамах хебнера дог детталора, аз а лаг1деллера, дала дан хьийзара хьоза, шен дег1 а, са а ца кхоадора цо. Мел доккха, инзаре хета дезара цуьнна ж1аьла! Амма х1етте ашен лекхачу, кхерамехь доцчу диттан гона т1ехь ца 1ийра иза. План 1Беша юккъехула схьавог1уш. 2. Ж1аьлин теба долар |
Дешан х1оттам | Талламан диктант | «Жа дажош» Кест-кеста вовшашна уллохь нислора жа дажош волу Ибрах1иммий, бажа бажош волу Ханпаший. Ханпашина цхьац ца тайпа хьехамаш бора воккхачу стага. Цо цунна дуьйцура май раллех а, доьналлех а, стогаллех а лаьцна. Ханпашас боккхачу безамца ладуг1ура воккхачу стага дуьйцучуьнга. Дуьххьал д1а Ханпаша зерхьама, Ибрах1има элира: — Ва, Паша, нехан бежнаш дажош лелар эхь ду ца аьлла хьоьга цхьаммо а? — Эхь хьаха ду нахе сискал йоьхуш лелча, — сихха жоп делира Ханпашас. -Кхул тоьлаш болх бацара хьуна кхузахь? — Сунна нефтекачке балха ваха лаьара, амма со д1а ца оьцу, жима ву бохуш. (91 дош) Грамматически т1едиллар. 1. 2-чу предл. бе синтаксически къастам. 2. Цхьанатайпанарчу меженашна буха сиз хьакха. 3. Карае чолхе предл. амма хуттургаца. Грамм. баххаш билгалбаха 4. Т1едерзар билгалдаккха. 5. Автор дешнаш билгалдаха. 6. Диалог юххе Д дилла. |
Ц1ердош (юкъара кхетам) | Изложе-ни | «Ден весет» Цхьана стеган ворх1 к1ант хилла. Мацца а, шех лен цамгар кхетча, дас, кхайкхина и ворх1е к1ант те1 а валийна, цаьрга аьлла: -Ворх1е а, ваха а г1ой, цхьацца сара а бохьуш чувола, аса, со валале, цхьа весет дийр ду шуьга! Цхьацца сара бохьуш, чу а веана, ворх1е а дена хьалха д1ах1оьттина. Дас аьлла: «И ворх1е а сара вовшах а тохий, т1ийриг а хьарчаяй, цхьа ц1ов бе». Шайга аьлларг дина к1енташа. Дас воккхахволчу к1анте аьлла: -Схьаэцал, к1ант, уьш кагдан хьажал. Цу серах дина девзиг, гоьла т1е а те1ош, кагдан г1ертарх, ца кагделла к1анте. Цуьнга санна, вухку вежаршка а аьлла дас. Цаьрга а цхьаьнгге а ца кагделла девзиг. Т1аккха дас аьлла: — И хора сара къаста а бай, ша-ша а баккхий, хьовсал, шайга уьш кеглой. Цо ма-аллара, серий ша-ша даьхна, кегдина. Дас т1аккха шен к1енташка аьлла: -Хьовсал, сан к1ентий. И аша цхьаьна вовшахтоьхна ворх1 сара санна, шу цхьаьна, бертахь, вовшийн г1о деш хилахь, шух адам а кхаьрдар дац, амма шу вовшахдовлахь, наха шу а лорур дац. Барт цхьаъ болуш хилалалш. Барт ч1ог1а маь1на долуш х1ума ду шуна. |
Карладаккхар | Талламан диктант | «1алам» 1алам. И дош доца делахь а, шен чулацам к1оргера болуш ду. Адамийн а, дийна-тийн а, хьаннийн а дахар 1аламах хаьдда хила йиш йолуш дац. Самукъане, хаза б1аьсте чекхъелира. Т1ееара беркате, йовха аьхке. Иза адамаш-на уггар каде мур бу. Акхарой а, олхазарш а синтем боцуш лелара. Цара шайн б1аьста дуьненчу евлла к1орнеш кхиайора, 1алашйора, уьш когайохуьйтура. Малх гучуболлушехь, дохк д1адайра, баца т1ера тхин т1адамаш дакъаделира. Дерриг 1алам, малхана дела а къежаш, д1ах1оьттира. 1аламо шен къайленех пайдаоьцуьйтур бу массо а садолчу х1умане. (80дош. Хь. Хасаев. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Кху дешнашна ялае синонимаш: 1-ра вариант хаза (исбаьхьа), каде (т1ахъаьлла). 2-г1а вариант самукъане (забаре), беркате (хайр, ни1мат, токхо). 2. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант- 1алам, б1аьсте, адам, 2-г1а вариант-дош, аьхке, малх. 3. Дешнийн х1оттам билгалбаккха. 1-ра вариант 2-г1а вариант чекхъелира, малхана дакъаделира, т1адамаш |
5-чу классехь 1амийнарг карладак-кхар | Шеран талламан диктант | «Б1аьстенан суьйре. » Хаьий хьуна, доттаг1а, нохчийн лаьмнашкахь б1аьстенан суьйре мел хаза хуьлу? Гобаьккхина, б1аьрг мел кхочу а, гуш хуьлу, говзачу куьйгаша лерина басар хьаькхча санна, лилула-сийна басеш. Царна т1ехь техкачу стеша а, коканийн коьллаша а, хьаьрса-хьечаша а хьалххехь заза доккхий, мел генара юьрта кхачайо цхьа ша-тайпа тамашийна хаза хьожа. Лаьмнашна т1ехьа бала карах ца долуш, тийсалуш, сецалуш, буха г1ертачу малхо шен дашо з1аьнарш басешца д1аяржайой, исбаьхьа суьрташ х1иттош лепо доладо басешна куз хилла 1охку и хаза зезагаш. 1аламан х1оттамах даккхийдеш, царна т1ехула дайн хьийзаш хуьлу басна тайп-тайпана долу полларчий, дахарна саьхьара долу накхаран мозий, з1уганашший. Секха-1одаца кхоьссина пха санна, мозашний, чуьркашний чухехкалуш, шок етташ, хьийзаш хуьлу т1ам 1аьржа ч1ег1ардигаш. (107 дош) |
6 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | « Нана-Даймохк» Бийцина ца валлал, хаза, беркате мохк бу вайн. Тайп-тайпана дитташ долу хьаннаш ю, шера аренаш, лекха лаьмнаш. Чухьаьжча, юьхь-сибат а гуш, бухдуьйлу сирла шовданаш. Исбаьхьа чухчареш ю дешица, детица кхелина. Дитта т1е олхазар хуу. Цо вайга дагара дуьйцу, шен зевне аз вайн дегнех а хьерчош. Т1аккха ойла кхоллало: «Ма хаза а, ма зевне а бу-кх хьо, Нана-Даймохк, »-олий. Иштта вайн мохк хаза, токхе хиларна деха вайца и тайп-тайпана олхазарш. Бес-бесара бецаш ю, шеца олхазаршна дез-деза х1у а долуш. Стоьмаш бу: кхораш, комарш, стеш, хьармакаш (шиповник)…. Уьш олхазарийн даарш ду. Адамаша олхазарийн 1уналла дан деза. 1ай арахь яах1ума а латтош, дитташ т1е гуйш а (кормушка) ухкуш… (113дош. С. -М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне. ») Грамматически т1едиллар. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант. 2-г1а вариант. Аренаш, ойла, стоьмаш. Бецаш, кхор, шовданаш 3-г1а вариант. Мохк, дитташ, нана |
Билгал-дош | Сочинени | «Ларде вай 1алам? » |
Билгал-дош морфологически къастор | Талламан диктант | «Новкъахь» Б1е ткъа километр некъ хьалхалецира автобусо. Х1ара ткъе ворх1азлаг1а вог1уш вара кху новкъа. Т1аьххьарчу ворх1-барх1 шарахь-м шера асфальт биллинчу новкъа атта йоьдура автобус. Цо делкъале кхачавора Семёновке. 1одо кхоьссича санна йоьдура и, некъа йистера ялташ ягаръеш. Кхунна х1ора колл евзара кху новкъахь. Колл-м ян а яцара. Аьхкенан малхо къиза ягийна, хьакхаделча куьйга хадор долуш, нилха яьлла йоца ира буц яра. Цхьа 1индаг1 а дацара б1аьрго ма-лоццу д1а, анайистах хотталучу, шерачу, ялта эрина ч1анаяьллачу арахь. Аренна т1е йижинчу йовхонан юькъачу тоьвнан тулг1еш хедош йоьдучу автобус чу довха х1о детталора. 88 Шовзткъе пхоьалг1ачу шарахь кхо г1аш бинарг бара х1ара. Х1етахь-м х1ара берриге а г1амаран бара. Ког баьккхича, мачаш къайлайовлура а багош, чуьра когаш а багош… (112дош. Яшуркаев С. “Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх. ») Грамматически т1едахкарш. 1. Буха сиз хьакха билгалдешнашна а, терахьдешнашна а. 2. Морфологически таллам бе. 1-ра вариант. 2-г1а вариант. Ткъе ворх1 керла (ло) 3-г1а вариант. ворх1-барх1 (шо) |
Терахь-дош | Изложе-ни | «Дуьххьарлера хьехархо» Тхешан куьпарчу берашца школе йигира со а. Мел хаза хетара суна! Моьттура, дерриг дуьне оцу сайн жимачу т1оьрмиг чохь ду, цу чуьрчу абато со цхьана тамашеначу ирсе кхачор ю. Лулахойн бераша хьехархочуьнга д1аелира со. Тхан йишин Элитин хенара йо1 яра иза. Х1етахь дуьйна дуккха а шераш д1адевлла. Амма суна цкъа а диц ц ало и де, сайн дуьххьарлерачу хьехархочун сурт а. Х1инца а гуш санна хета цуьнан эсала, екхна, к1айн горга юьхь, къинхетаме б1аьргаш, букъ буьззина ловзу стомма 1аьржа ши ч1аба, д1аса т1емаш тесна, даьржина 1аьржа ц1оцкъамаш, к1еда аз. Суна а, тхуна массарна а Белител дагна хьоме адам дацара. Цо т1еюьйхина муьлхха коч, тиллина йовлакх, лергех оьхкина ч1агарш, когара мачаш – уьш механа мел йорах хиллехь а, тхуна исбаьхьа исбаьхьа хетара. Тхо дерриш а цунах тардала г1ертара. Тхуна юккъехь тасаделла доттаг1алла милла а хьоьгур волуш, довха, безаме дара. Массанхьа а тхоьца яра Белита. Х1инца а ойла йо ас: цо ешаза книга, цунна ца хууш х1ума хила а хиллий техьа? Муьлхха хаттар шега даларх, эсала ела а къежий, нийса жоп лора цо. Дуьйцура муьлххачу а книгах лоций. Ткъа туьйранаш! Цкъа а к1ордор дацара цаьрга ладог1. (160 дош) А. Айдамиров |
