Сочинение воккха дада ахмадов 1умар ахмадович 6 класс

Обновлено: 11.03.2023

ВОККХА ДАДА Стаг дукхох шен дагалецамашкахь веха. Хьуна безнарш, хьо везнарш, хьан марзонаш, хIинцца хьан бIаьрахьалха хьийзинарг, хьан юьхь тIера бос хено дIахьо. Ахь дукхахьолахь тидам ца бо хIумана. «Нисса цхьана эха сохьтана эхаерзо йиш елара и хан. » Ас иштта ойла дуьххьара йинарг со ву аьлча, дукхачу нехан сох дог кхаьрдар дара. Цундела, хIума дицдича бен леш дац ала бакъо ю сан. Дикка хан ю Воккха Дада дуьненах дIакъаьстина. Амма Воккха Дада сох дIа ца къаьста, хан мел йолу а со цунах дикох кхета дела, суна иза дикох вевза дела. Воккха Дада со велла дIаваллалц соьца ваха везаш ву. «Къу таьIча охьатаIа хьо, къу айвелча айло хьо, къу хир ву хьо» олуш Iедал дара цуьнан кест-кеста, хьуна цкъа а диц ца далийта санна. Дош меттара, дош хьекъале долуш, хьуна цкъа а кIордор воцуш, эрна дош эр доцуш, шен маттаца дерг дегIаца а долуш, хьуна цкъа а вицлур воцуш, хIумнаш хаза долуш стаг вара Воккха Дада. Цуьнан амал а, цуьнан куьг хьадар а, ког ловзар а, цуьнан лелар а дара доккха хьехар. Сан модех юьзна бедарш а, даим сан харцахь йоьхна хуьлуш хилла йолу ши мача а, ас хихкина ког-салазаш эцна дIаяхана хан Воккха Дадин туьйранашкахь йисна. «Ламанан басе дIа а лаьцна, цхьа буьрса бахбелла бижина Iуьллуш хилла кхо корта болу саьрмак. «- олий, доладора Воккха Дадас даим шен туьйра. Юха цхьана турпалхочо тур детташ и саьрмак бен а боьй, цо нахана дихкина некъаш достура. И саьрмак ша бийча санна дуьйцура Дадас. Юха и бийча ас доккха са доккхуш хаалой, «нахана лерина зулам шега кхочу стаге. Хьекъал доцу корта дегIан мостагIа бу.»- олура. Юха дерзадора, вела а лой «ладоьгIначунна — моз Iайг, цадоьгIначунна туьханан Iайг «, — олий. Воккха Дадин хIора туьйра а хуьлура дикано вуон эшош, къинхетамо къизалла эшош. Туьйра дIа а доладалале хаьара хьуна цуьнан дерзар муха хир ду. Турпалхо догдика, эсала стаг хила везаш вара, зулмана бен зулам ца деш. махкана хьалхара махина шен сих-дегIах сагIа дина а, гIийлачуьнан дог эшош, нах бацош, нах балехь бахкош, эла тIехIоьттича элана гIатта а ца веша кура эла, къиза эла шен олаллах а вохийна, паргIато яккха араваьлла. Дала чу са кхоьллина долчу цхьана а маьршачу дегIана зулмана куьг айъа хьо ца вахьийта, хьуна и турпалхой дагахь бисийта, цаьргара ма дер дацара хIара хIума бохуш цаьрга а дуьллуш, царех эхь хеташ, хьайн дегI ца къарлахь хьоьга мила къарлур ву бохуш айхьа хьайх бехкаш дохуш, хьо осалчух ларвалийта, беран хенахь дуьйна хьоьца синцIеналла, дегадикалла, доьналла, къинхетам кхиош хиллера Воккха Дада. ТIаьхьа-тIаьхьа кхета хьо цунах. P.S. Ницкъ болчо ницкъ эшначунна гIело еш яйча сайн хуьлуш йолу дог-ойла сайн ваша вийначу мостагIчуьнан а хуьлуьйтур яцара ас. Суо кху дуьненчу сайн дегI эшо веана вуйла хиинчу дийнахь дуьйна кхетта со беро мача нийса йоьхча дуьне духур ду хIунда олуш хилла. Дуьненан кийрахь адамо дуьххьара дийна адам — вашас вийна ваша вуйла хиинчу дийнахь дуьйна кху дуьненах а кхоьру со. Воккха Дада баккъалла а Делах кхоьруш, дуьненан гIиллакхаш дика девзаш къонах хиллера. Воккха Дадин туьйранаш — туьйранаш а ца хиллера. /Хабаев Исмаил/

Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайбахехь дагийначу адамийн сина, Сибрехахь г1орийначу адамийн къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Хьайх хьоьгуш кхелхинчу цу къанойн сина, Даймахкахь каш доцчу нохчичун къина. Белхалахь, тхан Даймохк, мохь тоххий белхалахь, Хьан б1аьрхих тахна цхьа кхаьрдар вац хьуна, Мацалла эгначу берийн ва сина, Уьш мара къийлинчу нанойн ва къина. Бе

  • Для учеников 1-11 классов и дошкольников
  • Бесплатные сертификаты учителям и участникам

Описание презентации по отдельным слайдам:

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла Хьомсара дешархой. Дехийла,ирс хуьлда.

Де беркате дог1ийла! Шуьга ду маршалла Хьомсара дешархой. Дехийла,ирс хуьлда, Ховшалаш шу охьа Могуш-маьрша шу гар- Дийнан беркат ду. 1илмане шу кхийдар- Мах боцу совг1ат.

тест 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара.

тест 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара г1араваьлла … а)пулеметчик б)б1аьхо в)иччархо 3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максим б)Митя в)Толя 4.Сайханан хьуламе меттиг яра …. а)кхура т1ехь б)акхтарг т1ехь в) попа т1ехь 5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре? а)Дон б)Терек в)Днепр 1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан? а)Граждански б) Сийлахьа Даймехкан т1ом 2.Митин лазийнарг …. а) ког бара б) куьг дара в) белш яра 3.Сайханаца палати чохь вара … а)Андрей б)Рашид в)Анатолий 4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг… а)цициг б)пхьагал в)бер 5)Муха к1ант ву Сайхан? а) к1илло б)майра в) ямарт

кеп 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара.

кеп 1.Сайхан 1уьллуш вара… а) ц1ахь б)госпиталехь в)окопи чохь 2.Сайхан вара г1араваьлла … а)пулеметчик б)б1аьхо в)иччархо 3.Иччархочо к1елхьараваьккхинарг … а)Максим б)Митя в)Толя 4.Сайханан хьуламе меттиг яра …. а)кхура т1ехь б)акхтарг т1ехь в) попа т1ехь 5.Муьлхачу хи йистехь яра т1еман аре? а)Терк б)Днепр в)Дон 1.Муьлхачу т1амехь дакъа лоцуш вара Сайхан? а)Граждански б) Сийлахьа Даймехкан т1ом 2.Митин лазийнарг …. а) ког бара б) куьг дара в) белш яра 3.Сайханаца палати чохь вара … а)Андрей б)Рашид в)Анатолий 4.Коьллаш юккъехь Сайханна хааелларг… а)цициг б)пхьагал в)бер 5)Муха к1ант ву Сайхан? а) к1илло б)майра в) ямарт

Т1еман аре

Йийсаре лаьцна салтий

Йийсаре лаьцна салтий

Доттаг1а

Баьпкан юьхк

Б1аьхо

обоз

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-.

Синонимаш Антонимаш доттаг1а-накъост, хама-пусар,ларам, бепиг-кхаллар, майра-кхерамбоцуш, оьзда -г1иллакхе, топ-мажар. т1ом-машар, йоккха-жима, майра-к1илло, ц1ена дог-дог1аьржа.

Тобанашкахь болх 1 тоба- « Шек а ма вала хьо,1ожалла-м вайшиммо эшор ю хьуна.

Алсам дешнаш кхолла Доттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олл.

Алсам дешнаш кхолла Доттаг1алла -(да,г1а,г1ала,ло,г1атта,дог1а,латта,лата,олла,аг1о, атта,ата,до,талла) Комаьрша -(ка,маьрша,маршо,шар,шок,орам,кор,ша,мор)

Литературни паспорт Ц1е___________________________________________ Кхоьллинар.