Терахь-дош | Талламан диктант | «Ши к1ант тилар» Деъна са хилира. Гобаьккхина хьун яра лаьтташ. Цхьана а меттехь некъан лар яцара гуш. Ши к1ант ц1ехьа верза лууш вара. Амма муьлхачу аг1ор ваха веза ца хууш, тиллера и шиъ. Мацвелла кийра 1ийжара. Делкъхан хиллера. Бажа лелла некъаш карийча жимма сапарг1ат даьллера шина к1ентан. Ламанан дежийлашкахь гуш дара жа а, бежнаш а. Дукха гена валале, бетта мохь хезира шина к1антана. Ц1ера т1аьхьа даьлла орца, сахиллалц маьхьарий, детташ, 1аннаш цоьстуш леллера. Лечий, 1алхий царна карор вара, и шиъ цхьаьна аг1ор д1аихна гена ваьлла ца хиллехь. Шаьш 1ачу к1отарара вуьрх1итта-берх1итта километр хиллал д1аихна хиллера и шиъ. (Х-А. Берсанов) Т1едиллар: 1. Терахьдешнаш билгалдаха. 2. Кхоалг1ачу предложенина синтакс. къастам бе |
Ц1ермет-дош | Сочинени | «Хьоме Даймохк» |
Ц1ермет-дош | Талламан диктант | « Олхазарийн дуьне. » Берахь дуьйна хилла со олхазарш дезаш. Х1инца воккха мел хили а, ч1аг1луш схьабог1у сан цаьрга болу безам. Царех вуно ч1ог1а самукъадолу а сан. Дала ма-кхоллара, ц1ена, исбаьхьа ду олхазарийн дуьне. И дуьне девза-черан синош даима а сирла, ц1ена хир ду, Дала азаллехь кхоьллина ма-хиллар. Сан дов хилла олхазарийн бенаш дохош болчаьрца, уьш лазош, заь1апдеш болчаьрца. Уьш адамех теша, ткъа цхьадолу адамаш къиза хуьлу цаьрца, къинхетам бохург х1ун ду а ца хууш. Делах ца кхоьру хир бу-кх уьш. Олхазарша, пайда бар бен, зен ца до. Уьш ца хилча сагалматаш дебар яра. Ораматийн дуьне г1ийла хир дара я хиллане а хир а дацара. Олхазарш вайх тешна ду, -вай царех тешна ду. Дуьненахь Дала мел кхоьллина х1ума вовшашца йоьзна ю. (116дош. С. -М. Гелагаев. «Олхазарийн дуьне-сан дуьне. ») Грамматически т1едиллар. К1ел сиз хьакха ц1ерметдешнашна. Билгалдаха церан тайпанаш |
Хандош | Изложе-ни | «Гуьйренан юьхь» Т1е к1урз биллинчу тхевнах терачу стиглара бутт, иккхинчу кехат латийна, шиша т1ехь долу чиркх, мехкдаьтта кхачийча санна, д1абайра: ткъа седарчий-м тоххарехь гучуьра д1адевллера. Буьйса т1етт1а 1аржлуш лаьттара: мохо схьалоьхку мархаш, лаьтта т1е буьззина бода х1оттош, 1аь1аш яра. Из яра нохчийн ярташкарчу ц1енош чохь, товхашна хьалха а хевшина, 1аьржа б1аьргаш долчу бараша, г1ийлачу ц1ергахь херца а хоьрцуш, хьажк1аш йотту зама. Теркаца г1ум г1аттош, хьекха болабелира цхьа ирча мох. Ткъес деттаран лепарехь гуш хуьлура лаьхьанах терачу, г1ашший, генашший д1аидочу, цу Теркан асанан масаллий, аьрхаллий, лаьтта т1ехула акхтаргашший, дог1ано етта тулг1енашший. Дохк санна юькъачуй, оцу буса инзаре акхачуй хьуьнхахь, дезачу а, дег1е зуз доуьйтучу а озанца, шен к1езех хаьдча санна, уг1уш борз а хезара лахахьуо хин йистехь. Цуьнан уг1ар, дог1анца дера хьоькхучу мохан уг1арх д1а а оьй, цхьаъ хуьлий д1адахлора цкъа, юха а къаьстара, д1аоьра т1аккха а. Оцу лерг г1елдчу, дог те1очу г1аранна юккъехула наг-наггахь, халла, къорра схьахедара. Теркал дехьарчу нохчийн юьртахь ж1аьлеш летар. Буьйса йоьхна еанера. План. «Бутт 1аржлуш лаьттара». «Иза яра гуьйре юлу зама». «Уг1уш юьртахь ж1аьлеш летара». «Нохчийн юьртахь ж1аьлеш летара». |
Хандош | Изложе-ни | «Мухтар» 1уьйранна школе воьдуш вара Мухтар. Маржанг1еран кет1а нислушшехь, берийн мохь хезира цунна. Саца а сецна, ладуьйг1ира Мухтара бакъонца тийшира иза кхераделлачу берийн аьзнаш хиларх. Кхин хьем ца беш, ведда ц1ийнан не1аре вахана, и схьаелла г1оьртира Мухтар, амма схьа ца еллаелира, чухула дог1а тоьхна хиллера цунна. Т1аккха ведда коре а вахна, корах чухьаьжира к1ант чохь буькъа к1ур, бара. Хиира Мухтарна чохь ц1е яьллий. Г1уллакх мало ян а, я т1аьхьататта йиш, йолуш дацара. «Же, Мухтар, сих 1алела! Г1о де берашна, к1елхьара даха уьш» – бохура цо ша шега. Буй тоьхна, ангали а дохийна, коран ши дакъа схьа а диллина, маьнги к1елахь мохь оьхуш 1ен йо1 араяьккхира цо. Ц1ийнан цхьана сонехь, бертал а воьжна, г1ийла узарш деш 1уьллу жима к1ант а ара ваьккхира. Юха, ведда ураме а ваьлла, шен доггаха мохь бетта велира: «Орца дала! Ц1е яьлла, ц1а догуш лаьтта», – бохуш. Цуьнан мохь хезна лулахой а, урамехь нисбелла нах а схьахьаьлхира. Цара догучуьра ц1енош а, дукхах йолу чуьра х1умнаш а к1елхьараехира. |
Карладаккхар | Талламан диктант | «Кегий йийсарш» Г1опал ара ца ваьлчхьана маьрша витинера к1ант. Уьйт1ара д1ахьаьжча гира цунна йовхонан тов хьийзочу мархана юккъехула долу лаьмнаш. Цигахь ша вина юрт хилар дагара ца долура. Г1опара вада салаьттара. Г1опана гонаха бина лекха пен бара. Хаш маь1-маь11ехь лаьттара. Делахь а дог ца дуьллура к1анта. Аьтто лехарх карош бац. Хьуна дагахь а доцуш нисло иза. Иштта цкъа аьтто белира 1алин а. Ха деш волу салти цхьа г1уллакх хилла юьстахвелира. Сиха д1асахьаьжира к1ант. Пен телхина, ког билла киртигаш йолу меттиг гира цун-на. Дукха маса цунна т1е а хьаьдда, дехьаиккхира иза. Дехьа хехь лаьттачу салтичунна гира ведда воьду к1ант. Цо орца а даьккхина, ши-кхо дошло т1аьхьахецавелира. К1ант г1опа юхавалийра. (106 дош. 1. Гайсултанов. «Кегий йийсарш») Грамматически т1едахкарш. 1. Хандешнашна буха сиз хьакха. 2. Морфологически талламаш бе. 1-ра вариант 2-г1а вариант к1ант ши-кхо (дошло) 3-г1а вариант иза 3. Хандешнаш хенашца хийца: витинера, даьккхина. |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | « Юьртахь суьйре» Луьстачу хьаннаша хазбинчу ломан к1ожехь 1уьллура Мусин-К1отар. 1аламан хазалло кхелинчу оцу жимачу юьрта юккъехула чекхдолура лекхачу лаьмнашкара охьадог1у г1овг1ане шовда. Инзаре хаза хуьлура кхузахь суьйре. Шовданаш декар, олхазарийн эшарш, дежийлашкара ц1ехьа дирзинчу уьстаг1ашний, гезаршний дуьхьал уьдучу 1ахарийн буьхьгийн 1ехар, ловзуш лелачу кегийчу берийн аьзнаш. Уьш дерриге а вовшвех оьй, синкъераме г1ар кхоллалора. Иза лаьмнаша д1аузий, стамйой, 1аннашкахула чекхйоккхура. Гонахарчу ярташкарчу кегийчу нахана а хазахетара Мусин-К1отар. Цуьнан коьртачу бахьанех цхьаъ цхьаъ дара куц а, г1иллакх а оьздангалла а цхьанадог1уш болу мехкарий кхузахь дукха хилар. ( 80дош) Т1едиллар. 1. Хьалхара кхо предложени синтаксически къстае |
7 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар | Талламан диктант | «Г1а» Г1а доьжначу варшахь г1а дожаза лаьтта нежнаш, генара хьаьжча, элан литтанех тарлора. Ялтех юьззина лаьттина аренаш яссаеллера. Йовхо ца лора х1иллане лепачу малхо. Ирча, сингаттаме дара аренашкахь. Юьртахь дацара, х1ара ду аьлла, ойла т1ейоьрзур йолуш х1ума. Хуьлуш дерг хьаьжк1аш тило цхьаццаммо белхи бар дара. 1аьнна кечлуш, д1атуьйш долчу дахарна юкъа цо дахьарг а бен-берса х1ума дацара. Керташкахь д1ах1иттийнчу г1одмийн такхораша нилха ц1енош долу к1отар юкъйора. Такхораш дина д1ах1иттийнера Элберда шен г1одмаш а. Такхорашна юккъехь а, т1ехь а, мотт хьаькхча санна, ц1ена яра. Цхьаннахьа охьайоьжна луьйдиг яцара гуш. Гуьйранна ирча хуьлу яраш. Уьш бухъяьхначуьра оьрнаш Элберда д1ашардинехь а, леррина болх бар гойтуш, билгалдуьйлура. Дечу г1уллакхна и т1ера хилар хаьара… (106дош. Х. Эдилов. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Предложенина синтаксически таллам бе, билгалдаха къамелан дакъош. 2. Хандош хенашца хийца: 1-ра вариант 2-г1а вариант билгалдуьйлура. яссаеллера. |
Хандош | Сочинени | «Йоь1ан эхь, к1ентан яхь ма эшайойла» |
Хандош | Талламан диктант | «Нана» Социйлахь х1ара бен стаг вацара. Я кхин нах хуьлу хан а яцара иза-м: буьйсанна цхьайтта даьллера. 1аьнан заманахь 1арж мА лой пхиъ даьлча. Шело юьйлура дег1ах чекх. Мох а бара юткъачу шакарца тоькан серашна т1ехула уьдуш. Наггахь некъа т1ехула дорцан к1ур а хьодура. Х1ара ша лаьттара карара бер шена т1е а къуьйлуш, кхерамца гондахьа хьоьжуш, машине сатийсина, юьрта бог1учу новкъа хьежна ши б1аьрг лаза а баьлла, когех шан т1улгаш а хилла. Ворх1, барх1, исс, итт, цхьайтталг1а сахьат ду, ткъа к1ант-м вала мега больнице кхачале. Суьйранна арара г1уллакхаш дина ша чуйирзича, 1арж а велла, бетах чопаш а йина, наггахь бен са а ца доккхуш 1уьллуш карийра кхунна иза, Ламанан юрт ю, цхьаннан а машина а яц. (115 дош) |
Причасти | Изложе-ни | «Олхазарин баркалла» Кехаташ, газеташ чутуьйсу яьшка кертах д1атоьхнера яра. Юххехула д1асалелара адамаш, машенаш. Шина дийнахь ц1ера ваьлла а лелла, ц1а веанера со. Керла газеташ схьаэца дагахь яышки чу хьаьжча, со цецвелира. Газеташца яьшки чохь дара дакъаделла гаш, чемхалгаш, месаш. Луларчу берашна г1еххьа оьг1азвахара со. Нехаш ара а кхийсина, яьшка ц1анйира ас. Цул т1аьхьа цхьа-ши де даьлча а изза хилира: яьшки чохь «нехаш» яра. Юха а луларчу берашна реза воцуш, яьшка цанъян воьлча, сан тидам хилира жимачу шина олхазаран. Уьш суна гена ца дуьйлуш, «ц1арр-ц1арр» деш хьийзара. Х1ун ду техьа х1ара аьлла, юьстах а ваьлла, сайн болх бан х1оьттира со. Ас деш долу татанаш тергал а ца деш, олхазарша а д1аболийра шайн болх: уьш рогг1ана сан яьшки чу а оьхуш, арадуъйлура. Шолачу дийнахь хьаьжча, яьшки чохь котаман месех бина горга бен бара. Цхьа к1ира даьллачу хенахь дагадеана ас яьшка схьа- йиллича, чуьра араиккхира букъ т1ера мокха, до1ахан басахь, чук1елара ц1еран-ц1ечу басахь долу хаза, жима олхазар. Иза гена ца долуш охьахиира, синтем байна дека а декаш. Олхазар реза дацара ша бенара меттахдаккхарна. Бенахь 1уьллура стигалан басахь жима диъ х1оа. Т1аккха яьшка хьостамий а тухуш д1акъевлира ас, олхазаршна чуара довла 1уьрг а дитина. Цхьана дийнахь х1усамнана хесахь асар деш йоллура. Цо д1ах1оттийначу аьстанан г1ожа т1е а хуьйшуш шайн «ц1ар-ц1ар» деш наьрсийн хуталш юккъе лелхаш, лийлира цхьа хаза олхазарш. Уьш башха къехка а ца къехкара. Цара хесара а, бешара а леца а лоьцуш, дууш х1аллакдора зуламе н1аьний а, кхийолу садолу х1уманаш а. Яьшка шайн х1усамна паргат йитарна баркалла олуш дара и кегий олхазарш. (Хь. Хасаев. 232 дош) Герггара кеп: 1. Газетийн яьшки чохь нехаш. 2. Х1усамдас олхазарш тергалдо. 3. Яьшки чохь бен. 4. Олхазарийн баркалла |
Причасти | Талламан диктан | «Г1арг1улеш» Кертахь яьлла г1овг1а ца хаалора цунна. Цуьнан ерриге а ойла стиглахула г1ийлачу узаршца къилбехьа йоьлхучу г1арг1улеша д1алаьцнера. Кхеран кертахь яьлла хаза сийна буц, цундела кест-кеста корах ара б1аьрг тоха дог дог1у. Юург-мерг эца вог1у кху туькана гонаха мел веха стаг. Керта мел вог1у стаг саг1ина х1ума ца кховдош д1а ца вохуьйтура йоккхачу стага. Буьйцу мотт ц1ена а, шера а хиларца къаьсташ вара пхьоьхане гулбеллачу нахана юккъехь к1айн маж йолу зоьртала цхьа стаг… … Кхораш чохь кочарчу т1оьрмигах ши лекъ, моший а кхозуш вог1учу Мурдална ма-ярра гора х1ара орцан когашкахь 1уьллу шайн юрт. Котаман к1орнин г1ийла «ц1ик» иккхира кхуьнан семачу лерга. Эвла йолчухьара куьйра дог1ура. Цуьнан м1араш юккъехь кхозура и т1аьхь-т1аьхьа орцадоху к1ор-ни… (112 дош. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Причастешна буха сиз хьакха. 2. Лаамечу причастешка а ерзош, схьаязъе текста юккъера лаамаза причастеш. Кеп. Яьлла г1овг1а- яьлларг, йоьлхучу г1арг1улеша- йоьлхурш. |
Деепричасти | Сочинени | «Тешам» |
Масдар | Талламан диктант |
«Ирсе б1аьрхиш. » Гонаха самадолуш дара т1ейог1учу б1аьстено дендина 1алам. Ч1енигаш а эт1ош, гучудевлла кегийра г1аш дара цхьацца долчу дитташ т1ехь гуш. Лакхахь хьоькхучу б1аьстенан мелачу механ тулг1е хьекхалора наггахь к1ентан дег1ах. Нанас дайн хьоькхучу куьйго санна, коьрта т1ехула хьакхалуш т1ехболура иза. «Мохь тоха те аса? Орца даккха те? »-дагадеара к1антана. Т1аккха а, цхьанна д1ахазахь осала хетар ву-кх со, бохург дага а деана, юха а басах хьалатасавели-ра иза. Амма куьг а, ког а д1атаса х1ума цахиларна, юха а 1инах чу шершаш воллучу кхуо катоьхна схьалецира ша х1инццалц 1ожаллин буйна ца вохуьйтуш сацийна йолу колл. Кхунна гена доццуш охьахиира цхьа хаза бос болу хьоза. Д1а а, схьа а хьаьвзина, корта аг1ор баьккхина адаме а хьаьжна, «ч1ир-ч1ир»-элира цо, цкъа-шозза, кхосса а луш. «Дависа, цхьана минотана, хьан санна, ши т1ам белира сан», -дагадеара дег1ера ницкъ кхачош воллучу к1антана…. (139 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш. ») Грамматически т1едиллар. Буха сиз хьакха деепричастина а, масдарна а, куц-дашна а. дееприч., |
Куцдош | Изложени | «Хьаша ларар» Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцаран г1иллакх ч1ог1а мехала лоруш ду. Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар: «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу». Хьан не1 а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, не1аре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар т1едужу стагана. Иза шен мостаг1 велахь а, хьаша хилла т1евоьссинехь, и лар а вина, цуьнан г1уллакхе а хьаьжна, новкъаваккхар т1ехь ду оьздачу стагана. Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан 1алашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша д1авоьдуш, иза новкъа воккхуш, кет1а ваьлча, и кхузза юхахьажжалц латтар г1иллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь, хьаша юьртах я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккхуш а хилла. Хьешана тешнабехк бар я 1оттар яр, бохамах лар ца вар доккха эхь хила нохчийн, диц а ца деш, т1аьхьенера т1аьхьене долуш, дуьйцуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да ца ларар эхье г1уллакх хилар. Хьаша-да т1еэцар, чувитар, ларар дуьххьалд1а адамийн г1иллакхаш хилла ца 1аш, х1окху дуьненан дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилла. (М. Ахмадов «Гулдина йозанаш-5») Хьесап: 1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх. 2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш. 3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла. |