Литературни паспорт Ц1е___________________________________________ Кхоьллинарг____________________________________ Турпалхо _____________________________________ Веха меттиг_________________________________________ Куц-кеп_________________________________________ ______________________ _______________________________________________ _______________________ _______________________________________________ Амалш(дика а,вон а)_________________________ _______________________________________________ _ _________________________________________________

Рефлекси Суна хии… Суна девзи… Суна халахийти… Ас дозалла до…

Рефлекси Суна хии… Суна девзи… Суна халахийти… Ас дозалла до…

Ц1ера болх: аг1о 127-128,еша, сурт дилла шайна дагах кхеттачу дийцаран кийсак.

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1.

Кицанаш. Вежарийн безам т1улгал ч1ог1а бу. Доттаг1а д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву. Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо . Генара хиларх ,тешаме доттаг1 ,б1ов санна ч1ог1а ву. Дикачу доттаг1чуьнца дуьненан йисте а кхача хала дац. Эзар доттаг1а верг ваьлла ,эзир сту-етт берг велла.

Конспект урока по чеченской литературе 6 класс

Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
До 500 000 руб. ежемесячно и 10 документов.

Конспект урока по чеченской литературе для шестого класса Халид Ошаевн дахар а кхолларалла а, дийцар «Чайра». Урок был предоставлен на конкурс «Учитель года -2018». Урок разработан с учетом ФГОС, содержит всю структуру современного урока. Тип урока: Урок открытия новых знаний, обретения новых умений и навыков

Читайте также:

      

  • Петровы в гриппе краткое содержание
  •   

  • Особенности ярославской иконописной школы
  •   

  • Закрытая школа 6 сезон описание серий
  •   

  • Конфликт в тульской школе
  •   

  • Портфолио школа территория здоровья

Ахмадов Iумар Ахмадович вина 1927-чу шарахь Хьалха-МартантIехь ахархочун доьзалехь. Деша вахара Хьалха-МартантIерчу юккъерчу школе. Школехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхаезаш, школин программица Iамо еза книгаш ешна ца Iаш, кхиерш а йоьшура цо. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо дешна Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь. 1952-1956-чу шерашкахь болх бина школехь берашна хьоьхун. Цул тIаьхьа белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: «Ленинан некъ» газетехь, телевиденехь, радиокомиттетехь… Ахмадов Iумар яздан волавелла 60-чу шерашкахь. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехт араелира цуьнан «Даггара доттагIий» цIе йолу дуьххьарлера книга. ХIетахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье цхьаъ вукхунна тIаьххье араюьйлу Ахмадовн «Къонахалла», «Тайна Малика», «Забаре дийцарш» цIерш йолу дийцарийн гуларш. Яздархочунна дика девза берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш. Цундела ю уьш самукъане, еша дог догIуш. Дийцарш а, очеркаш а язйина ца Iаш, пьесаш а язйина Iумара. Цуьнан дахаран некъ хедира 2003-чу шарахь.

Нохчийн литература 6-г1а класс

Раг1 №

Урокан чулацам

сахьт

Ц1ахь болх

Календарни хан

Д1.йолу хан

1

Халкъанбартакхолларалла.

1

Аг1о 3-5

2-3

«Эвтархойн Ахьмадан илли.»

2

Аг1о5-8

4-5

«Таймин Бийболатан илли»

2

Аг1о9-11/ 11-16

6

Барта жима сочинени«Муха хета суна илли т1ехь Таймин Бийболат. »

1

7

«Наьрт-эрстхойнпаччахьНаураз.»

1

Аг1о 20-21

8

«Ницкъ болу Солса.»

1

Аг1о21-24

9

«Гермчигаранаьрташ.»

1

Аг1о 24-25

10

«Наьрт-эрстхойкхерор.»

1

Аг1о 27-29

11

Дешархошашайнабаккхийчаргарахезна долу дийцаршдалор.

1

12-13

Гайсултанов 1.«Нийса кхел»Дийцар.

2

Аг1о33-34

Аг1о35-43

14

«Барзоамалшцахуьйцу.»Басня.