Дешт1аь-хье | Изложе-ни | «Куралла» Даа х1ума доцуш кхозлагчу дийне даьлла хилла цхьогал. Т1ех мапдаларна леста а лесташ, хьуьнхула х1ара лелаш, цхьана хийисте кхаьчна. Хи мелча мукъана а мацалла цхьажимма юхайоьрзур яцара те бохург дагадеана цунна. Циггахь бацалахь 1уьллуш йоьхь карийна цхьогална. Гиначух цецдаьлла, хазахетар т1ехдаьлла, кхиссалуш, гонха ида даьлла иза. Т1аьххьара даг чу куралла иккхина, сонта къамел хазо до лийнано. «Эс, ишттахуьлу йоьхь? Йоьхь хиллехьара, кху сенчу бай т1ехь 1уьллуша хир дацара хьо» ‚ — бохуш, когаца хьалхахьа д1а а кхуьйсуш, бацалахь керчо доьлла иза. Оццу хенахь х1аваэра чухахкаеллачу суьйлийн къийго леккха х1аваэ хьаладаьккхина йоьхь. Доьхна, 1адийна дисира цхъогал. Ша лелийначу кураллина дохкодаьлла, дилхина цхьогал цхьа-ши къурд а бина, хьуьн чу дахана иза. Жимма лелча, ча а, борз а карийна кхунна шийлачу 1индаг1ехь делкъе еш доллуш. Дольхуш, хьастаделла т1едахана цхьогал. «Хьо стенна доьлху, цхьогал? »-хаьттина чано. -Йоьхь дара сан, шу санна болу доттаг1ий карийча бен дуур ма дац ас аьлла, ч1аг1о йина, сайца лелош. Амма суьйлин къийго и даьхьна дитина со, — жоп делла цхьогало. «Доттаг1ий ларам беш хилар дика ду, цхьогал. Х1инца т1ехила, х1ума яа тхоьца. Кхин цхьа доттаг1 а ву вайн ижу яхьаш схьакхача везаш»-хазийна чано. Иоллушехь, схьакхаьчна суьйлийн къиг. Доттаг1ашка йистхилале, цхьогале бехк баьккхина суьйлийн къийго: «Хьо рицкъанан пусар дан хууш дац, цхьогал. Х1ара йоьхь ахь, муш санна, Д1асакхуьйсуш гича, ийцира ас хьуна хьалхара схъа». Шен х1илла гучудаьллий хиъна, кхин ала дош а ца карийна, юха а дилхина цхьогал. Цо аьлла: «Кхул таьхьа рицкъанан сий-пусар дийр дара аса, х1инца суна гечдахьара аша. Со тешаме доттаг1 хир дара шуна. Даг чу куралла иккхинера суна. Х1инца хии суна, куралла х1ун ю… » «Дика ду, цхьогал, оха хьуна гечдо, — аьлла чано. -Бакъду, аьшпаш биттаррий, ямартлой ца еза тхуна. И тайпа х1уманаш дита дезар ду хьан тахана дуьйна» И дерриге а кхочушдан дош делла цхьогало. (1. Медигов. 232 дош) Терггара план: 1. Мацделла цхьогал. 2. Кураллин т1аьхье. 3. Хьуьнхара хьеший. 4. Цхьогал дохкодалар. 5. Чано аьлларг. |
Карладаккхар | Талламан болх | «Хьоме юрт» Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхо ламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз. Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо. Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а. Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура. Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош Юсупов «Къоман тептар») |
Карладаккхар | Шеран талламан болх | «Мохк бегийча. » …-Маржа дуьне я1! -доккха са а доккхий, кет1ахула бай-йн ког а боккхуш, волало иза. Т1аккха ц1ийна т1ехьа, беша, волу. 1ежийн, кхорийн, хьайбанийн дитташ лай к1елахь лаьтта… Стаг вехха лела бешахула волалой, х1ора диттана юххехь сеца а соьцуш, къамел а деш. Т1аккха бешара ураме волу иза. Малхбузехь лекха арц, Органа чу буссучохь, к1айчу лай т1ехь 1аьржа къеста ах хаьрцина б1ов. Б1ов т1улгех лаьтта. Кегийчу а, даккхийчу а т1улгех. Уьш, ша-ша даьхча, т1улгаш ду, цхьаьна-б1ов. Стеган сий а ду-кха б1ов. Иза а лаьтта цуьнан даккхийчу а, кегийчу а г1уллакхех. Цо денна а дечу дикачу г1уллакхаша ирх бохуьйту цуьнан бохь. Б1аьвнех терра, лекха деш хилла-кх наха куйнаш а хьалха. Ткъа б1аьвнаш-лаьмнех таръеш. (115 дош. М. Ахмадов. «Мохк бегийча. ») Грамматически т1едиллар. —Билгалдаха къамелан дакъош |
8 класс Нохчийн мотт |
||
Орфогра-фи | Таламан диктант | «Ирсе к1охцал» Цхьана хьуьнхахь ехаш-1аш яра зу. Цуьнан к1охцалех цхьаъ ирсе хилла, дикачу адамашна беркат дохьуш. Иза луларчу юьртарчу нахана хезна. Амма цхьаннеа хууш ца хилла, ирсе к1охцал муьлханиг ду. Т1аккха уггаре а сутарчу стага аьлла: «Вай и зу схьалоцур ю. Цуьнан к1охцалш дерриш а схьа а даьхна, х1оранна цхьацца д1алур ду. Иштта а хуур ду ирсениг муьлха ду». Цул т1аьхьа нах зу лаха бахна, цхьаъ воцург. «Садолу х1ума ен а йина, даьккхина ирс суна ца оьшу», — аьлла, ц1ахь 1ийна иза. Цхьана дийнахь дечке вахана и миска стаг. Наха лоьху зу т1ееана цунна. Адамийн маттахь йист хилла иза: – Хьайн догц1ена ойланаш а, хьанал дахар а девза суна. Сайн ирсе к1охцал ас хьуна д1ало. Зуламечу нахана со карор яц, — аьлла, к1охцал д1а а делла, д1аяхана зу. Мел лехарх нахана зу ца карийна. Ткъа воккхачу стеган керта ирс а, беркат а деана. (128 дош) |
Предложе-нехь дешнийн уьйр. | Изложе-ни | «Дайн 1адат» Мацах цхьана юьртахь ловзар хилла. Луларчу ярташкара кегийрхой, баккхий нах а баьхкина, ч1ог1а тамехь д1ах1оьттинчу цу ловзаргахь, шина жимхина юкъахь хиллачу дар-дацарехь, цу шиннах цхьаъ, шаьлта а кхетта, велла. Велларг ша цхьалха вехеш-1аш волчу воккхачу стеган к1ант хилла. Т1аьхьадаьлла орца а долуш, ведда вог1у х1ара куьгбехкениг веллачу к1ентан уьйт1а нисвелла. Къоьжа маж а йолуш, хено дакъийна куьйгаш 1асанна т1е а дехкина, шена хьалха лаьттачу воккхачу стаге дехна шен къона са дадийна веанчо: – Воккха стаг, ларамза, ца хууш, сан карах стаг вели-кх оцу ловзаргахь… Хьайн таро елахь, къайлаваккхахьара ахь со, орца ду-кх суна т1екхуьуш, – аьлла. – Схьавола сан х1усаме, ас лардийр ду хьан дег1 а. са а, – аьлла, жоп делла цуьнан дехарна воккхачу стага. Йоккха г1овг1а а эккхийтина, воккхачу стеган ков-керта кхаьчна куьгбехкечунна т1аьхьадаьлла орца. – Воккха стаг, – аьлла, д1адолийна шени къамел царах цхьаммо, – дош дашера а даьлла, иза девне а дирзина, шаьлта тоьхна хьан цхьаъ бен воцу к1ант вий-кх хьенехеран ловзаргахь. Куьгбехкениг хьан керта эккхаш гира тхуна. Бехк ма биллахьара ахь, г1ар-г1овг1а яхьаш, тхо хьайн керта лелхарна. Галдевлла хилла тхо, хьан керта иза вог1ийла дац. Дала кечдойла хьан к1антана! Дала собар лойла хьа син-дег1ана! Цара деш долу къамел ша ма-дарра хезаш хилла шен са дадийна веанчунна. Гобина шена лаьтташ долчу адамашка собаре хилар а дехна, шен ц1ийнан не1арехьа вирзина, кхайкхина воккха стаг: – Хьаша, схьагучувала, хьан сина кхерам бац х1окху х1усамехь, х1окху кертахь… Корта охьа а бахийтина араваьллачу к1анте юха а вистхилла воккха стаг: – И цхьа г1ортор, и цхьа т1аьхье яра сан, со велча, сан тезет схьаэца йисина, т1аьххьара суна чуьра са д1адолуш сан б1аьрнег1арш д1акъовла виснарг и цхьаъ вара. Йохий ахь сан г1ала, д1аяьккхи ахь син г1ортор, хадий ахь сан орам… Х1инца маьрша ву хьо, цуьнан ч1ир лохуберш юха хьайна т1екхаччалц! Зиярт чуьра араволуш санна, 1аш волчу воккхачу стагана а, гулделлачу адамашна а шен букъ ца гойтуш, къайлаваьлла кхайкхаза веана хьаша. (300 дош) Д. Сумбулатов. Хьесап (план) Ловзаргахь хилла бохам. Лурвоьлларг веллачу к1ентан да волчу кхочу. Хьаша ларвар – дайн 1адат. Орца т1аьхьа кхочу. Ирча кхаъ Воккхачу стеган къонахалла. |
Предложенин коьрта меженаш | Талламан диктант | «Хи» Хи чуьра ч1ерий дохуш сакъералора Хьажмурдан. Къаьсттина ч1ог1а сакъералора цуьнан дай чу хьоьжуш. Шен воккхах волчу вашас бина жима дуо бара к1ентан хи чу буг1уш лелош. Дуьйрийн мижарг а, ягийна ма1а а, багийна хьаьжк1ан кан а, сискал а тосура Хьажмурда цу чу. Башха хи к1оргачу метте а ца буг1ура цо иза. Шалажа а дацара иштта доккха хи а. Маь1-маь11ехь дог1ура и. Лохачу бердан к1ел, хи к1оргачохь, дуо буг1уш меттиг яра Хьажмурдан. 1уьйранна а, сарахьа чу моссаза хьожу а, чабакх а, ирг1у а, ч1ерий дохура цо. Цхьана буьйсанна стигал къекъаш дог1а а деана, хиш дистира. 1уьйранна самаваьллачу Хьажмурдана хезаш яра дистинчу хино ен г1овг1а… Ши-кхо де даьллачул т1аьхьа, хи дистинчуьра чудоьжча, хьажа ваханчу Хьажмур-дана шен дуо ца карийра… (117 дош. Х-. А. Берсанов. «Вайн махкара акхарой а, олхазарш а. ) Грамматически т1едахкарш. 1. Билгалъяха коьрта меженаш. 2. Предложенешна юккъера схьаязде дешнийн цхьаьнакхетарш, билгалъяха уьйраш: 1-ра вариант-1-ра пред. 2-г1а вариант-5-г1а пред |
Предложенин коьртаза меженаш | Сочинени | ОГЕ-н кепехь сочинени |
Предложе-нин коьртаза меженаш | Таламан диктант | «Ло» Ло дог1у даккхийчу чимашца, массо х1ума а хьулдеш. Малх ма-кхийтти, гуча-м дер ду дерриге а… Вон а, дика а. Жаьмбикна-м гуттар а и иштта дуьйла хаьара. Х1инца санна ца хиънехь а, геннахь, кхетаман к1оргенехь, ехара и ойла. Цо сецавора цхьадолчу некъашна т1е ца волуьйтуш. Хало-о-м дара иза, х1етте а и хало лан а лайна, т1ехъяьлча, декхна хетара денош а, буьйсанаш а… Юкъ-юккъера екхна ю стигал. Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. Куй д1а а баьккхина лаьттачу цуьнан коьрта т1ехь соьцу уьш, юха деша. Цо д1атуьллу куй. Т1аккха хьаннашлахь 1уьллучу жимчу юьрте б1аьрг бетта. Д1атийна юрт. Юкъ-юккъехь бен стогарш а гац. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бошмаш а. Тийна ю кхуьнан х1усам а… (117 дош. М. Ахмадов. «Мохк бегийча. »/ Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе. 1-ра вариант. Мархашна юккъехула 1еначу беттан серлонехь лепа чимаш. 2-г1а вариант. 1аьржа г1аларташ а хилла лаьтта ц1енош а, царна гонахара бош-маш а. |
Цхьалхечу предложенин кепаш | Сочинени | «Нохчийн къоман зуда» |
Предложе-ница граммати-чески уьйр йоцу дешнаш | Талламан диктант | «Цхьалла. » Буьйса. 1аьржа, тийна буьйса. Цхьалла…Г1орасиз, синтем байна цхьалла. Ма цхьаьна йог1у шуьшиъ! Вовшах къаста ца луш, б1ешерийн дохалла ши йиша хилла схьайог1у. Амма яц шуьшиннан вовшашца я марзо а, я безам а. Ца ваьллачу денна д1акхоьхьу дахаран мур бу. Буьйса яьлла д1аяхча а ца юьту цхьалло… Берх1итта шо ду и шиъ х1окху ц1ийнан дукъ гихь схьадог1у. Айманис лерина луьсту шен дахаран х1ора аг1о. Ерриге а беса ю, цхьа а яц воккхаверан лар йитина. Дега1ийжамаш, хьешна сатийсамаш, дегайовхонаш. Ур-атталла, ирсан з1ийдиг тесна меттиг яц. И х1инца а инзаръюьйлу шаьшшиннан дахаран некъ, кхин ца хедаш, х1окху хене схьакхачарх… Берийн дуьхьа лаьлла садетташ. Цара ницкъ а, доьналла а делла и хан яккха. Иштта д1аихна шераш… (111дош. ) Грамматически т1едиллар. —Билгалъяхначу предложенешна синтаксически талламаш бе. |
Х1аъ, х1ан-х1а дешнаш преложенеш | Изложе-ни | «Ламанан хи» Ирча хуьлу ламанан хи дистича. Охьанехьа дукха чехка дог1уш хиларна, шена дуьхьал нисъелларг охьатухий, хьоший, кагйой д1а- йоккху цо. Лекха бердаш лахара огий, чухерцадо, орамашца бух а дохуш, дитташ охьакхоьхьу. Х1аваъ дегош гонаха г1уг1 лаьтта. Хин мокха пен х1инца шерра гуш т1аьхь-т1аьхьа схьат1ешершаш, боккха хуьлуш хилла. Инзаре г1овг1а яьккхина цо. » Кхуьур вац, х1ал-лакъхили тхойшиъ», — аьлла, Лоьмина дагатоссушехь, ма-йогг1у говр хаьхкина шайна орцах вог1у бере гина цунна*. Иза тхан объездчик Са- лахь хилла. Цунна дуьхьалхьаьдда Лоьма, Хьасан а текхош. Салахьа, ша т1екхоччушехь, говр юха а хьовзош, катоьхна шена хьалха хьалаваьккхина Хьасан. Схьат1етасало т1еххьа! — мохь тоьхна цо Лоьмига. Д1алалла! — аьлла, Лоьмас, мохал маса ша д1а а эккхаш. Цкъа вухахьажа кхиъначу Салахьана гина юххе кхоччуш доллу дистина до- г1ухи. Хьалха кхийда саьрмикан моттсанна, ирча хилла хин юьхь. Лаьххьара ницкъ т1ебахийтина, кхин а чехка ведда Лоьма. Бергашца жаг1а юхабетташ йоьдучу говрана юххе а иккхина лалвелла, т1екхаьч- начу хин юьхьо к1ажийн пхенаш а дашош, боьрана сехьа иккхина Лоьма. Т1аккха, ирахь латта г1ор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна иза. Хин г1овг1а х1инца лакхахьара а схьахезаш, гонахара х1аваъ дуьзна. Меллаша корта хьала а айбина, д1ахьаьжначу Лоьмина бер- риге а боьра хиэ д1алаьцна гина. Кхин зен ца хуьлуш, шаьш к1елхьа- радовлар хазахетта, Хьасане хьаьжна, велакъежира. Гайсултанов План х1оттор » Ирча хуьлу ламанан хиш». » Иза тхан хехо Салахь хилла». » Ирахь латта Мор а ца хилла, бай т1е охьавоьжна». |
Ма-дарра а, лач а кьамел | Изложе-ни | «Оьзда мотт» Дайн орамашкара дуьйна схьадог1уш цхьа г1иллакх ду нохчийн – стаг верг а, стаг воцург а шен дашца къастош. Цигара схьадаьлла ду «Хьайн багах схьадалазчу дешан эла ву хьо, багах схьадаьллачу дешан лай ву хьо» боху кица. Нахалахь айхьа мел аьллачу дашах жоьпалла ву бохург ду и. Далла а, нахана гергахь деза, сийлахь ду адамо шен меттан доладар я багах схьа мел долучу дешан оьздангалла ларъяр. Ткъа и мотт харц а, шалхонца а лебар, адамна бала хин болчу кепара бийцар даккхийчу къинойх, зуламечу лазарех ду. Дош хила тарло г1ийлачун, мискачун, дархочун дог-ойла хьостуш к1еда, мерза, аьхна, довха а, я г1ийлачунна хьовха, поп санна волчу къонахчунна а луьра а, къиза а. Меттан хазалла а, меттан говзалла а гучуяккхар магийна ду вайнехан 1едалехь. Далла 1ибадат деш, йо1е безам балхош, адамашна юкъахь лелла дов дерзош, ч1ирхошна юкъахь масла1ат деш, да-нана хьостуш. Оьзда мотт бийца стаг шен бераллехь дуьйна 1ама веза, баккхийчаьрга ла а дуг1уш, цьргара масал оьцуш. Хала делахь а, иза дахарехь ца хилча йиш йоцу уггаре а коьртаниг ду. Оьзда мотт адамийн юкъаметтиган дакъа хилла ца 1а, иза вайх х1ораннан сица, кхетамца хила дог1у жовх1ар ду. Цо г1о до оьзда боцчу нехан лаамна к1ел ца воьдуш, цунах ларвала а, шен дахаран новкъахь ц1ена чекхвала а. (Уциев А. Х. ) |
Граммати-чески талларш | Талламан диктант | «Ненан дарбане куьг» Цхьана ламанан юьртахь дехаш хилла наний, к1анттий. Кху дуьненахь яккха шен оьмар чекхьяьлча, нана д1акхелхина. К1ант ша висна. Т1аккха ц1еххъана иза азвала волавелла, кертахъ дaa-мала шортта доллушехь. Дарбанчашна а, х1ума хуучу нахана а т1екхийлина иза гергарчара. Амма дарба карош ца хилла. Ницкъ а эшна, метта охьавижина к1ант. Кхин дан амал а ца хилла, махкахь а дика вевзаш, ц1е яханчу шайхана т1ебахана цуьнан гергара нах. Шайхе д1адийцина ма — дарра. Шайхо аьлла: – Цунна токх нанас шен куъйга бина кхача а бен ца хилла. Иза толур ву, нагахь санна аша цуьнан ненан куъг кхетта кхача баабахь. Кхин дан дарба дац цунна. Кхача а кечбина, ненан коша тle бахана вуьйш. Каш а аьхкина, шаьш беанчу кхачех ненан дакъаделла куъг хьакхадалийтина цара. И кхача к1антана хьалха биллина цара. Вукхо биъна. Цхьа-ши де далале, то а велла, меттара хьалаг1аьттина к1ант. (133 дош) |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | «Кехат» …Маьрк1ажал т1аьхьа ц1акхечира нана. Цецъелира иза гинчух. Йиттина ирхъоьхкина берийн бедарш, чохь юучух хаза яьлла хьожа, бовхачу маьнги т1ехь ловзу ши к1ант. -Дукха яха хьо! Хьо-м х1инца аса цадийриг а деш, йоккха ма хилла. Хьан да, ц1аваг1ахь, тешар а вац, ахьа иштта г1уллакхаш до аьлча. Амма йоь1ан б1аьра хьаьжча, ненан бос хийцабелира. Йо1 т1орказ чу хьаьжний а, цо цу чуьра кехат дешний а, хиира. Кехат нанас Х1азанах лечкъоран шен бахьана дара. Нанна дика хаьара, Х1азанна шен сил а дукха да везийла. Тидаме эцнера баккхийчийн санна йолу йоь1ан амал, ойла, мотт. Цундела йо1ана, и ирча кхаъ хезча, цхьа х1ума хиларна кхоьруш ца аьллера нанас да валарх лаьцна. Хан яьлча, х1ума ширло, цул т1аьхьа сатоха хала цахир-кх аьлла, дитинера… (115 дош. С. -С. Саидов. «Мажъелла кехатан цуьрг. ») Грамматически т1едиллар. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант -1 предл 2-г1а вариант-7предл |