1

Аг1о44

15

Изложени:

1

16

Сатуев Хь«Лоьммий,цхьогаллий»Басня

1

Аг1о45-48

17-18

Сайдуллаев Хь«Ненан б1аьрхиш»Поэма.

2

Аг1о50-58

Аг1о59-67

19-20

Мамакаев 1.«Дагалецамаш» Поэма.

2

Аг1о68-70

Аг1о70-73

21

Классаларахьарадешар.

1

22-23

АйдамировА.«Винамохк»Стихотворени.

2

Аг1о76-77

Аг1о77-78

24-25

Нунаев С-Хь.«Хьайбаха»(Йилбазаноьмар-романандакъа)

2

Аг1о82-90

26

Изложени:

1

27

Ахматова Р.«Ма хала ду цунах кхета»Стихотворени.

1

Аг1о 92-94

28-30

СаракаевХь.«Ирсе б1аьрхиш».Дийцар.

3

Аг1о95-103

31-32

Курумова С.«Дохк»(повестандакъа)

2

Аг1о 105-109

33

Классаларахьарадешар.

1

34

Сулаев М.«К1анте»Стихотворени.

1

Аг1о110-112

35-36

Саидов Б.«Йиша т1емало»Поэма.

2

Аг1о113-117

Аг1о118-121

37-39

Ошаев Х.«Чайра»Дийцар.

3

Аг1о124-130

Аг1о130-136

40

Муталибов З.«Х1аллакъхиллачу динах лаьцнаилли»

1

Аг1о140-143

41

Рашидов Ш.«Даймохк»Стихотворени.

1

Аг1о144-145

1амо

42

Классал арахьара дешар.

1

43

Изложени.

1

44

Арсанукаев Ш.«Мохкбегор»Стихотворени.

1

Аг1о147-149

45

Кибиев М.«Меттансий»стихотворени.

1

Аг1о150-153

46

Дешархошашаьшешнапроизведенешйийцаре яр

1

47

Суьртахлаьцнасочинениязъяр.

1

48-49

Амаев В-Хь.«Генарчуденойнтуьйра.»

2

Аг1о154-160

50

Классаларахьарадешар.

1

51

Гадаев М-С.«Дарта».Стихотворени.

1

Аг1о162-165

52

Изложени:

1

53

Дикаев М.«КъинхетамеНохчийчоь.»Стихотворени.

1

Аг1о167-169

54-55

Бексултанов М.«Некълацар»Дийцар.

2

Ааг1о170-178

56

Дийцаран метан башхаллашкъастор.

1

57

Сочинени.

1

58

Окуев Ш.«Б1аьсте»Дийцар

1

Аг1о182-184

59-60

Осмаев Г.«Гилаборза»Дийцар.

2

Аг1о187-195

61-62

Ахмадов 1.«Воккха дада»Дийцар.

2

Аг1о196-206

63

Изложени.

1

64-66

Ахмадов М.«Телефон»Дийцар

3

Аг1о207-214

67

Яралиев Ю.«Кад»Стихотворени.

1

68

Жам1 дар.

1

4 класс Нохчийн лит-ра

Урокан ц1е: 1.Ахмадов «Баьпкан юьхк».

1алашо: 1.Ахмадовн «Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар довзийтар. Нийса а, кхеташ а, шера а дийцаран тексташ еша 1амор. Къизачу т1ам т1ехь адамаш лайна бала бовзийтар, къаьмнашна юкъахь хилла барт, дотаг1алла берашка д1акхачор. Къамелан говзалла, ойлаяр, тидамбар кхиор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1.Предметни: дешархошна хуур ду билгалдинчу дийцаран 1аламонаш хьехархочун г1оьнца билгалъяха. 1емар ду хезаш, ч1ог1а, къастош еша. Дешархойн алсамдер ду ешаран сихалла. Юха ешарца шаьш даьхна г1алаташ нисдан хуур ду.

2.Метапредметни:

Регулятивни: дешархошна хуур ду билгалдинчу дийцаран 1алашшанаш хьехархочун г1оьнца билгалъяха. 1емар ду и 1алашонаш кхоушйийр йолчу кепара шайн болх д1ах1отто.