9 класс Нохчийн мотт |
||
Карладаккхар. | Талламан диктант | «Хьоме юрт» Ж. Махмаев рузманан хьесапаш аг1о77 Самаевлла н1аьнеш кхайкха юьйлаелча, хьалаг1аьттира Алхаст. Уьйт1а ваьлла х1окхо ламаз оьццушехь, эвлаюккъерачу маьждигехь молла а кхайкхира. 1уьйренан тийналлехь ц1ена, мукъамехь декара цуьнан аз. Хьуьна йистера д1ахьаьжча, д1о-о лаха чохь гора Алхастан юрт. Х1окху меттехь, жа басенца дажа д1а а хоьций, охьахуура Алхаст тохара жималлехь. Аренаша юкъаерзийначу шен юьрте а хьоьжуш, хийла ойланаш йора цо. Х1етахьчул дуккха а хийцаелла юрт. Шоръелла, ков-керташ алсамдевлла. Делахь а, Алхастан юрт ю и, хьалха санна, дагна хьоме а, хьалха санна, дагна гергара а. Алхаст х1инца лаьттачуьра д1айолалуш яра буьрса хьун. Х1окху хьаннашца а дара Алхастан гергарло. Ерриге а, ала мегар долуш, жималла кхузахь пепнийн 1индаг1ашкахь а, Гуьмса ч1ожан басенашца кхуьучу кегийрачу хьаннашкахь а д1аяхнера Алхастан. XIopa т1улг, xlopa дитт гергара дара кхузахь. Д1а б1аьрг мел тоьхначохь гуш долчу суьрташа хилларш-лелларш дагатуьйсура. Хьуьна йистера д1а Гумс-хи долчу aгlop варша боьрзучу ворданан новкъа д1аволавелира Алхаст. Цунна къилбехьа б1аьлланган а, пхонан а орамаш юккъера схьадолуш шовда дара. (145 дош) |
Чолхе-цхьанакхеттапредложенеш. | Изложе-ни | «Доттагий» Арахь яьллачу г1овг1анах а, тоьпан татанах а кхераделла берзан к1езий, шешан бена чохь цхьана сонах д1атебба дохкура. Царна топ тоха дегаза хеташ, вехха лаьттира Атби. Уьш кегий долу дела царах къахетара цунна. Уьш ца дойуш йита мегар доцийла а хууш, жа юккъе лилхинчу берзалоша каетташ дуьмеш даьхна уьстаг1ий шена гича, хеттарг дага а лаьцна, к1езийн з1уганна юккъе топ туьйхира Атбис. Делларг, дийна диснарг муьлха ду а хьожуш, пхий а к1еза дийра цо. Барза а далош метта веара и шиъ. Вало, Ваха, х1инца ц1а а г1ой, колхозан правленехь болчаьрга вайшиммо берзалой яйиний хаийта, шена луург хьажа вог1ур. Борз ерна уьстаг1-х1ума а ма йог1у вайшинна. Пайденна йоцчу яьллехь а, ас барзана т1ера ц1ока схъайоккхур ю, — аьлла, ша буха а сецна, Ваха ц1а хьажийра Атбис. Ткъа х1окху Барзина х1ун до вайша? — аьлла хаьттира Вахас. Шех къинхетам байта санна, г1ийла б1аьргаш керчадораж1аьло, шен ц1еяьккхича. Барза соьца ца 1ийча дер дац, чевнаш д1аерззалц, — элира Атбис. Шен т1оьрмиг а эцна, Ваха ц1ехьа волавелча, ц1ога а лестош, ц1ийзаш меттахделира Барза. Барза, хьо 1ад1ен деза кхузахь, цкъачунна, хьуо тодаллалц. Со кест-кеста вог1ур ву хьуна кхуза, — аьлла, коьрта т1е куьг а хьокхуш, Вахас ша хьаьстича, шега бохучух кхетча санна, Вахина т1аьхъа ца г1уртуш, Атбица сецира иза. Ваха ц1а вахара. Гуьйре шелъелча, жа колхозан ферме далийра Атбис. Борз ерна колхозо уьстаг1 а, ц1окарчех пачхьалкхо ахча а делира Атбина. Барза а, чевнаш д1а а йирзина, тоделла. Цхьана дийнахь кегийчу 1ахаршна х1ума ян хьуьнах вахара Атби. Иза дара 1ай. Цхьа а лар юй техьа берзан бена т1ейоьдуш аьлла, хьажа вахара иза. Амма иза, ло т1е а тесна, къайлабахнера. Т1ейог1уш цхьа а лар яцара. Берзан бен д1ашарбелла карийча, дукха хан йоццуш хилла дерг дага лоьцуш ойла еш а лаьттина. ПЛАН Берзан к1езий дайар. Ваха Атбис ц1а хьажор. К1ант ж1аьлега г1ийла хьажар. Барза тодалар. Берзан бен карор |
ОГЭ синони- маш, омонимашантони-маш | Талламан болх | «Ирсе б1аьрхиш» Х1инццалц д1адаханчу шен дахаран дерриге сурт дуьхьал х1оьттира Ахьъядан оцу миноташкахь. Х1ара ког а шершина, 1инах чувог1уш, кхуьнан кара еара цхьа жима колл. Иза карахь йолу куьг кегийра дегадора. Аьрру куьйго схьалаца бег1ийла х1ума лоьхура, амма кхо юьхьанца катоьхна т1улг, карара а баьлла, керчина 1инах чубахара. Охьакхаьчча цо даьккхина тата халла бен ца хезира Ахьъядана… Ког д1атасабала х1ума яцара… Ницкъ г1елбеллера. Дерриге а дег1ах шийла хьацар тоьхнера. Колл карахь йолу аьтту куьг кулла т1ерачу к1охцалгаша шина-кхаа меттехь хадийнера. Куьг а, пхьарс а ц1ийша дуьзнера, амма иза тергалдечохь дацара г1уллакх. К1антана вала ца лаьара, иза ца тешара шен дахаран т1аьххьара миноташ т1ех1иттина бохучух. … Ц1еххьана цхьана х1уманах кхераделла д1аиккхира хьоза. Ткъа оццу минотехь лакхара охьа, ц1ийша дуьзначу к1ентан куьйга т1ехула охьабеара беха, шуьйра, къорза бухка… (123 дош. Саракаев Хь. «Ирсе б1аьрхиш. ») Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант 2-г1а вариант 1-ра предложени 3-ра предложени. (Ц. П. ) 2. Синтаксически таллам бе 4-чу предложенина. (Ч-Ц. П. ) |
Чолхе-карара предло-жеш | Сочинени |
«Къинхетаме хилар» |
ОГЭ латтам (хенан, меттига, бахьанин, 1алашонан, бараман) | Талламан диктант | «Борз. » Ц1еххьана ша лелочух шекваьлла стаг санна, самаяхна ойланаш а, б1аьргаш а, саца а сецна, т1ехьа хьаьжира иза. Г1ан-набарх дуьхьал дог1уш долу сурт санна, гена а воцуш лаьтташ цхьа стаг хетавелира цунна. Баймарзас воьхна б1аьргаш д1ахьаббира, амма цу сохьтехь д1абиллира. Т1епаза вайра и стаг. Юха а шех ца тешаш леррина, охьатаь1на хьаьжира иза. Амма цхьа а вацара гуш. «Хьо кхеравелча, т1ехьа ма хьажалахь», -дагатесира Баймарзина жима волуш нанас шена дина хьехар. Г1отана уллохь болчу г1одамийн такхорах букъ тоьхна, д1ах1оьттира Баймарза … Г1ота уллохь яра х1инца. Ткъа ницкъ хилча, цу чу иккхина, уьстаг1 д1абахьа. Ма кхин х1ума ца оьшура Баймарзина. Цхьабакъду, Симбайн ж1аьлеша х1ара шайх волуьйтур ву бохург бакъ-м дацара. Сталина аьллера бохуш, ша Симбай ма ву, кхин къа ца хеташ, топ тухур волуш. Х1инца х1ун дийр ду ца хууш лаьттра Баймарза… (130 дош) |
Даран суьртан т1етуху предложенеш. | Сочинени | «Мотт- дахаран хазна» |
Даран суьртан т1етуху предложенеш. | Изложе-ни | «Ден дозалла» Ворх1 к1ант ву Даркешан. Ворх1е а – ден дозалла. Цуьнан г1ортораш. Ворх1е а – пепнаш санна, дог1маш долуш, болатах воьттича санна, онда. Х1уманах а б1аьргнег1ар тухур доцуш. Вухавер воцуш. 1уьргара текхарг а йоккхур йолуш, ч1арх-аьллий, шайт1ан ненан багара маха а бохьур болуш, майрий. Г1иллакхах вухур воцушший, яхь д1алур йоцушший. Иштта кхиийна уьш дас. Цо х1инца а олу шен к1енташка: «Хьалха а ма хила, т1аьхьа а ма хила. Шун меттиг юккъехь ю». Цкъа воккхахволчу Аьрзус, 1а а ца велла, хаьттира дега: – И юккъера меттиг х1унда хоьржу ахь тхуна, ва дада? Даркеш оьг1аз ца вахара оцу хаттарна. Тера дара цо и лардинчух. «Хьалха вийла 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а хьалхара хила лууш хуьлу, т1ехьа сеца 1еминарг массо а х1уманна т1ехь а т1аьхьара хила лууш хуьлу. Хьалха валий, т1аьхьа висий стаг гуттар а караво. Муьлххачу а г1уллакхан коьрта йозалла шена т1еоьцуш ерг юкъ ю. И онда елахь, халкъан доь довр дац», – жоп делира Даркеша. Ден хьехар лардира к1енташа. Ц1агарица паччахьан салташна к1ело ян баханчохь а. Коьрталла ца къевсира цхьаьнцца а. Кхечаьрца цхьанийсса лийтира вежарий Хьарг1ий, Олхазаррий, Маккхаллий. Т1аьхьарчунна пхьаьрсах чов а йинера. Салтийн тоьпаш а йохьуш, Ц1агарин тоба ц1а йирзича, гихоша доккха са даьккхира… Цхьана Аружин юьхь т1ехь ца хаалора я хазахетар а, я халахетар а. Иза йоьллера шен кхузткъе итт шара чохь к1ентий кхерамечу новкъа а бохуш, уьш могуш-маьрша бухаберзаре хьежарх. Ворх1 к1ант ву Даркешин доьзалехь. Ворх1 к1ант – ненан ворх1 са. Цхьана деган эшарехь деттало и ворх1 са, цхьанна цатам хилча, берриге а кийра 1овжош, хазахетар хилча, кийрахь меттиг ца тоьуш… Кхо к1ант дена дуьхьал х1оьттира. Хьалха вистхилира кхааннах воккхах волу Хьарг1а. – Дада, тхо духадирзи, зен-зулам ца хуьлуш. – Бакъахьа хир ду, – к1ентийн б1аьра ца хьожуш, бен доцчуха жоп ло Даркеша. – Парг1ат хила. Нана йолчу боьлху к1ентий. – Нана, тхо духадирзи, могуш-маьрша долуш. – Некъан хьовзамах, юьхь1аржонах лардойла шу вайн Дала, – меллаша дека тийналлехь Аружин аз. – Д1адуьло, парг1атдовла. Воккхах волчу вешина Аьрзуна т1ебоьлху вежарий. – Тхо духадирзи, дагалаьцнарг кхочуш а дина. – Нахана хьалха корта охьабахийта меттиг-м ца йитина аш вайна? – хоьтту Аьрзус. – Ца йитина, – жоп ло Хьарг1ас. – Дика хир ду, – там хиларца боху воккхах волчу вашас. – Хьовса шайн г1уллакхе… (343 дош) (Л. Яхъяев «Гихойн Таймасха») Хьесап: 1. Ден дозалла.. 2. Ден хьехамаш. 3. К1енташа ден хьехар лардар. 4. Аружин доьналла. 5. Дена дуьхьал х1оттар. |