Коммуникативни: дешархошна хуур ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала. 1емар ду шайн хетачух вовшашца дагабовла. Коьртачу турпалхочу амал, цуьнан майрала, хьуьнарш хасто дешнаш каро.

Познавательни: дешархошна 1емар ду учебникаца болх бан. Оьшу х1ума лаха. Дешархой т1екхуьур бу вайн махко толам баккхаран бахьнашна (вошалла, вовшийн г1о лацар, Даймохк безар). 1емар ду и билгалонаш йолу к1айдаргаш лаха.

3.Личностни: дешархойн амалехь кхуьур бу дика аг1онаш: шайн къомах дозалла дар, къечу къаьмнашка лерам.

Урок д1аяхьар

1.Маршалла хаттар.

2.Ц1ера болх таллар.

3.Мотт шарбар.

Уьн т1е д1аяздо.

Оьзна оьснаш эцна оьрси ор чу воьсси.

-Д1адеша чехкаалар.Дагахь 1амаде.Къовса,нийса ала.

4.1алашо йовзийтар.

-Вайна тахана девзар ду 1.Ахмадовс яздина «Баьпкан юьхк» ц1е йолу дийцар. Шуна девзар ду цу халчу заман чохь къаьманаша вовшийн лаьцна дакъа,вовшашна дина вошалла.

-Вай х1инца т1емах лаьцна ролике хьовсур ду.

5.Керла тема хьехар.

А) Яздархочух лаьцна дийцар

1умар Ахмадов вина 25 октябряхь 1927 шарахь Урус-Мартаняхь. Джамбульский областяхь г.Мерке дашо медальце чекхъяьккхина 1умарс школа. Цул т1аьхьа яздархочо дешна физико-математически факультетахь Алма-Атехь. 1957 шарахь 1умар Ахмадов Грозняхь болх беш хилла республикански редакцияхь. 1.Ахмадовс арахецна дуккха берийн дицарш, сборникаш дийцарш, поэмаш.

Б) Дошам мацалла-голод

Чевнаш-рана

Йийсар-плен

В) Хьехархочо д1адоьшу 1.Ахмадовс яздина «Баьпкан юьхк» ц1е долу дийцар.

6.Сада1аран мотт.

7.Чулацамах лаьцна къамел дар.

А) –Мила ву дийцаран коьрта турпалхо?(Исмаь1ал.)

-Стенгара ца веана ву иза? (Иза т1ам т1ера ц1а вирзина ву.)

-Х1ун де шву и? (И ву берашна т1мах лаьцна дуьйцуш.)

-Х1ун бохура цо долош? (И дара 1942-чц шарахь.Сталинград йолчу аг1ор эскар юхадовлуш дара.)

-Муха йийсаре ваханера Исмаь1ал? (Церан отделенино го бинера. Моссо аг1ор т1еетташ х1аллакйира иза. Исмаь1ал чов йина кхетам чохь воцуш йисаре виггера.)

-Хьанах туьйхира иза кхетаме веъча? (Йийсаре бигначу салтехь туьйхира Исмаь1ал кхетам чу веъча.)

-Хьаьнца доттаг1алла тасаделира Исмаь1алан? (Исмаь1ална вевзира оьрсийн Федор Максимович.Цу шиннан доттаг1алла тасаделлира.)

-Стенга буьгура салти?(Уьш буьгура Сальски аренашкахула д1а.)

-Муха боьлхура уьш? (Царна юкъахь бара лазийна салти.Могушчара г1о дора царна.Юххе тийсина ж1аьлеш даа, галваьллачух катоха кийча.Ца вахалуш волчунна тоьпаш тохара немцоша.)

-Х1ун хилира царна новкъахь? (Немцойн эшалонна вайн кеманаша т1е бомбанаш туьйхира.Немцоша йийсарехь болу нах юучух хадийра.)

-Муха хьал хир ду чквнаш хиллачу нахехь юург ца хилча? (Церан г1ад довр ду.)

-Муха дара адамийн делкъал т1аьхьа хьал? (Адам мацалло г1елдинера.Сих-сих тоьпаш тухе гуттара г1ад дайнарш бойура.)

-Муха Хьал хилла Исмаь1алехь? (Исмаь1алан а дайнера г1ад.)

-Х1ун накъосталла дора Федара? (Федара хабарца накъосталла дора «Сатохалахь»-бохуш.)

-Х1ун дара Исмаь1алан коьртехь? (Сатохалур дац, кхин д1а вахалур вац ша аьлла хетара цунна.)

-Муха к1елхьарваьккхира Федора Михайловича Исмаь1ал? (Шена СА тохалур ду сарралц аьлла, Федара шегара бепиг делира Исмаь1ална. Исмаь1ал валарх к1елхьара велира.)

-Х1ун хийцамаш хилира суьйренца? Суьйранна юург елира цепан бовда ницкъ кхечира.(

-Муха велира Федор Михайлович?(Фашистийн склад эккхийтина х1орш схьабог1уш Федор вийра.)

-Х1ун ду дийцаран кьорта маь1на? Д1адеша Исмаь1ла аьлла дешнаш.(Доттаг1ллин ницкъ, 1ожаллел туьйлира.)

Б) Дешархошка ешийтар

В) Кицанаш: 1.Доттаг1 верг ваьлла, эзар етт берг вайна.

2.Хьекъала долчу коьртехь куралла хир яц.

-Алал,муьлха кица дог1у вайн дийцарна? (Кицано гойту моссо а х1уманал мехалниг доттаг1алла хилар.)

-Федора х1ун еллера Исма1ална?(бепиг)

Г) Кица: Бепиг массо а х1уманан корта бу. (Хлеб всему голова)

-Бепиг, вайн стоьла т1е кхачале мел беха некъ бо цо хаий шуна?

Д) Ролик о хлебе

-Иштта беха некъ бо бепиго вайн стоьла т1е кхачале. Бепиг ца хилча вай меца хир ду. Цундела бепиган хам бан беза. Лаьттахь ченала а кхоьссина 1уьллуш бепкан юьхк гича, аша х1ун дан деза?

8. Стих о войне.

9.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийшира вай? Мила ву цуьнан автор? Стенах лаьцна ду иза?

10.Ц1ахь бен болх балар. Итоги,оценкаш.

1.Дешархоша д1адоьшу 1.Ахмадовн «Баьпкан юьхк» ц1е йолчу дийцар.

Ахмадов Iумар Ахмадович

Ахмадов Iумар Ахмадович вина 1927-чу шарахь Хьалха-МартантIехь ахархочун доьзалехь. Деша вахара Хьалха-МартантIерчу юккъерчу школе. Школехь доьшуш волуш дуьйна исбаьхьаллин литература дукхаезаш, школин программица Iамо еза книгаш ешна ца Iаш, кхиерш а йоьшура цо. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо дешна Алма-Атахь пачхьалкхан университетехь. 1952-1956-чу шерашкахь болх бина школехь берашна хьоьхун. Цул тIаьхьа белхаш бина тайп-тайпанчу меттигашкахь: «Ленинан некъ» газетехь, телевиденехь, радиокомиттетехь… Ахмадов Iумар яздан волавелла 60-чу шерашкахь. 1962-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехт араелира цуьнан «Даггара доттагIий» цIе йолу дуьххьарлера книга. ХIетахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье цхьаъ вукхунна тIаьххье араюьйлу Ахмадовн «Къонахалла», «Тайна Малика», «Забаре дийцарш» цIерш йолу дийцарийн гуларш. Яздархочунна дика девза берийн дахар, церан дог-ойла, сатийсамаш. Цундела ю уьш самукъане, еша дог догIуш. Дийцарш а, очеркаш а язйина ца Iаш, пьесаш а язйина Iумара. Цуьнан дахаран некъ хедира 2003-чу шарахь.

Понравилась статья? Поделить с друзьями:

Новое и интересное на сайте:

  • Сочинение воинская часть
  • Сочинение взгляд в будущее
  • Сочинение выдающиеся женщины
  • Сочинение возможен ли жизненный путь без ошибок очарованный странник
  • Сочинение взаимопонимание по тексту железникова

  • 0 0 голоса
    Рейтинг статьи
    Подписаться
    Уведомить о
    guest

    0 комментариев
    Старые
    Новые Популярные
    Межтекстовые Отзывы
    Посмотреть все комментарии