Хуттургаш йоцу чолхе предложенех юкъара кхетам. | Талламан болх | «Т1аьхьара гуьйре» Гуьйре д1аяла герга яханера. Мокха пардо т1едижинчу лаьмнашкара охьа шийла мох хьаькхира. Дека хезаш олхазарш а дацара, амма наггахь т1ехъэккхаш полла-м хуьлура. Г1алахь даима а хьоькхуш мох бара, яьлла чан а яра. Декаш хьозий а дара, ткъа урам некъашкахь цкъа цхьанхьа ховшуш, цигара д1ахьовдий, кхечухьа ховшуш, лелаш кхокхий а дара… Курганов дукха лерина Бенога д1ахьаьжира, жимачу стаге ша т1едиллинарг кхочушдалур дуй-техьа талла воллуш санна. Бенос цунна т1ера б1аьрг д1а ца баьккхира –сох теша мегар ду, хьуна, бохуш санна. Пакет схьа а эцна, аг1орхьа а ваьлла, Танигахьа хьаьжира иза. Цецваьлла висира иза: мел тера яра иза х1инца Ульяшевах, дикачу, хьомечу Ульяшевах… Шийла 1уьйре яра. Вокзалана гуо а баьккхина, ураме ваьлла Бено, воьхна волуш хьалхахьа д1а а хьоьжуш, цхьана а маь11ехь сецира. Шелоно лергаш дахьадора, когаш шелбора… (125 дош. С. -Б. Арсанов. «Маца девза доттаг1алла. » Грамматически т1едахкарш. 1. Синтаксически таллам бе: 1-ра вариант 2-г1а вариант 3-г1а вариант Ч-ЦП-на Ч-КП-на Х йоцчу ЧП-на. |
Литературни меттан стилаш. | Изложени | «Доттаг1 вонехь вевза. » …Новкъа д1авоьдуш, Ханпашина генара дуьйна гора некъа юккъехь д1а-схьа лелхаш долу к1анттий, йо11ий. И шиъ дара 1абдурахьманний, Маликий. -1овдал ма лела! Д1аяхийта со! Эхь ца хета хьуна соьца къийсавала! — ц1ог1а хьоькхура Маликас. -Ахь сайна дош даллалц-м йоьхуьйтур яц! Дийца, Малика, реза юй хьо ас бохучунна? –хоьттура 1абдурахьмана, пхьаьрсаш д1аса а тесна, некъа юккъе а х1оьттина… Оцу заманчохь царна т1екхечира говрахь вог1у Ханпаша. -Хьо х1унда йоьлху, Малика? -хаьттира цо, говра т1ера охьа а эккхаш. -Х1окхо д1аяха ца юьту-кх, — жоп делира Маликас -Боьршачу стагана бакъаха дац иштта осала лелча. Д1аяхийта иза шен новкъа, — элира Ханпашас 1абдурахьмане. -Иза хьан г1уллакх дац. Яхийта кхузара хьайн алаша, — т1ечевхира 1абдурахьман. -Х1ун бахара ахьа? Кхин цкъа а алал иза! -оьг1азе цунна т1еволавелира Ханпаша. -Хьуна хезнарг бахар-кх, -ч1ог1а ластийна т1ара туьйхира цо Ханпашина. -1ад1ехьа, 1абдурахьман! Со лолда хьан, ца 1ен велахь, -мохь хьоькхуш, йоьхнера Малика. —Х1унда туьйхи ахь суна, ва 1абдурахьман? Со хьоьх лата г1ерташ ма вацара. Хьайга хаза аьлча кхета мегар дац хьо? -Дера туьйхира, хьоьх х1умма а эхь ца хеташ, айса юха а тухур долу дела, — шолг1а т1ара тоха дагахь, чуг1оьртира иза. Кхин д1а са ца тохаделира Ханпаше. -Дика ду делахь. Хаза аьлча хууш вацахь, д1аэца хьайна! Шен ницкъ ма-ббу буй тоьхна, 1абдурахьман кхоьссина д1авахийтира Ханпашас. Нийсса бертал воьжна 1уьллура иза лаьттахь, бетах жимма ц1ий а оьхуш. (В. Матиев) План: 1. Ханпашас тидам бинарг. 2. 1абдурахьман шен дагахь дерг нуьцкъалла кхочуш деш хилар. 3. Ханпашина иза кхето лаар. 4. 1абдурахьманан сонталла, осалалла. 5. Ханпашин собар. 6. 1абдурахьманан цавашар, «цакхерар». 7. Нийса бекхам. 8. Хетий шуна Ханпаша оьзда а, майра а? |
Синонимика стилистикан бух | Талламан болх. | «Воккхачу стеган до1а» Цхьа-ши г1улч йоккхуш, цецволий д1асахьожуш, т1аккха а масех г1улч йоккхуш, лелара воккха стаг. Пхоьазза т1ек1елдина хиллачу ц1еношна юххе а вахана, 1асанна т1е а таь1на, сецира иза. Бомбанаша аьтта д1аяхийтинера кхузахь б1аьрга мел гуш йолу г1ишло. Т1аккха, лекха нохчийн холхозан куй д1а а баьккхина, киснара схьадаьккхина йовлакх коьртах хьаькхира цо. Арахь йовха яцара. Кхузткъе итт шо сов хан хир йолуш воккха стаг лаьттара дег1е дагар детташ… Ц1еххьана когаш чуьра са д1адаьлча санна, цхьа тамашийна охьалахвелира иза…Со сихха т1еволавелира. Со а гина, воккха стаг, шегара даьлла цхьа г1алат суна ца гайта г1ерташ санна, хьалаайавелира. Маршалла а хаьттина, дог лаза-м ца даьлла хьан, аьлла, хаьттира ас. -Х1ан-х1а!.. Лаза сан дог дисина, моьттуш а ма вац со-м! -Х1окху ц1енош чохь 1аш гергара нах бара хьан? Воккха стаг, цхьа тамашийна соьга схьа а хьаьжна, д1авирзира…Шен б1аьрхиш суна ца гайта г1ертара иза. Дуккха лаьттира тхойшиъ, вист а ца хуьлуш… -Сан к1ентан х1усамаш яра кху чохь…Х1инца к1ант а вац, цунах йисина х1усамаш а яц… Т1аккха, куй д1а а тиллина, дег1 нисдеш д1а а х1оьттина, до1а дан х1оьттира. Ас т1аьхьара «амин» а олуш, дехха дира воккхачу стага до1а. (170 дош). Хь. Тухашев Т1едилларш: 1. Хьалхара предложени юьззина синтаксически къастае. 2. Айдаран, хаттаран предложенешна буха сиз хьакха. |
Карладаккхар | Шеран талламан диктант | «Ирча буьйса» Иза дара гурахь. Базар д1аюьйхира. Шен хьешан, г1алаг1азкхичун, куьг лоцуш, 1одика а йина, итт-цхьайтта шо кхаьчна хир долуш волу шен к1ант юххе а хаийна, говра-ворданахь, ц1а ван новкъавелира Расу. Суьйре т1етаь1нера. Чубуза ц1ийбеллачу маьлхан з1енарша кхелина 1аьржачу мархийн йисташ, д1адийнчу аьчган басахь лепара. Цхьа байн хьекха болабелла мох т1аьхь-т1ьаьхьа ч1аг1луш лаьттара. Дерриг а 1алам меттахделира. Татанца лелхаш, борз санна уг1уш, шакарца ц1ийзаш, буьрса «дур» дара геннара дог1уш. Чехка йог1ура буьрса 1аьржа мархаш. Ц1еххьана, стигалара ластийна охьахаьхкича санна, оьг1азе тулг1ешца а боккхуш, дег1аца д1ахьулвира Расус шен к1ант. Нуьцкъачу дорцан ткъевнаца к1ур хьийзош, садоккхийла яйна, холчохь висира и щиъ. Некъ гуш бацара. Расу некъах тилира. Цхьа а ларб1ар йоцчу, воьду аг1у билгалйоцчу цу некъан хьесап дан ницкъ боцуш корта хьаьвзнера цуьнан. (131 дош) |
Хьаша вар, иза тIеэцар нохчаша массо а хенахь а деза лерина ду. Иза Дала валаво олуш ду. Цхьана хьалха заманчохь-м веънарг, иза ша, я Цо хьажийна цхьа дика стаг лоруш хилла. Масала, дагалаца Къозанахь хилларг. Гуш ду иза, нахехь дерг талла, уьш муха бехаш бу хьажа муьлххачу а сурт-сибатца вуссуш хилар. Цигахула гучудолу кхин цхьа хIума а: велавелла-векхавелла тIеэцар а, шен долчух дакъа дина, паргIат ваккхар а адаман декхар хилар. Духарца беркъа ву аьлла, цхьамма а тхов буха а ца вуьтуш, Къоьзана олучу юьртах чекх а ваьлла, юьртана йистерчу къен Iаш йолчу жерочун кетIа хIоьттина и Дала дика дина воккха стаг. Шен доьзална а дан хIума доцуш Iачу цо, шен еккъа цхьаъ бен йоцу котам а йийна, и хьалха а йиллина, хьошалла шена дина аьлла, и доьзал хIаллакьхинболчуьра кIелхьара баьккхина хьешо.
Цхьана хенахь-м, аьтто болчо, цIенойн цхьаьна тхевна кIелахь а доцуш чу-ара вала цуьнан аьтто хилийта, хьешана шена олий цIа дугIуш хилла. Оти олуш хилла цунах цу чохь текх-цаца ца лелоре терра.
Буьйса юккъе яххалц чиркх дIабайа йиш а ца хилла нохчочун, хьанна хаьа, дай меттах ца хьебер ша аьлла, вогIуш волу хьаша юха волий а. Хьешанна тIе цхьа а декхаран дукъ дожа а ца дужу моттар а дац вайна тахана моьттуш делахь а бакъ. Нагахь цхьа деза, доккха наша дохьуш веъна вацахь, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа хIусамден доьзал меттах хьебан йиш ца хилла цуьнан. Хьешан цIа чу а вахана, даима цу чохь латтош йолу хIума а кхаьллина, буьйсанна паргIат волуш хилла иза. ХIусамехь Iуьйранна ламазана хьалха хьалагIаьттинарг, уггаре а хьалха хьешан цIа чу хьожуш хилла. Сакъера Iалашо йолуш, хан яьллачу хенахь веъначу хьешана шена леринчу цIийнан баьрччехь кхозуш пондар-вота ца гича, хIусамна тIе цхьа вон деъна хилар хууш хилла. Цу хьолехь хьаша (ша мила хиларе хьаьжжина) юха валарх бехкен лоруш ца хилла.
Вай лакхахь вуьйцург, дуьххьара вогIуш волу хьаша ву, амма иза кху кхерчахь цкъа мукъане а рицкъанах кхеттехь, кхечу хIусаме восса йиш ца хилла цуьнан. Нагахь иза кхечухьа сацахь, хьешан хьалха хиллачу хIусаман дена иза къинтIера воккхуш газа йигийта езаш хилла. ШолгIаниг (кIорггера маьIна долуш гIуллакх ду иза а). Бакъду, юьртарчу шен хьешан декхарна кIелхьара волуьйту тIевеънарг, нагахь санна иза цу юьрта цхьа вон кост дохьуш кхаьчнехь (масала, велларг валош). Цуьнан декхар, кхаа дийнахь-буса Iийна а, тезета оьхуш долу адам лахдаллалц а цигахь дакъалоцуш саца декхарийлахь ву иза.
Хьешо, кевне кхаьчча, хIусамден цIе а йоккхий, «чохь вуй хьо?» — олий, мохь туху. Араваьллачу хIусамдас, салам-маршалла хоттий: «охьавосса, чу вола», — олий, дехар до. Шоззий а аьлча шега доьхург цо кхочуш ца дича хIусамдас: «Хьо-м хьайн рицкъана тIевеънера, хала дера дара, иза а эцна, хьоьга дIакхачо гIерташ, сан хьо леха дезнехь; охьа восса, хьайн рицкъанах ца кхеташ дIаваха пурба дац хьуна». Цул тIаьхьа и хьаша чу ца вагIахь, дIасакъаста йиш ю цаьршиннан. Хьаша-м хьовха, гергара, эвхьаза вара бохуш, ша вуй ца хоуьйтуш чу гIертар, оьзда доцчех лерана ду нохчашлахь: ша а, хIусамда а юьхьIаьржа ца хIоттон леладо иза.
ХIусамдас хьаша хьалха волуьйту чоьхьа. Оьрсаша санна «позвольте, не позволить» бохуш, неI сагIехь поппар ца хьоьшу цу шимма. Чу богIурш пхеаннал сов белахь, чохь кегийрахой а бацахь, хIусамда ша хьалха волу чоьхьа: когара мача, тIера барзакъ дIаоьцуш гIодан. Хьеший чоьхьа бевлла дIанисбелла бевлча, нагахь доьзал цIахь болуш хьал нисделлехь, шена тIаьхьа уьш а болуш, хIусамнана маршалла хатта чуйогIу. Иза араяьллачул тIаьхьа, чохь кхиъна яьлла йоI елахь, юьхь-куьг дилийта тас-гIуммагI оьций чу йогIу иза гата, саба карахь долуш, цунна уллехь бер а хуьлу (шаьш-шаьш чу оьхуш хьешийн са ца дуу цара).
Рицкъанах тоам хиллачул тIаьхьа, хIусамда тохало церан самукъадаьндерг кхочушдан, нагахь санна кегийра нах нислахь, лулара-кулара мехкарий кхойкхий. Малар-даарца церан самукъадолуш белахь, иза до; дешна нах нисбелча, церан къамел догIун долу юьртара Iелимнах кхойкху. Де-буьйса даьллачул тIаьхьа хьешаша шаьш арадаьккхина гIуллакх хьахийча, иза кхочушдан араволу хIусамда.
(с) Саид-Магомед Хасиев для Нохчалла.com
Просмотров
21 662
-
Главная
-
Музыка
-
Изложение Г1Алара Хьаша На Чеченском Языке
Г1алара Девушка МА ЭШАР БУ И.mp3
03:12
4.21 MB
76.5K
Г1алара девушка почему кура ю Песня На Гитаре.mp3
02:01
2.65 MB
9.4K
Юрта Еъна Хьаша Ю Хусейн Израпов ХАЗ ЭШАР.mp3
03:22
4.43 MB
59.2K
Тешнабехк хилла Маккина.mp3
03:34
4.69 MB
206.4K
Х1ар Шай волчар сацвахьар нахиг ца Сац войтш.mp3
27
606.45 KB
419.8K
СОЧИНЕНИЯ ЧЕЧЕНСКОГО ШКОЛЬНИКА.mp3
01:37
2.13 MB
50.6K
Бесплатно скачать Изложение Г1Алара Хьаша На Чеченском Языке в mp3. Мы нашли 6 песен для скачивания, рекомендуем загрузить первый файл Г1алара Девушка МА ЭШАР БУ И.mp3 размером 4.21 MB
чеченские изложении для 6 клас
Специальный проект Министерства образования и науки Чеченской Республики www.UROK95.ru призван помочь сотням тысяч чеченцев по всему миру. 17 жов. 2016. Середній клас усе активніше емігрує з країни. Офіційні. . 5. Оптимізм стримування Семен Новопрудський 3187. 6. Машина часу.. 6, 7, 8, 9, 10 и 11классы.. что в изложении присутствует нюанс эмоций и экспрессивности,. Все произведения школьной программы в кратком изложении. 6 класс. (2007, 416с.) Все произведения школьной программы в кратком изложении. ТЕКСТЫ ДЛЯ КОНТРОЛЬНОГО УСТНОГО ИЗЛОЖЕНИЯ — Приложение — РУССКИЙ ЯЗЫК ПЛАНЫ-КОНСПЕКТЫ 6 КЛАСС — конспекти уроків — Плани та. условиях жизни. Логика изложения материала требует затронуть. лопедическая литература [6].. . скую, дагестанскую, молдавскую, таджикскую, чеченскую и др.. . миграционных потоков предполагает их систематизацию, клас-. алгебра 10 клас. чеченские. Основные понятия культурологии в систематическом изложении:
украшение зала к новому году в детском саду
твир про ученых натуралистов
циклограмма работы старшего воспитателя в доу по фгос
философ соловьев человек может быть определен как животное стыдящееся
характеристика на заведующую хозяйством
ты саске история любви часть 2
феофания рисующая смерть 1991 скачать торрент
фото юные девочки на нудистком пляже
трутнева е стихи о весне и о лете
удлиненный жилет выкройка 46
Комментарии
Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.
1алашо: Дешархойн хаарш таллар, къамел кхиор. Предложенеш нийса х1итто 1амор. Дешархошна «1а» ц1е йолу сурт довзийтар. Суьрте хьожуш сочинени язъян 1амор.1аламе безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
- Урокана кечам бар.
Мотиваци
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Тахана вай Шишкина диллина «1а» ц1е йолчу суьрте а хьовсуш сочинени язйийр ю. Х1инца ас шуна йовзуьйтур ю урокан план .
- Урокан план :
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Рефлекси
- Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Шена доладинчу казакан фамили а, ден ц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
- Дешнех кхетам балар.
Пейзаж— 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист— 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет— адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр— чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш
Ель – база
Сосна – зез, бага.
Кедр-кедр
Пихта-пихта
- Суьрта т1ехь болх.
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Диттех.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.
Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?
— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.
Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?
Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.
- План х1оттор:
- Исбаьхьа де.
- Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
- Бос лепа ховха ло.
- 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
- Г1оьнна дешнаш
Бамба санна ховха ло
Т1емаш даржийна кхозу генаш
Буьрса хьун
Екхна стигал.
Инзаре-хаза хьун
Дашо малх
- Жам1 дар.
Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.
-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?
-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.
-Царах муьлха роль хазахийти шуна?
-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?
- Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.